Украинан тӀеман ницкъийн спецназо йийсаре лаьцна 102 сов Оьрсийчоьнан 488-чу гвардин полкан а, "Ахмат" батальонан а эскархой, церан суьрташ зорбане даьхна Украинан талламхоша доладен "Суна ваха лаьа" проекто. Дукхахболу йийсархой карабаьхкина блиндаж чохь, йаздо украинхойн хаамийн гӀирсаша.
Лецначу нахаца ангарехь даьккхинчу сурта тӀехь гуш ву ворхӀ бӀе гергга стаг. Царех маса ву "Ахматан" декъашхой билгалдаьккхина дац. Йийсархой лецна марсхьокху-беттан 14-чу дийнахь, хаам бо Украинан тӀеман ницкъашца йоьзна йолчу проекто.
Оьрсийчоьнан эскархой лецначу меттигехь йаьхна видеош зорбане йоху Украинин ТСН телеканало. ЧIагIдо, массо а агӀор дIасаволийла а долуш, бетонца йина, дикка чӀагӀйина ротан пунктехь йийсаре лаьцна уьш бохуш. СБУ-но дийцина "Украинская правда" газете, цу чохь шайна хIума кхоллу чоь а, герз латтош йолу меттиг а, ур-атталла лийча чоь а карийна аьлла.
Йийсархой лецарх лаьцна официалехь бина хаам бац йа Украинан тIеман министралло а, йа Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь а.
Хьалхо "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис тӀечӀагӀдира, Курскан кӀоштахь Украинан тӀеман ницкъаша операци йолалуш "Ахмат-Чечня" полкан пхи эскархо йийсаре лаьцна хилар. Украинерчу хьостанаша дийцарехь, цаьрца цхьаьна каравеанера лаххара а цхьаъ "Ахматан" эскархо – Алаудиновс бакъ ца до иза. Керла лецнарш оцу дакъойх муьлхачу тобанехь хилла бу, билгалдаьккхина дац.
- Нохчийн спецназан командиро, Оьрсийчоьнан тӀеман министран гӀовсо Алаудинов Аптис йуьхьанца хаам бира, доза лардечу нохчийн дакъойн аьтто ца баьлла Украинан тӀеман ницкъаша дина тӀелатар йухатоха, уьш Украинан эскархошца "галморзахбовларна".
- "Ахмат-Нохчийчоь" батальонан пхи тӀемало йийсаре лаьцначул тӀаьхьа царех цхьаммо Украинерчу "Ищи своих" телеграм-каналан авторе Золкин Владимире дӀахьединера, нохчийн тӀемалой эскаре кхайкхинчу салташца цхьаьна позицешкахь бу аьлла.
- "Ахмат-Чечня" полк йузуш йу республикера бахархойх а, йоллу пачхьалкхера "лаамхойх" а - Гуьмсехь "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" жимма Ӏамораш а дина, тIамтIе хьийсош бу уьш. Курскан кӀоштахь дӀахӀоттийначу "Ахмат" спецназехь бу говзалла йолу тӀемалой а, ЧВК "Вагнеран" хилла йолахой а.
- Курскан кӀоштахь Украинан тӀеман ницкъаша йийсаре лаьцна нах хийцаран хьокъехь Киевца дийцарш долийна Москвано. Украинан тӀеман къайлахчу сервисо тӀечӀагӀдина шаьш хийцаршна тIехь болх беш хиларх, йаздо Financial Times газето.