ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъурIан дагорна бехкевеш волчу Журавелан гIуллакхера кхелахо дIаваккха дуьхьал хилла Нохчийчохь


Журавель Никита
Журавель Никита

КъурIан дагорна бехкевеш волчу волгоградхочун Журавель Никитин адвоката Антонова Юлияс федералан кхелахо Дандаев Руслан оцу гIуллакхера дIаваккхар доьхуш чуделла ходатайство къобал ца дина. Цо озабезамаш лелорах кхерарна дехнера иза боху адвоката. Оцу гIуллакхехула хьалхара кхел хилале Кадыров Рамзана видео арахийцира, 19 шо долу лаьцначуьнга шога къамел деш.

Адвокатна хетарехь, Дандаев – бусулба, нохчо стаг ву, цундела цо озабезам бийр бу боху цо, дуьйцу SOTA телеграм-канало шайн оцу кхелехь волчу корреспондентана тIетевжаш. ТIаккха талламхоша жоп делира, кхелахо муьлха дин лелош ву шайна ца хаьа, цундела адвокатан ходатайство тIе ца лацар дехна цара, дуьйцу Собчак Ксениян телеграм-каналехь.

Зен хиллачийн статусехь волу 13 имам а, тешаш а оцу кхеле ца баьхкина, дуьйцу Собчакан постехь. Соьлжа-ГIалин Висаитовн кIоштан кхелехь дIахьош йу кхеташо, Журавелан бетта тIехь Iаржйелла меттигаш йу гуш, дуьйцу SOTA зорбано. Дин лелочу нехан догойланаш сийсазйар, динца болчу цабезамна тIехула хулиганалла лелорна бохучу артиклашкахула бехкево иза.

Кхелехь Журавело шена гечдар дийхира бусулбачу нахе, КъурIан дагорна шен бехк тIелоцу ша, амма йукъараллехь къепе йохорхьама ца динера ша иза, боху цо. КъурIан дагон ша барт бина нах карийна бац аьлла Журавело, иштта 10 эзар сом лур ду аьлча динера ша иза аьлла тIетоьхна цо – амма ахча цунна ца делла.

Журавеле шога къамел дина Кадыров Рамзана. Хьаькамо шен телеграм-канале видео х1оттийра, "шен хьекъал ца тоарна дагийна дац цо КъурIан, бусулба нах сийсазбан а, Оьрсийчуьра тайп-тайпана дин лелораш эгIийта дина ду" цо иза, аьлла йоза хIоттош. Журавело шен бусулба дин Iамо, ур-атталла иза тIеэца лаам бу аьлча, Кадыровс аьшпаш буьттуш ву иза элира, Украинин кхерамазаллин сервисан агент ву иза бохура. Амма, болчу хаамашца, украинхойн лерринчу сервисашца воьзна вара аьлла бехкаш дехкина дац цунна.

  • Журавель лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "зен хилларш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах.
  • Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира 15 шо долчу республикан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана. Нохчийчуьрчу полицино таллам болийра, амма сацам бира – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант жоьпалле озон йиш йац иза дукха жима хиларна. Ши де даьлча Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхочун чин делира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG