Латтанашца доьзна Iоттабаккхаме, карзахе меттиг нисьелла СоьлжагIалин кIоштан ГIуларин эвлахь. Цкъа делахь, нахана хIусамаш ян декъначу дакъош тIехь цуо хьарамлонаш лелийна аьлла, бехк токхаман гIуллакх а долийна, чуволла хьийзош ву цигахь юртда лаьттина Яричев Iимран.
Талалмхоша чIагIдарца 2013-2015-чий шерашкахь цо 110 юьртахочунна спаравкаш олу харц кехат-тоьшалла делла церан лаьттан дакъош хилар чIагIдеш долу. «Шен даржах зуламе пайдаэцарна» аьлла, цунна дуьхьал долийна дов суьде кхачийна талламхоша.
ГIуларин эвларчу юртдена дуьхьал долийначу бехк токхаман гIуллакхан чаккхе маца,муха йоьрзур ю хууш дацахь а, цу девнан зов дукха адамаш вовшах кхетта, гуламехь карзахе дийцаре дина кху лахьанан беттан 13-чу дийнан пхьуьйран хенахь.
Ма дарра аьлча, бахархоша бульдозер олу трактор а ялош баьхкинчу Iедалхошна дуьхьалдо йина мацах цкъа шаьш эцна долчу дакъош тIера баххаш а, гIишлош а дIахьокхуьйтур яц шаьш аьлла. Цу хьокъехь сан къамел нисделла цигарчу яхархочуьнца Хьаваца.
Цуо дийцарехь гIуларой юьртан хIума мехала а,деза а мел хетарг сихонца йиллинчу меттиге дIавола аьлла зIенехула вовшашка хаамаш а бина,дIагулбелла хилла гуламе. Цуо дийцарехь, маьхькIамхоша и дакъош дуьтург 100 эзарнаш дехха а хилла юьртахошкара. Хьава ю дуьйцуш.
Хьава: «Сийсара гулам хилла-кх кхузахь латтанаш тIехула. Мацах цкъа делла латтанаш нийса ца делла аьлла,нах дIаса а бовлийтина,бульдозер ялош баьхкина хилла Iедалехь берш.
Наха вовшашка хаамаш а бина,юьртан кхоллам-кхане маьIне мел хетарг схьагулло аьлла кхайкхамаш бина ватсап чухула цIеххьана хIоьттина гулам». Схьагайта хьайн батт! « бохуш трактористан суьрташ даха а гIиртина юьртахой.
Иза ведда дIавахна кхин ша мила ву ца хоуьйтуш». Хьо декъаза ву-кх ахь кхузара цхьа хIума кагьяхь!», бохуш, мохь хьекхна зударша. 100 эзарнаш лахь дуьту бохуш а дуьйцу. Нехан мичара ду оццул ахчанаш, Адам гIийла доллуш ма ду…»
СоьлжагIалин кIоштан ГIуларин эвлахь санна юртдайшна а, латтанашна а гонах гIовгIа дуьххьала гIоттуш яц Нохчийчохь. Харц кехатийн бух тIехь бакъо йоцуш латтанаш дохкарна,дукха хан йоццуш, балхара воха а веш жоьпе озийна СемаIаш эвлара юртда а. Ишта хIинцца хIинца гурахь оццу латтанех с а ян гIортарна таIзар дина масех юртдайшна а.
Ала дашна, кхо-диъ шо хьалха, чехка хьовзийначу шайтIанан мохо бIогIам а бина, ирхъехьначу нех-кондарех тера,бух-бакъо йоцуш декъна латтанаш бахьнехь,дукха кIошташкара балхара дIабехира юртдай,цхьайолчу кIошташкара нисса ах а бохуш
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832