1994-чу шеран гIуран-беттан 11-чу дийнахь, Ичкери йозуш цахилар дӀакхайкхийна кхо шо даьлча, болабелира дуьххьарлера оьрсийн-нохчийн тӀом. Оьрсийчоьнан керлачу исторехь уггаре а бохаме а, инзаре а хиламех цхьаъ бу и. Тайп-тайпанчу хьостанаша дийцарехь, хьалхара тӀом боьдуш кхелхира 30 эзар тӀера 120 эзар стаге кхаччалц, доккхачу декъанна маьрша бахархой бара уьш а. ХӀетахь дуьйна цхьа чкъор хийцаделла, шолгӀачу тӀамах дийна йисинера республика, ткъа тIеман заманахь кхиазхой хилларш а, хӀинца шаьш а дай-наной хилла дӀахӀиттина.
Тхан редакцица хиллачу къамелехь шайн дагалецамаш бовзийтира махкара бахархоша, церан жималла тIеман шерашкахь дIайахна.
Макка, хьалхара тIом болалуш цуьнан хилла 16 шо, иза Соьлжа-ГIалахь йехара
– Пхи адам дара тхо доьзалехь: да-нана, тхо - кхоъ бер а. Ши йиша йара, 7 шо долу ваша а. Тхо гIаличохь дисинера, хIунда аьлча даха меттиг бацара тхан йа таро а йацара: ахчанца ледара дара хьал.
Тхо дӀа ца доьлхий хиъча, лулахой оьхура тхоьга шайн хIусамийн догIанаш тхоьгахь дита, хьожуш хIума дахьара бохуш, дехарш а деш. Тхан дас-нанас дуьхьало ца йира царна, цхьа ца хуьлчу далахь, лулахойн петарийн ойла а ца йеш, тхешан синош довдийна мичча дахна а дIасдовла дезаш доллушехь. Амма лулахоша, хIусамийн догIанашца цхьаьна, тхуна бакъо йелира шайн чохь мел йолу йуург схьаэца а. ТӀаьхьо цунах доккха гIо хилира тхуна, мацалла ца хьийгира оха.
Боьдуш тIом боллушехь, дахар саццаза дIадоьдуш дар-кх, ца Iийча ца йолура хьо
Суна хаьа, гIалин коьртачу кIошташкахь адамо мацалла хьоьгура, дуккха а нах бала а белира, къаьсттина оьрсийн къаной. Йуург лоьхуш, лаораш чуьра арабийла безара церан.
Тхан цIийнан ларми чохь дIатарделира тхо. Тхоьца цхьана кхин а масех лулахо а вара. Боьдуш тIом боллушехь, дахар саццаза дIадоьдуш дар-кх, ца Iийча ца йолура хьо. Йаа-мала ларми чу схьаэцнера оха, масех чоь кечйинера тхайна хан йаккха.
ГӀатташ чуьра лармаш йеха хуьлу, цундела "чоьнийн" къоьлла йацара. ХIаъ, йукъара йара "зал-кухня": коьртачу декъана массо а суьйранна тхаьш йинчу пешана гонаха гуллора, тайп-тайпана къамелаш деш Iара тхо. Тамашийна хIума дара и, телевизор йоцчу хенахь мел дукха хуьлу нехан дийца.
Iуьйранна ларми чохь нуй хьакха безара, хи чу эца а оьшура. УьйтIахь хи чу догIу цхьа люк йиллинера оха, цигара оьцура тхайна хи. Дечиг латтон дезара, нанас а, кхечу зударша а йуург йора. Цхьана дикане са а туьйсуш, дахар доладелира.
ГIали чохь беш бара тIемаш. Карпинкера баьрзнаш тIера даим а тIейетташ йара, и бахьана долуш уьйтIахь волавала а кхераме дара.
Уггар а ирчаниг – кеманаш дара. Цара бомбанаш йеттачу хенахь лармин пенаш а цхьаьна дегадора, и цIенош муха лаьттина, хууш йац со. Тхан ларми уллохь масех жIала дара. ТIейеттачу заманчохь ларми чу дахка хьийзара уьш, суна чIогIа къа хетара царах, амма чу дуьтийла йацара.
Цкъа, рогӀера йеттачу хенахь ду и, эккхийтаран тулгӀено чӀогӀа неӀ схьайиллира тхан, кIажарш тIера йаланза йисира тхан неI. ХIетахь жIаьлеш чулилхира тхуна. Царех масех арадаккха аьтто белира, амма и цхьаъ къар ца лора, тIаккха тхан лулахо гIаж йетта йуьйлира цунна, важа-м миска, цхьана соне доьлла Iара, арадала ца лууш. Ша даларна кхоьруш хилла хир дара и, хIетте а тIейеттачу гIожо ша лозошшехь, ара ца долура. Эххар а арадаьккхира и. Цул тIаьхьа дукха хан йаьхьира ас и зуда гича ца мегаш.
Цицкийн боккха аьтто болура, жIалийн ца болура: пеша уллохь паргIат дуьйшина Iара уьш. Тхан лулахочо Мусас йоьхначу машенна тIера схьайаьккхина аккумулятор йеара тхуна, радио цунна тIе тесира цо. Денна концерташка ладоьгIура оха, Ельцинан Керлачу шарца декъалдаре а ладийгIира. Тхешан лармин неIарна тIе йаздинера оха "кху чохь нах бу Iаш" аьлла. ХIунда аьлча, тхо кхоьрура, Оьрсийчоьнан эскархошна ларми чуьра хьалаоьху кIур гахь, тхо тIемалой ду аьлла, герз детта буьйлабаларна.
Тамашийна делахь а, адам дуккха хӀуманна марздала тарло, ур-атталла ишттачу дахаре а. Ас а, сан йишас а, тхешан доттагӀчуьнца дукха йешна хӀетахь книгаш. Тхан йалхолгIачу гIат тIерачу лулахочун библиотека йара, хIоъ-молха петар чу кхеттера, цундела книгаш йоллу хIусамехула йаржийна йара. Дерриге а дIатийча, тхо керла киншка йан хьалахьовдура. Суьйренашца йоьшура оха Агата Кристин а, Конан Дойлан а книгаш.
Рая, Соьлжа-ГIалара йахархо, хьалхара тIом боьдуш, цуьнан дара 17 шо
– Ас дуьйцур дац хьуна ларми чохь хиллачу дахарх лаьцна, суна хетарехь, иза кхечу дийцарех тера хир дара. Суна алсам дийца лаьа оьрсийн эскархойн дуьххьара гучубовларх лаьцна. Дада чӀогӀа саготта вара тхуна, йоьӀаршна: суна а, сан 15 шо долу йишина а. Цхьаъ хилахь а, шега гӀо далур доций хаьара цунна, амма хIуммаъ ца олура, делахь а цуьнан йуьхьа тIехь гуш дара дерриг а.
Ӏуьйранна сатесна хан йу иза. Цхьа дагахь а доцуш, цIеххьана гучубевлира уьш, дийнна ковра. Ларми чувоьдучу меттехь камуфляжан духарш а дуьйхина салтий бара, тхуна тӀе хьажийна йаккхийн тоьпаш а йолуш. Тхоьга омра дира, кехаташ а эцна, ларми чуьра арадовла аьлла. Цара сихха хӀораннан а кехаташ теллира, дика хьаха хиллера, тхо массо а тхаьш дӀаяздинчу меттигашкахь Iаш хилла, тхан цӀа тхуна тIеххула дара.
Буьйсанна йуха а болабора тIом, ца хаьара: хьан, хьаьнца и беш бу
Тхо 12 адам дара ларми чохь, масех стаг а, уьш а гIеметтара нах бара, тхан да а цхьаьна. Божарийн лакхара кучамаш охьа а йаьхна, церан дегIах, белшех, куьйгех хьоьвсира. Ларма а теллира, цIийнан гIатташ а цхьаьна. Шеконе хIуммаъ а шайна ца карийча, дIабахара, лармичуьра тхоьга ара ма довла а аьлла.
Луларчу цIийнера ши стаг дIавигина хиллера, царех цхьа шеконаш хиллачух тера дара церан, цул тIаьхьа и шиъ цхьанна а ца гира.
Цул тӀаьхьарчу деношкахь тхан уьйтIахь хьалхарчу гӀатташ тӀехь дIатарбелира эскархой. Цара тхо хье ца дора. Баккхий тӀемаш бина бевлла уьш аьлла, хеташ, оха сацам бира тхайн хIусамаш чу даха. Тхайниг йохийнера, лулахойн петар чу дахара тхо, мел а и битаме а йалош.
Комендантан сахьт дара дIахIоттийна, цундела са ма дов, тхо чохь хуьлура. Буса йуха а тIом болабора, ца кхетара: мила, хьанца тIом беш ву. Суна а, сан йишина а интересе хуьлура, салташа хIун ледадо хьожуш терго йеш, коре хIуттий, уьйтIа бIаьрг беттара охашиммо, дас-нанас мегар дац баьхнашшехь.
Суна хаьа, кхечу кIошташкахь хьал кхин а тIе ледара хиллий, инзаре зачисткаш хуьлура цигахь, белларш бара, тIепаза байнарш бара. Бакъду, йоккха башхо йу, шолгIачу тIаме церан бахкаран. Йоккха ши башхалла.
Саьид, Жимчу АтагIара вахархо, тIом болалуш цуьнан 19 шо дара
– Суна тIом лахьан-беттан 26-чохь болабелла бац, цу дийнахь Соьлжа-ГIалахь беш бара тIемаш, ткъа со йуьртахь вара. Цигахь йа тIейетташ йац, йа лелхийтарш а дацара хезаш. Цул тIаьхьа телехьожийлехула гойтура лелхийтина Оьрсийчоьнан танкаш, байъина а, лецна а эпсарш, тIаккха а ца лаьара хьуна теша, тIом бахлур бу бохучух, моьттура Дудаевн а, Ельцинан а барт хир бу. ГIуран-беттан 11-чохь а, Нохчийчу эскарш уьйзучу заманчохь, цхьа дегайовхо лаьттара.
Амма гIуран-бутт бовш йуьрта веара Соьлжа-ГIалахь бомбано дуьххьара вийнарг, иза тIом беш а вацара хьуна– ненан цхьаъ бен воцу кIант вара иза. Дукха хьалхе тIера цIийнда а кхелхина, и кIант а, йоI а лелош Iаш йара и зуда.
ГIала цIарах йогу дикка хан йу моьттура
ДагадогIу суна, оццу гIуран-баттахь кир лелочу машенахь эвлайистера кешнашка дIайолла йуьгуш йара цхьа йоккха стаг, Оьрсийчоьнан кема чухьаьдира тхуна. Кеманхо гуш вара тхуна, цунна тхо а гора. Дуьххьара сан коьрте иккхина ойла а, сайн кхеравалар а дагадогIу суна: хIун дер-те, иза тIейетта волалахь? Хетарехь, цунна гинчух тера дара, оха хьошверг велларг твуйла, герз ца диттира цо. Теша лаьа суна, цуьнгахь а адамалла хилла аьлла.
ХӀинца а дагара ца долу суна, цу минотехь дан амал доцуш, гIора эшна сайн латтар. Йуьрта бахка буьйлабелира мухӀажарш, гергарнаш, бевза-безарш. Эвлара бахархой дуккха а алсамбевлира. Цхьана цӀа чохь масех иттанашкахь нах баха йиш йара. Iа а ма Iийра.
ГIалина дукха гена йац тхан эвла. Дийнахь гIалин агIор Iаьржа кIур лаьттара, буса – цIийелла стигал. ГIала дийнахь а, буса а йогуш йу аьлла, хетара суна. Цигахь хуьлуш долчух лаьцна керла хаамаш наггахь бен ца кхочура, цхьа Дела къинхетам хилла цигара арабевллачара ца дийцича, кхин дийца стаг а вацара.
Цигахь цIена жоьжахати йу бохуш дуьйцура, къаьсттина гIали йуккъехь. Йарташка бирзира тIом, гIала схьайаьккхинчул тIаьхьа, дуккха а нах дIаоьхура лаьмнашкарчу эвлашка. Амма стенга водур ву хьо сил жимачу махкара, массо а маьIIехь беш тIом хилча?
Седа (цIе хийцина), Соьлжа-ГIалин йахархо, тIемиан йуьххьехь 18 шо дара цуьнан
– Халахеташ делахь а, Советан Iедал дохар а, йоллу хаос а, тӀемаш а тхан къоначу заманахь нисделира. Цул а ирча хӀун хир ду? Уггаре а хаза, кхин хир йоцу зама тӀамо дӀакхаьллира. ТӀебогӀучу бохаман синхаам хӀаваэхь хаалуш бара. Делахь а, тIом хир бу аьлла, аьттехьа а дагахь дацара.
ГIуран-беттан цхьана буса балкон тӀе а хӀоьттина, стигала хьоьжуш Iара со. ДӀайижале хьалха цӀеначу хӀаваах кийра Iабош Iедал дара сан.
Муьлхха а машен хIусамал йеза а йолуш зама йара и, хIунда аьлча, цу тIехь тIамана генна дIаваха йиш йара хьан
ЦIеххьана кеманинй ирча гIовгIа хезира суна. Цул тIаьхьа стигалахь дуккха а къегина цIераш гучуйевлира, йоллу стигал аьлча санна дIайуьзнера оцу лепачу тIадамех. Китайхойн гирланда санна, меллаша охьа а йогIуш, гонаха мел йолу меттиг сирлайоккхура цара. ГIалин йуккъера схьа хаза дуьйлира цхьа къора татанаш, стигал къекъаш санна. Оцу мIаьргонехь сан коьрте данне а ца деара, кеманашца йеттарш бомбанаш йу аьлла.
ШолгӀачу дийнахь тхан кӀоштахь бераш дара кегий парашюташ гулйеш, уьш хиллера серло туху хIоъ-молханаш. ТӀаккха кхийтира, гӀалин йуккъе бомбанаш йиттина хиларх а, цигахь нах белла хиларх а. Иштта болабелира суна тӀом оцу "китайхойн гирляндашца".
Маса дIаэха буьйлабелира нах. Шайн ка мел йолург схьа а оьцуш, машенаш йуттура цара. И хан йу хьуна, муьлхха а машен хьан хIусамал а йеза йолу. ХIунда аьлча, цу тIе а хиъна, тIом боцчу дIаваха аьтто бара хьан. Йалх подъездах лаьтта тхан доккха цIа оцу мIаьргонехь дасаделира, йоллу уьйтIара тхох цхьа 15 стаг висира. Йуьртахь Iен меттиг бацара тхан, гергара нах бара, делахь а, дIа ца даха ойла хилира тхан.
Ток, газ, хи дацара. Хьалхарчу шина кIиранчохь петар чохь Iийра тхо, тIаккха кеманашца а, лаьттахула а гIалина тIейетта йолийча, петар чохь Iойла дац-кх аьлла, тхо ларми чу охьадисира. Тхайна хан йаккха чоь кечйира оха. Тхан чIогIа аьтто хиллера тхешан лармица: йекъа йара иза, хIетахь тIекIелйинчу гIишлойн лармаш чохь хиш дара, тIуьналла хуьлура.
Тхан цхьа лулахо вара тхоьца, чIогIа дика адам дара и, амма къаьркъанах кхеташ вара. Сатасале мелла каравора иза, цунна и стенгара долу а ца хаьара тхуна. Цо пеш йира тхуна.
Турба йерриге а бохург санна, ларми чухула чекхйолуш хилар бахьана долуш (цхьана кепара арайаккха йезаш йара иза), ледара дара кIур дIаозар, ларми чохь кIур лаьттара, даим а неI йоьллуш хила дезара, амма цунах а пайда ца хуьлура. КIурзах дуьзна лелара тхо, мультфильм чуьра "Домовенок" санна.
Йуург дIоггара бен-берса ца хиллехь а, амма тоаме йара. Дуккхаъ а кхинболчу наха а санна, картол, дама, шекар, томат тIехь кечйина килька латтайора оха оьций. Оха алсам оьций дIайуьллуш хиларна, мацаллин баланах довлура тхо. Картол сиха чекхйелира, дама а, килька а йисинера тхан, цу тIехь ши бутт баьккхира оха – хIетахь дуьйна килька гича мегаш йац со.
Тийналла хIоьттича, хи эца хьовдура тхо некъал дехьарчу цхьана секторе. Амма кеманаш дахкар тхан кIоштахь сих-сиха нисделча, тхан цхьа лулахо мина иккхина вийча, ларми гонахара ло а гулдеш, и дашадора оха, дечиг тоаме дара, гонаха массо а хIума йоьхна-йаьгна йара, хьайна ма-ттов гулдойла йара. Дукха неIарш, кораш дагийра оха.
Вийна тхайн лулахо цхьана цIийнан кертахь лаьттах воьллира ах метар ор а даьккхина, стоьла тIе тосучу кIади йукъа а воьллина. ТIаьхьо, жимма паргIато йаьлча, кешнашка дIавахьийтира оха иза дIаволла.
Суна дагадогIу баккхийчара олуш – Дала тIом ма гойтийла шуна
Уггар а ирча хан йара Керла шо тӀекхача кIира дисинчу хенахь а, цул тIаьхьа а хилларг. Кеманашца ден тохарш совцуш дацара, тхан цIенна тIе бомба ца кхийтира, цхьа Делан къинхетам хилла, лаьттахула йеттачара жимма дохийнехь а. Дечкен-бутт чекхболуш, тоьпаш йеттар жим-жима лахдала доладелира. ГӀала оьрсийн эскарийн Ӏуналлехь йара, ала тарло. Дикка тийналла лаьттара буьйса тIейаллалц.
ГӀалахь лелаш комендантан сахьт дара. Тхан чӀогӀа ирс хиллера, тхо гӀалин йистехь дехаш хиларна, тхуна гонаха мехала объекташ а йацара, цундела тхуна мелла а атта дара. Коьрта баккхий тӀемаш хилира центрна гергахь йолчу кхечу меттигашкахь. Дуккха а адамаш делира цигахь герзаш деттачу хенахь а, мацалла бахьана долуш а. Тхан цӀа, жимма дохийнехь а, йукъарчу хьесапехь чохь Iен мегар долуш дара. Чиллан-баттахь цхьана кепара тхешан хIусам тойина, лармичуьра арадевлира тхо.
Суна дагадогIу, баккхийчара олуш – Дала тIом ма гойтийла шуна. Тхуна моьттура ишта дIа шайн къанойн къамел до цара, церан дахарехь царна дайна хIуманаш хир ду уьш аьлла. Тхо кегий дара, массо а хIума атта тIеоьцура оха. Тахана тхо даккхий хилла, ши тIом гина тхуна, тхан а бераш ду хIинца, уьш а тIамтIе кхача тарлуш бу, амма хIинца Украинера тIаме. ХIинца дика кхета тхо тхайн дайх-нанойх, уьш шайх богуш цахиларх а, уьш тхуна сагатдеш хилла хиларх а.
Олуш ду-кх, тIом муьрехь хуьлуш хIума ду, амма хьанна хIун аьлла хета ца хаьа суна, тхуна тIаьхьара бер болуш-м ца хилла хIара.