Дуьххьара Латар-До цIе хезча моттаделлера суна и цIе шина нохчийн дашах хIоттаелла ю, "латаррий", и латар "даррий" !
Амма жимма цу спортан керла кеп кхоллаялар а, цуьнан шен башхаллаш а евзича кхийтира, шен шозлагIчу декъехь японхойн „До“ („Некъ“) дуйла, "Карате-до", "Тейквандо", "Айкидо" санна.
Ткъа хIун ю и Латар -до? Мичара яьлла и спортан кеп, хIун керланиг дохьу цо дуьненчохь сел дукха долчу бен-бечу латарийн арташка?
Австрехь хIинцалца схьа масех карате Iаморан кхерчаш а кхоьллина, берашца а, баккхийчаьрца а и Малхбалера латаран Iовзалла цаьрца йоькъуш хиларца вевзаш волу Бисаев Хаважи лара вогIу керла спортан кеп юккъеяккха дагадеанарг а, иза яржош къахьоьгучех цхьаъ.
Цунна дика хуур ду шайн долорох лаьцна дийца аьлла Латар-до спортан кхерчахь дIадоьлхучу Iамадаларшка кхечира Маршо радио. Бисаев Хаважи, хIора сарахь санна, къоначу спортхошна шен говзалла Iамош карийра тхуна. Латар-до спортан концепцих лаьцна иштта дийцира тренеро.
Бисаев : „Оха цу хIуманна кечамаш бо дикка хан яра, хьалха карате лелош вара со, Австрехь цу карате киокушинкай тайпанехь векал а вара со. Цигахь оха белхаш бечу хенахь тхан кхечу пачхьалкхашкарчу коллегашка кхоллаелла зIенаш бахьана долуш хьалха-тIаьхьа делира ала мегар ду хIара хIума иштта кхочуш дара.
Латар -до бохург нохчийн, японхойн шина дашах кхолладелла ду. Цкъа хьалха японхойн маттахь цIе тилла дагахь бара массо а, амма юха оха дийцаре даьккхира, нохчи кху долорна юккъехь дуккхаъ хиларна, нохчий латарца бевзаш а хиларна, амма вуочу агIор нохчи тIаьхьарчу хенахь буьйцуш а хиларна, и вайн цIе дикчу агIонехь яккхийтархьама гIулч а хир яра, цIе нохчийн маттахь хилийтича дика хир дара, аьлла. Тхан и чекхдаккха аьтто а белира.
Латар-до, иза кхуллийн декъа волчу Бисаев Хаважис ма-дийцара, хIинцале а масех пачхьалкхехь официала регистраци а йина, шен векалш а, спортан кхерчаш а йолуш ду.
Цуьнан интернетерчу агIонна тIехь билгалдаьккхина ма-хиллара, керла спортан кеп- иза тайп-тайпанчу латарийн синтезехь кхоьллина ницкъ а, чехкалла а, къардайна хилар а къовсаран а, ткъа иштта могашалла ларйаран а, кхиоран а спорт ю.
Даханчу шарахь Европерчу масех пачхьалкхан спортан хьукматаша официала къобалйинчу Латар-до спортан хIинцале а масех турнир а хилла. Вена-гIалин а, ткъа иштта йоллучу Австрин а тIегIанехь къовсамаш хиллачул тIаьхьа тIейогIучу гурахь дIаяхьа леринчу дуьненаюкъарчу турниран кечам беш бу Венин ткъолгIачу кIоштахь кхерч болу спортхой.
Царна юккъехь 5-6 шарера дуьйна долчу берашна тIера гIеметта хIиттинчу наха кхаччалца берш бу.
Амма Бригиттенаурленде урамерчу кхерчахь говзалла Iамош берш массо а божабераш а, божарий а белахь, зударшна а вуно йогIуш а, царна товш а ю керлачу спортан кеп, бохуш дуьйцу Хаважис.
Бисаев: „Тхан карарчу хенахь кхоллаеллачу 4 тобанех цхьаъ зударийн тоба ю. Зударшна гуттар а и керла спорт товш карайо тхуна, церан чIогIа самукъа а долу цунах. Хьалха цара карате ечу хенахь, эшахь-ца эшахь, церан каташ Iамон езаш хуьлура, ткъа кхузахь уьш Iамон ца оьшуш, Iамошшехь латар а, шаьш лардан Iамар а карадерзадо цара. Цундела царна шайна вуно аьхка а, самукъане а хета Латар-до“.
Дуьненчохь шуьйра девзачу тайп-тайпанчу латарийн синтезехь кхоьллина ю, лакхахь аьлла ма-хиллара, Латар-до спортан кеп. Ткъа цу латарийн цIе нохчийн дашах лаьтташ а, тийсадаларшкахь омранаш нохчийн маттахь дар а доцург, цул сов нохчийн хIун ду цу спортехь аьлла шега деллачу хаттарна иштта жоп делира тренеро Бисаев Хаважис.
Бисаев: „Нохчийн цигахь цу тIехь асар вуно алсам нохчаша деш хилар а ду. И болх дIакхоьхьуш хьалхабевлларг нохчи хилар а ду. Вайн къомаца доьзна тIаьхьарчу хенахь цхьа а хIара ду аьлла дуьнене дIагайта дика хIума, кхиаме хIума дага ца догIу суна.
Дера, вайн цхьа-цхьацца нах бу къахьоьгуш а, кхимаш гойтуш а, амма къаьмнашка а, нахе а дIакховдо хIара тхан къоман хIума ду аьлла хIума ца девза суна.
Цу хьокъехь хIара Латар-до суна вуно беркате хир ду аьлла хета, вайн кегирхойн а, вайн къоман а спортаца йолу уьйраш а, спортехь кхиамаш а лакха а йохуш. Нохчашца доьзна а долуш, нохчийн цIе а йолуш дика а, пайдехь а долу хIума хилар – иза ду-кх сан кху балха тIехь уггаре а самукъадолург“.
Европехь нохчийн къомах болу кегирхой я криманелечу зуламийн декъа хиларца я радикалан исламхойн хьежамех Iеха а лой, джихадхойн тобанех дIабеттабаларца, я шайн спортехь болчу кхиамашца бевза доккхачу декъехь.
Кегирхой вуочу хIумнийн тIеIаткъамашка ца лацийца, церан дегIан могашалла а, церан толамашка а, кхиамашка а болу сатийсамаш алсам а бохуш, керлачу спортан кепаца уьш, олуш ма-хиллара, урамашкара чуберзон, церан потенциал царна шайна а, доллучу къомана а, уьш бехачу юкъараллийна беркатечу хорше ерзор лору Бисаев Хаважис шен а, шен накъостийн а Iалашо.
Цу тIехь Латар-до бохучу спортан кепо шайн аьтто бийр хиларх тешна а ву иза.