ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ларамечу Маск Илона йеллачу" Cybertruck электромобилца видео хIоттийна Кадыровс


Tesla Cybertruck электромобилна тIе хIоттийначу йоккхачу тоьпана хьалха ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Tesla Cybertruck электромобилна тIе хIоттийначу йоккхачу тоьпана хьалха ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Кадыров Рамзана дӀахьедина, Tesla Cybertruck электромашина "ларамечу Илон Маскера" кхаьчна шена аьлла, цо дош делла, и машен Украинерчу тӀаме дӀахьажор йу аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо зорбане йаьккхинчу видео тIехь гуш ду "Кибертрюк" машенна тӀе пулемет хIоттийна хилар. Патармийн лента шена тIе а хьарчийна цу видео тIехь кепаш хIиттайо Кадыровс.

"Ас даггара баркалла боху Илон Маскна! Иза ву, хьаха, вайн заманан уггаре а нуьцкъала гений а, говзанча а!" – дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, Америкера миллиардер Соьлжа-ГӀала кхайкхира, иза "вайн уггаре а веза хьаша санна" тӀеоьцур ву аьлла, чIагIо а йеш. Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министралла дуьхьал хир йац цу кепарчу некъана, элира Кадыровс.

ХIара хаам зорбане боккхучу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо аьллачу дешнашна комментарий йина йацара Илон Маска.

Авто.Ру сайта тӀехь болчу хаамца, билгалдоккху SOTA телеграм-канало, Оьрсийчохь Cybertruck-ан мах бу 13-35 миллионе кхаччалц. Тесла компанино официалехь шен электромашинаш ца кхачайо пачхьалкхе.

• Кадыровн дакъошкара эскархошна критика йо тIаьххьарчу цхьана кIиранах эха кIиранах, цара Курскан кӀоштахь Украинан эскаран тIелатар йухатухуш цахиларна. "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис мукӀарло дира, Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан декъан цхьаболу тӀемалой йийсаре лаьцна хиларна. ТӀаьхьо z-блогершца девне велира иза.

• 2022-чу шеран бIаьста Кадыров а, Маск а социалан машанашкахь массарна а гуш-хезаш къамел дира, Американ миллиардеро Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире тIом хьебинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG