ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латаран чемпионатехь Францин цIарах дакъалоцуш ву ялх нохчо


Францин маьршачу кепехь латаран кегийрхойн вовшахтоьхна тоба, коллаж
Францин маьршачу кепехь латаран кегийрхойн вовшахтоьхна тоба, коллаж

Маьршачу кепехь латаран Европерчу кегийрхойн чемпионатехь Францин цIарах дакъа лоцур ду беккъа нохчех лаьттачу цхьаьнатоьхначу тобано. Летарш хIиттор ду Бухарестехь (Румыни), зазадокху-беттан 13-чуьра 19-чу дийне кхаччалц лаьттар ду уьш.

Ялх латархочо – Бибулатов Адама, Арсамерзуев Хьамзата, Сангариев Мухьаммад-Амина, Делиев Мохьмада, Магомадов Рахьима, Висханов Iадлана – дакъалоцур ду кеп-кепарчу йозаллин категорешкахь, аьлла ду Францин латаран Федерацин публикацехь.

Стохка оццу чемпионатехь Францин вовшахтоьхначу тобанехь а вара виъ нохчо.

20 шерашка бевллачу Европан а, дуьненан а чемпионан Магомадов Рахьиман доьзал Нохчийчуьра дIабахара 2007-чу шарахь. Ткъа Европан а, дуьненан а чемпионатехь борзан мидал йаьккхинчу Висханов Iадланан гергарнаш цул а шо даьллачул тIаьхьа махкара дIабахара. Шайн дIадахаран бахьана лерира Висхановс ненан цамгар а, "Оьрсийчуьра гIоьртина хьал" а.

  • Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето (МОК) чиллан-беттан 28-чохь кхайкхамбира йоллу спортан юкъараллашка, спортхойн къийсамашка Оьрсийчоьнан а, Беларусин а цIарах болу спортхой ма бита аьлла. Ца хуьлчу далахь спортхошна магийта йиш ю элира МОК-н векалша нейтралан статусехь дакъалаца. Эксперташка хаьттира Кавказ.Реалиин редакцино, Къилбаседа Кавказерчу профессионалан спортана тIехь мел Iаткъам бийр бу цо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG