ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийначу Тепсуркаев Салманан хIусамнана цуьнан гIуллакхехула зен хилларг лара тарло


Тепсуркаев Салман
Тепсуркаев Салман

Лачкъийначу оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан модератор хиллачу Тепсуркаев Салманан гIуллакхехула Б.Елизавета зен хилларг лара дуьхьало йина Нохчийчуьра Лакхарчу кхело. Зен хиллачун интересаш хьалхайаьхна лела "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" юристаш.

Къилбаседа Кавказехь хуьлуш ма-хиллара Салманна а, Елизаветина а юкъахь бина там-мах бу, и шиъ цхьаьна Iаш дара, шаьш доьзал а хетара царна бохучу адвокатийн позицина тIетайна апелляцин инстанци. Оцу буха тIехь Б.Елизавета цуьнан лачкъийначу хIусамден гIуллакхехула зен хилларг лара йезаш ю.

"Цу шинна юкъахь динехь там-мах бина хиларх тоьшаллаш оха дIакхачийна талламхочуьнга, хIетте а Елизаветина и статус йала масийттазза дуьхьало йира цо. Апелляцино юхаэцна и сацам. Хала хеташ делахь а, Лакхарчу кхело жоп лур ду аьлла, дегайовхо йац, гIуллакх юха а листа схьалур ду", - хаамбина Кавказ.Реалии сайте Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьал Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.

Тепсуркаев Салманан хIусамнана хилар тIеэцар коьрта ду, "Iедалхоша еххачу заманчохь официалехь хоуьйтуш цахиларна цунах хилларг".

"2020-чу шарера схьа дуьйна эвсаралла йоцуш оцу гIуллакхан талламбаро чов латтайо цунна. Зен хилларг ю аьлла, статус йеллачул тIаьхьа, Елизаветин аьтто хир бу оцу гIуллакхна тIехь терго латтон, цунна Iаткъамбан, таллмахочо хIун до, хIун ца до хаа а йиш хир ю цуьнан", - билгалдаьккхира бакъонашларйархочо.

  • 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш МВД-н белхахой ду шаьш аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь юйла хаа.
  • 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.
  • 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чу дийне кхаччалц зорбанан гIирсаша а, бакъонашларйархоша а лачкъийна олий хьахаваора Тепсуркаев. "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" бакъонашларйархочо Садовская Ольгас жимстаг вийна аьллачул тIаьхьа хийцаделира иза.
  • Садовскаян дIахьедаран Кавказ.Реалии сайто тергойинчул тIаьхьа, 1АДАТ боламо тIечIагIдира Тепсуркаев вийна хилар. Нохчийн оппозиционераша бехкевира цунна Кадыров Рамзанан уллорниг, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин хьаькам, цуьнан ваша Шарип а. Цхьана а кепара тIечIагIдарш зорбане даьхна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG