ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курскан кIоштахь йийсаре лецна "Ахматан" полкера кадыровхой


Курскан кIоштахь йийсаре эцна "Ахматан" полкера кадыровхой/ украинхойн "Хочу жить" проектан телеграм-каналера йина скриншот
Курскан кIоштахь йийсаре эцна "Ахматан" полкера кадыровхой/ украинхойн "Хочу жить" проектан телеграм-каналера йина скриншот

Курскан кӀоштахь йийсаре лецна Ахмат полкан кадыровхой, йаздо Украинерчу "Суна ваха лаьа" проекто. Марсхьокху-беттан 11-чу сарахь эскархошца йаьккхина видео зорбане хIоттийна Украинин герзахойн ницкъийн телеграм-каналехь.

"Рейдан тобанаша лецна и кадыровхой дозанан тӀехьарчу декъан кӀоргенехь Цара дийцарехь, уьш йийсаре ца баха Iалашонца бовда гӀоьртина, хӀунда аьлча, Кадыров Рамзана хьалхо дIахьедира, Ахматера эскархой йийсаре ца боьлху аьлла", - йазина ду видеона бухарчу хаамехь. Цу тӀехь редакцино вагарвина ткъа сов йийсархо, царех кхааммо шаьш Соьлжа-гӀалара ду аьлла.

Пост хIоттайале ах сахьт хьалха Кадыров Рамзана шен каналехь йаздира, "Ахмат-Чечня" полкан эскархоша 810-чу къаьстинчу гвардин хӀордан эскаран бригадаца цхьаьна "Укронатан техникан колонна йохийна" аьлла: "Дийна бисинарш гена боццуш гоне берзийна тӀемаш боьлхучу меттигана гена доццучехь. Церан кхолламакх хиндерг массарна а хууш ду аьлла хета суна".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо комментари ца йира йийсаре лецначу кадыровхойх лаьцна йаьккхинчу видеона. Хьалхо ахматхойн буьйранчас Алаудинов Аптис бехке бира тӀеман министраллан "цхьаболу куьйгалхой" Курскан кӀоштахь Украинин герзахойн операци кхиамца дӀаяхьарна.

  • Украинин эскар Курскан кӀоштан территорина чудахана мангал-беттан 6-чу дийнахь. ХӀетахь дуьйна лаьтташ бу кӀоштахь тӀемаш. Оьрсийчоьнан могушаллин министралло бинчу хаамца, лазийна 100 сов меттигера вахархо. Орцаллин министралло бинчу хаамца, Украинаца дозанехь йолчу Курскан кIоштан регионашкара эвакуаци йина 76 эзар стагана.

• Юьхьанца Оьрсийчоьнан агӀоно дӀахьедира, Украинин герзахойн ницкъийн дозанал дехьабовла аьтто ца баьлла, эшийна уьш бохуш. "Ахмат" олучу лерринчу эскарийн буьйранчо Алаудинов Аптис а дийцира "луьра дуьхьало" йарх лаьцна. И дешнаш тӀеман говзанчаша а, милитаристашна гӀортор йолчу блогерша а тӀе ца дитира, цара йуха а кадыровхойх "тиктокан эскарш" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG