ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латархойн "Ахмат" клубан а, Нохчийчуьра боксан федерацин а урхалла дийр ду Кадыровн 17 шо долчу кIанта


Absolute Championship Akhmat ийначу кепехь латарийн лиган турнирехь ву Кадыров Iела. 2022 шо, гIуран-беттан 23-гIа
Absolute Championship Akhmat ийначу кепехь латарийн лиган турнирехь ву Кадыров Iела. 2022 шо, гIуран-беттан 23-гIа

Республикера боксан федерацин президент а, "Ахмат" спортан клубан" коьрта директор а хIоттийна Кадыров Iела Рамзанович. Хетарехь, вуьйцург ву Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан 17 шо долу кIант. Куьйгаллехь оцу тайпа хийцамаш хилла зазадокху-баттахь, аьлла ду "Спарк" системехь.

Керлачу даржехь Iелас хIун лелор ду, хууш дац. Нохчийчоьнан Iедалхоша цкъачунна йина комментарий йац йина бинчу хийцамех.

Кадыров Iелас (иштта цунах олу Эли а, Зеламха а) куьйгалла деш ду "Ахматан" зазадокху-беттан 6-чуьра дуьйна схьа, боксан федерацин урхалла деш ду зазадокху-беттан 19-чу дийнера. Цул хьалха оцу шина а структурин куьйгалла деш вара Висмурадов Рамзан, Нохчийчоьнан урхалхочун 20 шо долу нуц. Кадырова Табарик йу цуьнгахь, ишта Кадыров Рамзанан уллорчу бIанакъостех волчу, ницкъаллин блокехула вице-премьер волчу Висмурадлв Абузайдан кIант а ву Рамзан.

2022-чу шарахь Кадыров Iелас контрактана куьгйаздира ийначу кепехь латарийн Absolute Championship Akhmat (АСА) лигаца, нохчийн Iедалхошца йоьзна йу и. Оцу йоллу хеначохь дозанал арахьа Iаморашкахь хан йоккхуш ву иза, шен ден гонашкарчу нохчийн UFC-н латархочуьнца Чимаев Хьамзатаца. Цуьнан тренер лоруш ву иза.

Стохка чиллан-баттахь Дубайхь Iаморашкахь волчу заманчохь кхиазхо волу Кадыров Iела гучуваьллера шен жимахволчу вешица, шейх Мансуран батальонан 16 шо долчу кураторца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "кхерамзаллин декъан" куьйгаллехь волчу. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн Iедалхойн сайтехь йолчу информацица, машен лело бакъо йу 18 шаре бевллачул тIаьхьа, и хахка бакъо карахь а йелахь.

  • 2022-чу шарахь Кадыровн воIарий Iела, Адам, Ахьмад Украинан дIалецначу дозанашка баьхкира. Нохчийчоьнан урхалхочо чIагIдира, цара тIамехь дакъалаьцна бохуш. Тоьшаллина видео хIоттийра цо социалан машане, цу тIехь цуьнан кIенташа герзаш детта йоккхачу тоьпаца а, гранатометца а. Нохчийн оппозицин телеграм-каналаша тергойира: видео тIера кадраш тылехь даьхна хиларан. Цара тIемаш бина боху меттиг йогIуш йу, цул а хьалха церан йиша – вице-премьер Кадырова Iайшат коьртехь а йолуш, делегаци хиллачу локацица.
  • "Терроризмаца къийсам латторна" некха тIехь лелон билгало а йу Кадыров Iелас лелош.
  • 2022-чу шарахь "Ахмат" клубан коьрта директор хилира Висмурадов Рамзан, иза а цхьаьна ву Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лаьцна. Цул а хьалха оцу клубехь латархо хилла ву иза, цо дакъалоцура ах профессионале лара тарлучу ийначу кепера летаршкахь. Чиллан-баттахь Висмурадов Рамзанна мидал йелира "Нохчийчоьнан республикина гIуллакхаш дарна" аьлла.
  • Пачхьалкхан кеп-кепарчу тIегIанера даржашкахь Нохчийчохь ву КадыровгIеран 100 ца кхоччуш гергара стаг – бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран цIийнах мел волчу, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG