ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курскан кӀоштахь схьайаьккхинчу техникан видео гайтина "Ахматан" эскархоша - и хаайеллера тIамна 30 чакхарма генахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Делимханов Адама зорбане хIоттийна Курскан кIоштахь "Ахматан" эскархоша йаьккхина ши видео. Хьалхарчу видео тӀехь эскархочо куьйга гранатомет йетта БТР-на; шолгIачунна тIехь "АллахIу Акбар" бохуш, маьхьарий детташ, цу техникана тIехь урамехула чекхбовлу нохчийн тIемалой. Изза БТР гина Ӏуьйранна Гирьи юьртара богIучу новкъахь - и йу Украинан герзахойн ницкъаша Суджахь дӀасалелачу меттигна 30 км сов генахь.

Хьалхара видео тIехь эскархочо йулу танкашна дуьхьал туху гранатомет, цхьана сонера схьайаьллачу бронетранспортаран агIор туху цо иза. Иза кхин дIа йоьду, дина гуш зенаш а доцуш.

РогӀерчу видео тӀехь шайн накъостий гIад бохуьйтуш некъатIехула дIабоьлху кхо са болчу билгалонца йолчу БТР тIехь – уьш лелош бу Украинин тӀеман ницкъаш Курскан кӀоштахь операци дӀахьош. Куьйга лелочу гранатомето дина зенаш техникана тIехь гуш дац.

Кадыровн дакъоша "схьайаьккхинчех" тера йолчу цхьана БТР-н суьрташ зорбане дехира мангал-беттан 12-чу дийнахь Ӏуьйранна тӀамехь йолчу Readovka телеграм-канало. Гирьи йуьртара Белица олучу эвла боьдучу новкъахь гина хиллера иза – хьалхарниг Украинан тӀеман ницкъийн Ӏуналлехь йисинчу Суджана 30 чакхарма генахь йу.

БТР схьайаьккхинчу видеоца цхьаьна хенахь зорбане баьккхира "Ахмат" спецназан декъехь йолчу "Аида" тобанан буьйранчас бина кхайкхам. Йетташ хезаш тоьпаш а йолуш, цо элира, шаьш, 810-чу гвардин хӀордан эскаран бригадаца цхьаьна Курскан кӀоштахь фронтан могӀанехь тӀемаш беш ду аьлла. "Аида" тобанехь бу йерриг а Оьрсийчуьра вовшахтоьхна корматалла йолу эскархой – Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан кадрашлахь хилла эскархой а, ЧВК "Вагнеран" хилла йолахой а.

И йоцург а, Курскан кIоштахь дакъалоцуш йу "Ахмат-Чечня" батальон а - иза республикерчу бахархойх а, Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" доцца Ӏаморашкахула чекхбевллачу, йоллу Оьрсийчуьра кхайкхина балийначу "лаамхойх" а вовшахтоьхна йу. "Ахмат" полкера эскархой лаьцна аьлла дӀакхайкхадале ах сахьт хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀахьедира, оцу декъера эскархоша "укрнатон техника хIаллакхйина цу чохь хиллачаьрца цхьаьна" аьлла.

  • Украинан эскар Курскан кӀоштан дозанашка кхечира мангал-беттан 6-чу дийнахь. ХӀетахь дуьйна регионехь латтташ тIемаш бу. Оьрсийчоьнан могушаллин министралло бинчу хаамца, лазийна 100 сов меттигера вахархо. Орцаллин министралло бинчу хаамца, Украинаца доза долчу Курскан кӀоштан регионашкара эвакуаци йина 76 эзар стагана.
  • Юьхьанца Оьрсийчоьнан агӀоно дӀахьедира, Украинин герзахойн ницкъийн дозанал дехьабовла аьтто ца баьлла, эшийна уьш бохуш. "Ахмат" олучу лерринчу эскарийн буьйранчо Алаудинов Аптис а дийцира "луьра дуьхьало" йарх лаьцна. И дешнаш тӀеман говзанчаша а, милитаристашна гӀортор йолчу блогерша а тӀе ца дитира, цара йуха а кадыровхойх "тиктокан эскарш" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG