ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кубанера а, Къилбаседа Кавказера а полицихь таIзарш дарх гIуллакхийн кхаа деккъах шиъ бен толлур дац


Полицин белхахо, гайтаман сурт
Полицин белхахо, гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказан федералан гонийн регионашкахь полицихь Iазапаш хьегийтарх бехкзуламан гIуллакхаш доладо 28% процент дIахьедаршкахь, дисина 72 процент тергамза дуьту талламо. Краснодаран кIоштахь гIуллакх ца досту бала хьегначара чукхачийначу 65% дIахьедаршкахула. Цунах лаьцна йаздо "Iазапашна дуьхьал Командин" "Арифметика пыток" аьллачу керлачу рапортехь.

Полицихь ницкъбарх толлуш доцчу гIуллакхийн терахьашца Кубань а, Кавказ а шолгIачу а, кхоалгIачу а меттигашкахь йу организацин филиалашлахь. Хьалхарчу меттигехь нисйелла Москва (81%), йоьалгIа а, пхоьалгIа а меттигаш дIалецна Оренбурган (55%) а, Нижегородскан (41%) а кIошташа.

Бакъоларйархоша билгалдоккху, гIуллакх кхеле кхачон аьтто кхо шо даьлча бен ца хуьлу бохуш. Оцу йукъанна 41 процент гIуллакхашкахь бехкебинчу ницкъахошна арахь такха хан туху, ткъа къизаллаш лелорна хIоттийначу компенсаци барам 150 эзар сом хуьлу, нагахь санна, ницкъахо колони хьажийнехь а, даим а хуьлуш ма-хиллара, 3,5 шарна.

  • "Iазапашна дуьхьал Командин"стохкалерачу рапортаца а догIуш, организацино белхаш бечу меттигашкахь Къилбаседа Кавказ цхьа регион йара, гIело латтош, ницкъахой шайгарчу бакъонел сов бийларх айдинчу гIуллакхашкахула масех шарахь цкъа а таIзар дина доцчух.
  • 2022-гIа шо довш Дагестанера кхело дуьххьара кхел йира полисхошна, лаьцначунна тIехь гIело латторна: Алиев Шемална а, Сайпулаев Рамазанна а 3,4 шераш туьйхира чохь даккха. Материалашца харцонаш лелийначу Ахмедова Майина арахь такха шо туьйхира. ТIаьхьо и сацам а йухабаьккхира.
  • Марсхьокху-беттан 30-чохь, тоба вовшахтоьхна 23 шо кхочуш, "Iазапашна дуьхьал Команда" арахьарчу агентийн реестре йаьккхира юстицин министралло. Къилбехь а, Кавказехь а филиалаш йолчу организацино кхин дIа а бийр бу шайн болх.
  • Хьалхо "Iазапашна дуьхьал Командин" цIе йара "Iазапашна дуьхьал Комитет" – и организаци 2022-чу шеран мангал-баттахь кхоалгIа арахьара агент лерира, и сацам йухабаккхийта ницкъ ца кхечира бакъоларйархойн. ХIетахь Краснодарера КПП-н филиалехь толлуш дара полицихь ницкъбина 30 гIуллакх Къилбаседа Кавказехь – 22. "Комитет" дIайаьккхира, цуьнан метта керла "Iазапашна дуьхьал Команда" аьлла йукъаралла схьайиллира, цо кхин дIа бехьира шайн болх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG