ТIекхочийла долу линкаш

 
Лаьмнийн шина а агӀор: Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Гуьржийн паччахьалица хилла йукъаметтигаш
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьмнийн шина а агӀор: Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Гуьржийн паччахьалица хилла йукъаметтигаш


Гуьржийн паччахь Тамара
Гуьржийн паччахь Тамара

Муха цхьаьнакхетара Гуьржийчоь Къилбаседа Кавказан къаьмнашца мостагӀчунна дуьхьал? Муха йукъаметтиг хилла гуьржийн керстан, бусулба а, 1есала а долу къаьмнашца? "Кавказан хроника" подкаст дӀахьош волчу Вачагаев Майрбека и хаттарш дийцаре до гуьржийн историкца Кавтарадзе Александарца.

БӀешерашкахь Гуьржийчоьнан пачхьалкхо Къилбаседа Кавказан къаьмнашца политикан а, культурин а уьйраш кхиийна. Уллехь Iаш хиларо аьтто бора йохк-эцар лелийна ца Ӏаш, амма культурин а, динан а Ӏаткъам бан. Шайн дозанаш чӀагӀдан а, регионехь процессашна Iуналла дан а гӀертачу гуьржийн урхалхошна коьрта Iалашо йара машар латтор а, Къилбаседа Кавказан элахошца а, тукхамашца а тӀеман барт бар а — арахьара мостагIна цхьаьна дуьхьало йарна а, йохк-эцаран некъаш шордарна а.


— Александр, йуккъерчу бӀешерашкара гуьржийн пачхьалкх йуьйцучу хенахь, билггал муьлха мур бу вай буьйцург?


Кавтарадзе Александр
Кавтарадзе Александр

— XI бӀешо долалуш, Баграт III-гӀа волуш, гуьржийн цхьаьнатоьхна паччахьалла кхоллало. Багратионийн династино урхалла дира Гуьржийчоьнан 1801 шо кхаччалц, цхьа пачхьалкх кхоллайалар дӀадоладелира XI бӀешо долалуш, Баграт III шен урхаллехь малхбузехь а, малхбалехь а цхьа могӀа олалаш цхьаьнатоьхнера, Гуьржийчоьнан— Тбилиси йоцург. XI бӀешарахь дуьйна, вай тешна дийца йиш йу, цхьаьнатоьхна гуьржийн пачхьалкх хиларх лаьцна.


— ТӀаккха, нийсса Кавказехь Оьрсийчоь гучуяллалц, цхьа Ӏедал династи хилла Гуьржийчохь?

- ХӀаъ, Багратионийн династино тайп-тайпанчу заманашкахь урхалла дина Гуьржийчоьнан тайп-тайпанчу метигашкахь. Коьртачу декъана, цара куьйгалла дора Гуьржийчоьнан цхьаьнатоьхначу пачхьалкхана, наггахь "Багратионин" цхьана гарано урхалла дора малхбалера латтанаш тӀехь, ткъа кхечо гарано — малхбузера латтанаш. Иза хилла, Гуьржийн пачхьалкх цхьаьнатоьхна масех бӀешо даьлча, Гуьржийчоь малхбузехь а, малхбалехь массийта элий шахьарш хиллачу хенахь.


— Гуьржийн яздархой бахьанехь, советан заманахь массос а бахархошна паччахьан йоӀ Тамара йевзаш йара, къаьсттина паччахь Давид IV-гӀа ГӀишлошъйархо. Кхин а буй, дийцахьа, Тамара а, Русудан а, Давид паччахьой а боцурш?


Давид IV-г1а г1ишлошйархо
Давид IV-г1а г1ишлошйархо

— Паччахь Тамара а, ГӀишлошъйархо Дауд IV -г1а, шеко йоцуш, Гуьржийчоьнан исторехь къаьсташ нах бу. Амма билгал ца даккха йиш йац Тамаран ден Георгий III-ун мехалалла, цо а мехкан исторехь доккха дакъа лаьцна. Цуьнан кӀант Лаша йа Георгий IV а вара Багратионийн доьзалан векал, иза жима волуш 32-шо долуш веллехь а. XVIII бӀешарахь хилла паччахь Ираклий II.хьахо везаш ву.

— Ахь дийцира гуьржийн пачхьалкхан "дашочу муьрах" лаьцна. Муьлхачу хронологин гурашкахь билгалдаккха мегар йу и хан?

— Оцу хенахь гуьржийн паччахьалла цхьа пачхьалкх хилла дӀахӀоьттира, шен олаллехь кхин болу кегийра элахойн мехкаш цхьаьна а тоьхна. Цуьнца цхьаьна цуьнан Ӏаткъам хаалуш алсамболу луларчу латтанаш тӀехь, Къилбаседа Кавказ а, хӀинца Туркойчохь а, Къилбаседа Эрмалойчохь а, Азербайджанехь а йолу къилбаседан кӀошташ а дӀалоцуш. ХӀетахь кхаьчна гуьржийн пачхьалкх цу регионехь шен уггаре а лакхарчу ницкъе.

ГӀишлошъйархочун Дауд IV паччахьалла а, цул тӀаьхьа паччахьан йоӀан Тамаран паччахьалла а, Гуьржийн пачхьалкхан "дашочу оьмаран" хан хилла дIахоьттира, экономикан а, политикан а декъехь кхиамаш хуьлаш.

— Йерриг а регионна, дукхахдолчу дуьненан санна, монголо-татарийн тӀелатар хала мур хилла дӀахӀоьттира. Гуьржийчоь, йерриге а схьаяьккхина ца хиллехь а, амма церан Ӏуналлехь йисира?

— ХӀаъ, ала мегар ду, XIII-чу бӀешарахь гуьржийн пачхьалкхан "дашо оьмар" олуш йолу зама чекхйолуш йара. Гуьржийн исторехь кхин цкъа а ца хилла, цу регионехь оццул Ӏаткъам болуш хан. Гуьржийн пачхьалкхан Ӏаткъам йуха а кхуьуш цхьацца йоца мур хилла исторехь, амма ца хилла "дашочу оьмарехь" санна.

Монголаша 80 шарахь гергга урхалла дина, ала мегар ду, малхбалехьа Гуьржийчоьнан цхьана декъанна, хӀунда аьлча, малхбузера Гуьржийчохь уьш иштта кхиаме ца хилла. Малхбалехьа Гуьржийчоь, цу хенахь меттигера урхалчаш хилла, амма уьш берриш а монголийн куьйга кӀелахь хилла.


— Йккъерчу бӀешерашкахь Гуьржийн Пачхьалкхан а, аланийн а йукъаметтигаш муха хилла?


Ахча, паччахь Тамара
Ахча, паччахь Тамара

— XI—XIII бӀешерашкахь аланашца йолу йукъаметтиг къаьсттина чӀагӀъйелла йара. Иза къеггина гойту цу муьрехь гуьржийн урхалчаша дина политикан захалоша. Иштта масех барт бина Аланин пачхьалкхан векалшца. Масала, Баграт IV-гӀа Курополата йалийна хилла Аланийн Борена. Паччахь Тамарин нана Аланира йара. Цуьнан шолгӀачу цIийндена Сослан Давидан дай, схьагарехь, Багратионан доьзалера хилла, амма иза ша Аланера хилла.

Давид Сосланан бераш Георгий IV а, Русудан а ненан а, ден а агӀор гергара уьйраш йолуш хилла Аланица шайн орамаш бахьана. XI бӀешерашкара XIII бӀешерашка кхаччалц йолчу муьрехь Аланица йукъаметтигаш уггаре а чӀогӀа хилла. Хууш ду, XI бӀешо чекхдолуш – XII бӀешо долалуш Гуьржийчоьнна урхалла деш хилла паччахь Давид IV-гӀа аланашца тӀеман барт бина хилар а, цара цхьаьна тӀом бина хилар XII бӀешо долалуш Дидгорин тӀамехь сельджукашна дуьхьал (1121 шо). Гуьржийн паччахьаллин а, Аланин а йукъаметтигаш а, чӀогӀа гергара хилла цу хенахь.


— Оцу муьрах лаьцна йаздина архивни документаш дуй?

— Гуьржийн хроникаш йу, хӀунда аьлча, Гуьржийн паччахьийн шайн историкаш хилла, церан паччахьалла долуш хенахь хилларг дIайазош. Вайна цу хьостанашкара хууш ду цу хенах лаьцна; уьйраш а, политикан захалонаш а, тӀеман уьйраш а, гуьржийн паччахьаллаc аланашца барт бар а.

Коьрта хьоста ду, гуьржийн хроникаш, йуккъера бӀешерашах историкаш йазйина хилла, цара гуьржийн историн хьалхара муьрехь хилларш а йаздора.


— Къилбаседа Кавказан къаьмнашца гуьржийн паччахьалкхан йукъаметиг муха йара?

— Тайп-тайпана муьрашкахь тайп-тайпана хилла иза. Вай шира мур буьйцуш белахь, тӀаккха Гуьржийн Пачхьалкх ца йуьйцу вай, хӀунда аьлча, и тайпа термин хӀетахь хилла йац. Амма йуккъерчу бӀешерийн гуьржийн хроникашкахь авторша хьагIош бу, шира мур.

Ткъа оцу хьостанаша дийцарехь, Гуьржийчоьхь дуьххьара урхалча Парнаваз хилла, цу мехкан малхбалера а, малхбузера а дакъош цхьаьнатоьхна цо. Цуьнан хIусамнана а, оцу политикан субъектан хьалхара паччахь-аьзни а йара вайнехан йукъера йара – дзурдзук. Церан кӀант Саурмаг а хуьла тIаькха нисса ах- Дзурдзук. Меттигерчу элаша цунна дуьхьал гӀаттам баьккхича, ненан гергарчара гӀо дора цунна. Ткъа цу Къилбседа Кавказхойх цхьаберш цо шен паччахьаллин, таханлерачу Къилбаседа Гуьржийчоьнан лаьмнин кӀошташка дӀатарбина хиларх лаьцна хаамаш бу.

Цундела, вайна гуш ду Къилбаседа Кавказехь, тайп-тайпанчу муьрашкахь тайп-тайпанчу къаьмнашца чIогIа зӀенаш хилла хилар: вайнахаца, иштта хиришца а, дагестанхошца а, ткъа малхбузехьа-коьртачу декъана чергазашца а. Ткъа, масала, XVIII бӀешо долалуш, малхбалерчу Гуьржийн Картлин урхалхочун Вахтанг VI-гӀачун зуда чергазий хилла, керстан дин тӀеэцча, Русудан цӀе эцна цо. Иза хилла XVIII бӀешарахь малхбален Гуьржийчоьнан паччахь хиллачу Эрекле II-гӀачун ден нана, тӀаьхьо Картли-Кахетин цхьаьнатоьхначу пачхьалкхан. Цундела йукъаметтигаш даимна хилла, массо а Къилбаседа Кавказан къаьмнашца, тайп-тайпанчу заманашкахь – тайп-тайпанчу къаьмнашца.

Хиришца а вуно чӀогӀа йукъаметтигаш хилла, захалонаш алссам хиларо гойту иза.

Цигахь конфликташ а, йохк-эцар а, тӀеман барт а хилла царна йукъахь. Цундела и уьйраш чӀогӀа тайп-тайпана яра.


— Конфликташ элира ахь, амма Нохчийчоьнан, ГӀалгӀайчоьнан, Къилбаседа ХӀирийчоьнан, ГӀебарта-Балкхаройн, Кхарачойн-Чергазийчоьнан, Адыгейн исторехь леррина Гуьржийчоьнна дуьхьал тӀемаш ца хилла, аварийн ханийн тIелатарш доцург?


— Дика хаттар ду. Хилла ала мегар ду. Ахь ма-аллара, тIелатарш хилла. Масала, хевсураш, нохчашца а, гӀалгӀашца а вуно чӀогӀа юкъаметтигаш лелош хилла болу. Ткъа гуш ду цара вовшашца лерам беш хилар.

Ткъа Дагестанехь хиллачу наха дийцича, коьртачу декъана Гуьржийчоьнан малхбалерчу меттигашна тIелатарш деш хилла цара XVII бӀешарахь дуьйна. Малхбалерчу Гуьржийчоьнна даккхий зенаш хилла и тIелатарш бахьана. И тIелатарш бахьана, йарташ а гIаланаш ца хилча санна дӀайелира. Дуккха а нах цул тӀаьхьа Ӏусманан империна дӀабоьхкира. Иштта лаьттира XVIII бӀешо кхаччалц, паччахь Ираклий II-гӀа а тӀом бира дагестанхойн тукхамнашна дуьхьал.

ТӀаьхьо, XIX бӀешарахь Россин империно Гуьржийчоьнан территореш шена чу лаьцна, Къилбаседа Кавказехь вуно чӀогӀа тӀом болийра, Россин империн агӀор цу тӀемашкахь дакъалоцуш хилла, дуккха а гуьржийн инарлаш а – хӀунда аьлча, Гуьржийчоьнна дагадогӀура дагестанхоша дина тIелатарш. Царна чӀогӀа коьрта дара, лаьмнийн къамнаш тIехь толам бахьккха.


— Кавказан дукъ Гуьржийчоьнан доза ду. Стенна ца гӀоьртира Гуьржийчоь Къилбаседа Кавказхой цхьана пачхьалкхан цхьаьнакхетаралле кхачо?

Гуьржийн паччахьан Георгий III-чун сурт тӀехь долу ахча
Гуьржийн паччахьан Георгий III-чун сурт тӀехь долу ахча


— ХӀаъ, гергарло чӀогӀа а, тайп-тайпанчу хенахь тайп-тайпана дара. Гуьржийн пачхьалкхо и меттигаш шена схьа ца йаьхнехь а, цу регионна Ӏаткъам беш хилла.


Цунах лаьцна вайна хууш ду, гуьржийн йоза (Къилбседа Кавказхоша) лелош хилар гойтуш долу археологин карийна тоьшалаш хиларна. Цуьнан билгало йу, лаьмнашкахь йар а уьш хилар а. Иштта хьахо деза, гуьржашца цхьаьна Къилбаседа Кавказан тайп-тайпана къаьмнаш, гуьржийн паччахьаллин мостагӀашна дуьхьал тӀом бечу хенахь хилла тӀеман барт а.

"Дашо оьмар" чекхъйаьлча, (цхьана пачхьалкхе вовшахкхета) аьтто ца хилла, хӀунда аьлча, гуьржийн паччахьалла ша а цу хенахь а кхечу империйн урхална кӀел йахна йара.


— Гуьржийн паччхьалкх Къилбаседа Кавказхошца цхьаьна мостагӀчунна дуьхьал тӀом бина масалш дуй?

- ХӀаъ, ас хьахийра 1121-чу шарахь Дидгорехь сельджукашна дуьхьал хилла тӀом, цигахь буьйцу гуьржашна орцах баьхкинарш -аланаш.

Кхиъ а масала ду, Парнавазан кӀант Саурмаг, вайнаха гӀо а деш, шен дуьхьала хилла элийн гӀаттам бохийна цо.

Ткъа вай Къилбседа Кавказан территори йуьйцуш хилча, цигахь хилла Къилбседа Кавказан къам доцу- кипчакаш, амма цхьана муьрехь Къилбседа Кавказан территори тӀехь бехаш хилла уьш а. Давада ГӀишлошъйархочо Гуьржийчу кхайкхина бара уьш. Эзарнаш кипчакаш, шайн доьзалшца цхьана дӀабахара, тӀаьхьо гуьржийн эскаран вуно мехала дакъа хилла дӀахӀиттира. Тайп-тайпанчу тӀемашкахь дакъалаьцна цара, ас лакхахь хьахийна долу Дидгорин тӀамехь.


— Къилбаседа Кавказехь керста дин даржар, гуьржийн килсан жигарло бахьана ду аьлла хетий хьуна?

Паччахь Тамара
Паччахь Тамара

— Къилбседа Кавказехь керста дин коьртачу декъана къилбехьара, гуьржийн паччахьалкхара даьржина, къаьсттина и Ӏаткъам алсамбаьлла «дашочу оьмарехь». Аьлча а, Гуьржийчоьнан политикан тӀеӀаткъам шен лакхене кхаьчча, цу хенахь Гуьржийчоьнан керстан килсан Ӏаткъам а алсамболу. ХӀунда аьлча, керстан дин вуно чӀогӀа доьзна дара Гуьржийчоьнан политикаца а, Гуьржийчоьнан паччахьаллин хьаькамашца а.

Къилбаседа Кавказехь цу муьрера кхерчаш хилла. Иштта Къилбаседа Кавказан тайп-тайпанчу меттигашкахь карийна гуьржийн йозанаш а, гуьржийн билгалонаш йолу жӀараш – цу гойту, гуьржийн керста динан жигарло бахьана, Къилбаседа Кавказехь керста дин гучудаьлла хилар.

Шеко йоцуш, дийца мегар ду, цу хенахь, регионехь коьрта -керстан дин хилла.


— 1783-чу шарахь йозуш йоцу пачхьалкх хилар шена тӀеэцначу Георгиевски барт барх лаьцна вай дийцича, муьлхачу муьрехь Оьрсийчоьно Гуьржийчоьнан пачхьалкх дӀайаккхар сацам бина?

Гуьржийн паччахь Георгий XII
Гуьржийн паччахь Георгий XII

— И барт бина масех шо даьлча, 1795-гӀачу шарахь, гӀажарийн урхалхочо Ага-Мохьмад-хана, цу регионехь шен Ӏаткъам йухаметтахӀотто сацам а бина, Гуьржийчоьнан малхбалехьа йолчу метттигашна а Тбилиси- ГIалана тӀелетира.

Оьрсийчоьнан империно, Гуьржийчоь ларъйар шена тӀелаьцнехь а, бакъдолчехь хӀумма а ца дира. Ираклий II эшна оцу тӀамехь. Масех баттахь гӀажароша коьртачу декъана йерриг а гӀала хӀаллакйира. Тахана вайна массарна а евзаш йолу гӀала, доккхачу декъанна, и хӀаллакйинчул тӀаьхьа йина йу. 1798 шарахь паччахь Ираклий II велира, цул тӀаьхьа паччахь хӀоьттира цуьнан кӀант Георгий XII. Шен дан санна чIогIа политик вацара иза, иза а цӀеххьана велира 1800 шарахь, шина шарахь бен паччахьалла ца даьш.

Иза веллачул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан империно сацам бира Гуьржийчоьнан территореш шена схьайаха мӀаьрго тӀекхаьчна аьлла. Иза Георгиевски а массо а бина барташна дуьхьал дара. Цара гуьржийн паччахьалла дӀадаьккхира, Багратионийн доьзалан дуккха а векалш Оьрсийчохь дӀатарбира, цара кхин цкъа а гуьржийн паччахьалла дага ца даийта.


— Ахь хьалхо дийцира Оьрсийчоьнан эскарехь хилла болу гуьржийн эпсарех лаьцна, амма цхьа дакъа дара, муьтӀахь хилла реза ца хилла, кхидӀа а тӀом беш?

— ХӀаъ, XIX бӀешарахь Гуьржийчохь масех гӀаттам хилла. Уьш дӀаболабелира Малхбален Гуьржийчоь аннекси йинчул тӀаьхьа. Вайна хууш ма-хилара гӀаттамаш бохийра. Иракли II-гӀачун кхин цхьа кӀант Александр гӀоьртира, ГӀажарийчоьнан а, Дагестанан а къаьмнийн гӀоьнца, Оьрсийн импери Малхбален Гуьржийчуьра араяккха, амма цуьнан аьтто ца белира. ГӀажарийчу ваха дӀавахара, цигахь кхелхира, цигахь дӀавоьллина а ву иза.

Тайп-тайпана муьрашкахь Гуьржийчоьнан Къилбаседа Кавказна бен Ӏаткъам хийцалуш бара: долахь йолчу меттигерчу гӀуллакхашкахь жигара дакъалацарна тӀера мостагӀаллин тобанашна дуьхьал латаре кхаччалц. Къаьсттина чӀогӀа зӀенаш билгалйовлу Гуьржийчоьнан пачхьалкх уггаре а хьал долчу заманчохь (XI—XIII бӀешерашкахь), Багратионийн урхалла чIагIделлачу хенахь. Амма Гуьржийчохь Ӏедал гӀелдаларца а, арахьара Ӏаткъам алсамбаларца а (къаьсттина монголашкара а, кхечу аренан къаьмнашкара а), йукъаметтигаш хира йовлира. Амма, цу муьрехь кхоллайеллачу культурин а, династийн а зӀенаш, кхидӀа а Ӏаткъам беш хилла, ша Гуьржийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан а къаьмнийн историна а.


Тхан массо а ладогӀархошна а, йешархошна а: подкастан хьешашна хаттарш йаздо Вачагаев Майрбекан Фейсбукерчу агӀон тӀехь. ДӀахьедар дешначун аьтто бу кхайкхинчу хьешана цу темина хаттар дан.

Тхан подкастан (тхан программин) хьешан кхоллараллех лаьцна кхин дӀа а довза луучарна артикалш: Кавтарадзе А. Кавтарадзе А. На грани времени и пространства: удины Огуза. В журнале Caucasus Survey / Том 10 (2022): Выпуск 1 (март 2022). На англ. яз.

Кавказ.Реалии сайта тӀехь йолчу "Вачагаевца Кавказан хроника" подкастана йазло, Apple Podcasts – SpotifyYANDEX MUSIC – YOUTUBE а, дуккха а кхечу аудио платформашкахь а ладогӀа тхоьга.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG