ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лазийначул тIаьхьа йуха а Украинера тIаме ваха реза ца хиларна кхел йина Нохчийчуьра вахархочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра мобилизаци йинчу Магомедов Валигуллина таIзар тIечIагIдина Ростов-гӀалара Къилбаседа гонашкара тӀеман кхело, Украинера тIамехь дакъалаца реза ца хиларна. Эскархочо дӀахьедина, ша дарба дан дезаш хиларх лаьцна. Иза иштта доллушехь, ши шо хан тоьхна цунна колонехь даккха.

ГIуллакхан материалаша дийцарехь, кху шеран дечкен-баттахь Магомадов реза ца хиллера ша гIуллакх дечу декъера тӀаме ваха. Бахьанаш далийнера цо, хьалхо тIамтIехь шена чевнаш йина хилар, лерган пардо йуха меттахIоттош операци йан йезар а.

Соьлж-ГӀаларчу гарнизонан кхело йухатоьхна цуьнан аргумент. "Магомадовн могушаллин хьоло новкъарло ца йора тIеман гӀуллакх кхочушдан", - аьлла ду таIзарехь йаздина. Апелляцино тӀечӀагӀбина и сацам.

  • Мобилизаци йинчу Гречишкин Александрна ши шой кхо бутт хан тоьхнера таӀзаран колонехь даккха. Иза реза ца хилира Украинан оккупаци йинчу дозана тӀе ваха, ша дарба лелош ву, лоьрех чекхвала везаш а ву аьлла.
  • Шен декъера доьазза веддачу Краснодарера контрактхочунна Мышкин Алексейна йалх шо хан туьйхира, тIеман декъера вадарна. Цхьана баттахь гергга эскаран гӀуллакхехь ца хиллера иза, цул тӀаьхьа таллам бечу йукъанна кхин а кхузза веддера иза цу декъера.
  • ТIамехь чевнаш йина хилла Волгоградан кIоштара ши эскархо нуьцкъаша йуха а дIавигира декъера тIемаш боьлхучу метте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG