ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъурIан дагорна лаьцначуьнга шога къамел дина Кадыровс


Журавель Никита, Кадыров Рамзанан телеграм-каналерчу видеон скриншот
Журавель Никита, Кадыров Рамзанан телеграм-каналерчу видеон скриншот

КъурIан дагорна лаьцна волчу волгоградхочуьнга Журавель Никите шога къамел дина Кадыров Рамзана. Бехкевина вац Журавель хIинца а – цуьнан гIуллакхехула хьалхара кхел кху кIирнахь хила йезаш йара, амма иза ца хилира. Кху аьхка цунна йиттира республикан куьйгалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама.

Кадыровс шен телеграм-каналехь йаздира, "шен хьекъал ца тоарна дагийна дац цо КъурIан, бусулба нах сийсазбан а, Оьрсийчуьра тайп-тайпана дин лелораш эгIийта дина ду" аьлла.

Журавело шен бусулба дин Iамо, ур-атталла иза тIеэца лаам бу аьлча, Кадыровс аьшпаш буьттуш ву иза элира, Украинин кхерамазаллин сервисан агент ву иза бохура. Амма, болчу хаамашца, украинхойн лерринчу сервисашца воьзна вара аьлла бехкаш дехкина дац цунна.

Иштта цуьнга шега къамел дина республикан куьйгалхочо. Арахецначу видео тIехь Кадыровс олу Журавеле: "Ахь даггара дуьйцуш дац иза, бIаьргаш нийсаче хьоьжуш бац хьан".

Мичахь, маца хилла церан къамел, дуьйцуш дац. Видео дIайазйина чоь Кадыров Адама Журавельна йетташ хиллачу чоьнах тера йу – пена тIе оьллина маьждиган сурт а, пенан бос а цхьатерра бу. Шинна а видео тIехь Журавель Iаьржачу футболкица ву.

Кадыровн а, телехьожийлан бехахоччун Собчак Ксениян а хиллачу къамелехь, тIаьххьарчо бахарехь, республикан куьйгалхочо дIахьедина, ша оцу СИЗО чу Журавель Никитин дехарца веанера, цо бусулба дин тIеэца дагахь ву ша аьлла дIахьедича. "Оцу кепара бусулбанаш тхуна оьшуш бац", - аьлла жоп делла ша бохура. Къаьсттина тидам бина цо, "низамаш лардеш волу вахархо" санна и дерриг хуьлучу хенахь оцу чоь чохь вацара Кадыров, аьлла цо, – Журавельна йетта сацам Кадыров Адама ша бинера.

  • Журавель лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "зен хилларш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах.
  • Журавелан Соьлжа-ГIалахь дIахьош долчу гIуллакхехула зен хилларш лаьрра 13 меттигера имам. Хьалхо Висаитовн кIоштахь кхел ца хилира – цигахь листа дезаш дара цуьнан гIуллакх – зен хилларш цига ца баьхкира, йа ша бехкевийриг ца валийра цига СИЗО чуьра схьа.
  • Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира 15 шо долчу республикан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана.
  • Нохчийчуьрчу полицино таллам болийра, амма сацам бира – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант жоьпалле озон йиш йац иза дукха жима хиларна. Ши де даьлча Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхочун чин делира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG