ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъурIан дагорна дуьхьалчу гуламе бюджетникаш арабаьхна Соьлжа-гIалахь


КъурIан дагорна дуьхьал Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг, 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 23-гIа
КъурIан дагорна дуьхьал Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг, 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 23-гIа

Волгоградехь КъурIан дагорна дуьхьал Нохчийчохь митинг хIоттийна. Цигахь схьагулбина студенташ а, бюджетан белхахой а. Цунах хаамбеш, гIалин масех вахархо вистхилира Кавказ. Реалии редакцига. Волгоградерчу маьждигна хьалха бусулбанашна деза долу КъурIан дагош йаьккхина видео социал машанашкахь гучуйелира стигалкъекъа-беттан 19-чу дийнахь.

Соьлжа-гIалара митинг стигалкъекъа-беттан 23-хь хIоьттира, зорбанан ЦIенна уллорчу майданахь. "Делах тешачийн синхаамаш сийсазбар" Оьрсийчохь мехах лелошйерш украинхойн а, малхбузехьара леррина урхаллаш йу, аьлла дIахьедира Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Ша аьллачунна тоьшаллина хIумма а цо ца далийра. Гулбеллачаьргахь Кадыровн суьрташца кечдина аннаш дара. Царна тIехь гуш дара "Дезачу йозанна тIе куьйгаш ма кхехьа", "Сан дин - сан дахар", кхин а, кхин а.

Кавказ. Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Миллионщиковн цIарахчу мехкадаьттан институтан студент йолчо дийцира, Iуьйранна хьалхарчу урокехь шайга "ши сахьт даьлча Зорбанан ЦIенна улло схьадахка деза" аларах. Цхьана министраллин белхахочо редакцехь болучаьрга элира, шен белхан накъосташна ца хаьара, шаьш даха декхарийлахь йолу и митинг стенна хIоттийна йу.

Омра динера Нохчийчохь мел йолчу школашка - "шерачу меттигашкара" а, "ламчохь йолучаьрга" а. Иштта дешаран кхечу хьукматаша а бахкийта безара цига 24, 12, 6 стаг. (цуьнан скриншоташ Кавказ. Реалии сайтехь йу). Кхузахь йуьйцурш республикера шерачу меттигашкара а, ламчуьра а школаш йу - тIаьххьарчаьрга кIезга адам даийта алар и кIошташ Соьлжа-гIалина генахь хиларца доьзна ду, кхетийра тхо хьехархойх цхьамма.

Иштта стигалкъекъа-беттан 23-хь "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна уллохь эзарнашкахь Делах тешарш гулбелира. Уьш лерина бара КъурIан дагорна шаьш дуьхьала хилар дIахаийта, боху меттигерчу хаамийн гIирсаша.

  • Оьрсийчоьнан Федерацин Талламиан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра омра делира, Волгоград-махкахь КъурIан дагоран гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIадала. Цунна бахьана ду,"Нохчийн республикин дуккхачу бахархоша шаьш волайнхой хилар къобалдар доьхуш йаздина кехаташ".
  • Москварчу Косино-Ухтомск кIоштарчу КIайн Iинна уллохь КъурIан дагор хьокъехь долийна бехктакхаман гIуллакх. Кадыров Рамзана иза Украино кечдина питан ду элира. Цу гIуллакхехь шеконе лаьцна цхьа а вуйла хIинца а хууш дац.
  • Швецехь Палуданс КъурIан дагош акци дIайаьхьира. Украинерчу тIамна а, "евроичкерхой" йемалбарна а бехказло санна нисбира и хилам Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Далош цхьа а тайпа тоьшаллаш доцуш, Швецин Iедал бехкедира цо, акци цара "ахча делла", йайтина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG