ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийначу Сулейманова Седин доттагI дIахецна полицира 48 сахьт даьллачул тIаьхьа


Патяева Лена а, Сулейманова Седа а
Патяева Лена а, Сулейманова Седа а

Цхьааллин пикетера лаьцна йигина хилла Нохчийчуьра Сулейманова Седин доттагI Патяева Лена маьршайаьккхина иза лаьцна 48 сахьт даьллачул тIаьхьа Петербургера полицин декъера.

Зазадокху-беттан 8-чохь цхьааллин пикете йаьллера Патяева прокуратурин гIишлона уллохь, кадыровхоша лачкъийначу нохчийн йоIах кост кхачадар тIедожош. Ша цхьаъ лаьттара иза, жигархочун карахь плакат а дацара. ЙоьIан пальто тIехь йаздина дара "Стенгахь йу Седа?".

Дагадоуьйту, доьзалера гIелонах йедда 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа бертаза денцIа йухайигира марсхьокху-бутт бовш – хIетахь дуьйна цунах лаьцна хууш хIума дац. Бакъоларйархойн хаамашца, йоI йийна хила тарло.

"ОВД Инфо" гIирсан хаамашца, зазадокху-беттан 9-чохь Патяева бехкейира "цхьана хеначохь дуккха а бахархой латтош, йукъараллин къепе йохош, барам дIабахьарна" (Бехкзуламан кодексан 20.2.2 артиклан 1-чу декъехь).

SOTA-н хаамашца, шийлачу камери чохь Патяевана оьшуш хилла йовха бедарш дIа ца кхачийна полисхоша. Оцу йукъанна, жигархочо дийцарехь, цхьахволу ницкъахо дог лозуш хьийзинера, оцу кепара хIума шех а Iоттаделла бохуш.

  • Бакъоларйархойн хаамашца, Сулейманова Седа йеддера цIера шегахь гIело латторна. Марсхьокху-бутт бовш шен везарца цхьаьна Петербургера петарера дIайигира иза веа стага. Царех шиммо полицин белхахой ду шаьш элира, ваша шиъ могIарерчу нехан духарца вара, элира цуьнан тIехьийзачу кIанта Кудрявцев Станислава. Жимстаг дIахийцира, ткъа Сулейманова 150 эзар соьмана къола дина аьллачу шеконашца лаьцна йитира. Лачкъийна боху йеза хIуманаш йоIехь ца карийра, уьш хьена хиллера а, хууш дац. Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла гIуллакх шайггара долийначух тера ду, Нохчийчуьра бахархой оцу схемица лечкъош, йухабуьгу дела.
  • Соьлжа-ГIалахь Сулейманова Седига хеттарш дира теше санна, адвокат оьшуш вац аьлла, куьг йаздайтира цуьнга. Цул тIаьхьа йоI гергарчьарга дIайелира.
  • Нохчийн омбудсменан Солтаев Мансуран аккаунтехь шозза гайтира Сулейманова. Цо чIагIдора, Сулейманована "кхерам бац цхьана а хIуманна", делахь а, бакъоларйархоша сагатдо цуьнан кхолламна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG