ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийначу Сулейманова Седин доттагIчо полисхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладе аьлла


Патяева Лена а, Сулейманова Седа а
Патяева Лена а, Сулейманова Седа а

Кадыровхой йуккъехь болуш Санкт-Петербургехь лачкъийначу Нохчийчуьра йахархочун Сулейманова Седин доттагIчо, гIалара ницкъаша йоI дIайигинчу полисхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладе аьлла тIедожийна. Талламан комитете динчу дIахьедарехь Патяева Ленас билгалдоккху полисхой шайн йолчу бакъонел а тIехбевлла хилар.

Патяевас хаам бина, шега хеттарш дечу заманчохь аьтто белира шен таллам бар тIедилларх лаьцна хаа, цу тIехь мукIарло до цо Сулейманова бертаза Санкт-Петербургера дIайигарах, хаам бо "СК SOS" бакъоларъйаран проекто. Патяевас тIетоьхна ишта, ша полисхошна дуьхьал дIахьедар чудаларх, хIунда аьлча, цуьнан доттагI харц бахьанашца дIалаьцна йолу дела.

"Полисхошна дукха дика хаьара, шаьш лелориг. Амма хIете а лецира иза, адвокатца цхьаьна а ца кхоьтуьйтуш, сихонца Нохчийчу дIайигира. Иза зуламан кеп йу, оцу схеман декъашхошна дика хаьара шаьш дийриг зулам дуй. Оцу харцонна гунахь мел волчунна таIзар дан лаьа суна", элира "СК SOS" проекте Патяевас.

Нохчийчуьра талламан комитето Сулейманова "доьза" йарах долчу гIуллакхехь таллам ца бен масех бутт бу аьлла дагадаийтира товбеца-баттахь, бакъонашларъярхоша. Бехкзуламан гIуллакх долийра зазадоккху-бутт бовш эзарнашкахь бахархоша кхайкхамаш бинчул тIаьхьа – Сулейманова лачкъийра 2023 шеран марсхьокху-баттахь. ГIуллакхан йуккъехь дIахьедар динарг йу аьлла билгалъйаьккхина йу Патяева Елена, стигалкъекъа-баттахь хеттарш дира цуьнга Нохчийчохь, мангал-баттахь – Сулейманова маре йига дагахь хиллачу Кудрявцев Станиславе а.

2022-чу шарахь Сулейманова Седа шен доьзалера йедира, ца везачу стаге маре йаха дуьхьал хиларна а, доьзалехь хаддаза девнаш латтарна а. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Петербургехь лачкъийра йоӀ, цигахь дакъалоцуш йара меттигера полици а, маьршачу нехан духар дуьйхина нохчийн ницкъахой а. Седа дӀайигира Нохчийчуьра гергара нах болче, ткъа гезгамашин-беттан 4-хь дуьйна цунах хууш хIумма а дац.

  • Заздоккху-бутт чекхболуш бен ца долийра Талламан комитето йоI доьза йар бахьана долуш бехктакхаман гӀуллакх– цу гӀуллакхана эзарнаш латкъамаш дира сагатдечу бахархоша. ГӀуллакх долийначул тӀаьхьа Сулейманован доьзало дӀахьедира, йоӀ чиллан-беттан 5-чу дийнахь йуха а цӀера йедда бохуш. Цунах теша бахьана дац: оццу беттан 6-чу дийнахь Седа цӀахь йу бохуш, чӀагӀдора гергарчара.
  • Дуьненан тайп-тайпанчу гӀаланашкахь Сулейманована гӀортор йеш акцеш дӀаяьхьира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG