Терроризмана тIехула лаьцна латточу Къилбаседа Кавказера йалх стага мангал-беттан 16-чу Iуьйранна Ростов-на-Дону гIаларчу номер 1 йолчу талламан изоляторан ши белхахо закъалте ийцира. Террорхойн "Исламан пачхьалкх" тобанан байракх йаржош, тIелеттачара тIедожийнера пачхьалкхера арадовла таро ло шайна аьлла, амма масех сахьт даьллачул тIаьхьа спецназо байира уьш. СИЗО дIалацаро тидам тIеозийра Оьрсийчоьнан пенитенциаран системера проблемашна – коррупцина тIера камераш тIехйуьзна хиларна тIе кхаччалц. ХIун бахьанаш ду цуьнан, оцу историн хьалхара тIаьхье а муха йу, къастийра "Кавказ.Реалии" сайто.
ТIелатарна кечлучу хенахь лаьцна чохь латточу йалханнан аьтто хиллера буса шайн камераш чуьра арабовла, царех цхьахволчун ка йаьллера и дерриг а видео тIе дIайаздан. Камери чуьра коран рама а йохош, хадархо волчу чу кхача тобанан аьтто хиллачул тIаьхьа закъалте лецира регионера таIзар кхочушдаран федералан урхаллин (УФСИН) оперативан хьукматан хьаькам, подполковник Богма Александр а, хадархойн сервисан лахара инспектор, 23 шо долу Кончаков Виктор а, хаамбира Baza телеграм-канало. Кхечу хаамашца, Богма изоляторе тIаьхьо кхаьчна хиллера, Кончаков маьршавоккхуш дийцарш доло.
СИЗО-н шина белхахочун куьйгаш дIадихкинера тутмакхаша, царна арсашца а, арсаш ирдечу гIирсашца а кхерамаш туьйсуш, машен а ло шайна, дуьхьало йоцуш Ростовера арадовла аьтто а баккха аьлла, тIедожийнера цара.
"Шен билгалонашца АллахI Дала кечйина тоба йу хIара…Доьху АллахIе, церан кара ма дахийта ахь тхо аьлла (видео тIехь цхьаммо тIетуху "дийна"),- боху видео тIехь цхьахволчу тутмакхо. Оцу заманчохь шолгIачо даIишан Iаьржа байракх йаржайо.
"Террорхойн" а, "экстремистийн" а гIуллакхашкахула лецна, аннекси йинчу ГIирмера а, Къилбаседа Кавказера а номер 1 йолчу СИЗО-хь хилла кхин болу тутмакхаш биссира шайн камераш чохь. Уьш кIелхьарбаха ца хIоьттира тIелеттачийн тоба.
Изолятор йолу гIалин йукъ дIакъевлира ницкъахоша, ФСИН-хь дIахьедира хьукмат "шен штатехь болх беш йу", цу чуьра хьал "тергонехь латтош ду" аьлла. ТIелеттачаьрца дийцарш доло кхечира меттигера бусалба динан урхаллин векал Абусупьянов Ахьмад. Цо дийцира меттигерчу Don Mash телеграм-канале, тIелеттачийн ойла хийца ницкъ ца кхечира шен, муфтият иблисана болх беш йу, ФСБ-ца йукъарлонаш долуш йу аьлла, бехкаш дехкира цара аьлла.
Оццу дийнахь 11:39 минот йаьллачу хенахь хьалхара хаам кхечира СИЗО-н дозана тIехь герзаш диттина аьлла. Цул тIаьхьа 15 минот йаьллачу заманчохь хаийтира, тIелеттарш берш байина аьлла. Вийначу йалханнах кхааннан куьйгашна тоьхна гIоьмаш йу.
Бехкзуламан гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан Талламан комитето закъалтхой лецар аьллачу Iедалан къепехула. Талламаш бечу хенахь тутмакхашкара йаьхна цхьа могIа "магийна йоцу хIуманаш", хаамбина "РИА Новости" агенталло. ТIаьхьо дийца даьккхира, номер 1 йолчу СИЗО-н белхахойх а талламаш беш хиларх, къаьсттина цуьнан куьйгалхочух Мусаев Андрейх.
Неофит, талорхо, студент
Изоляторехь закъалтхой лецначарлахь хиллера гIалгIайн ЧемалгIера 27 шо долу вахархо Акиев Шемал а, Соьлжа-ГIалара 36 шо долу Гиреев Тамерлан а, Карабулакера 25 шо долу Цуцкиев Азамат а. 2023-чу шеран гIуран-баттахь Къилбан гонашкара тIеман кхело бехке бинера уьш бакъо йоцуш лоьлхуьйтурш йарна а, уьш дIайехктина латторна а, теракташ йарна а, ишта террорхойн йукъараллин болхбар вовшахтохарна а, оцу Iалашнашца Iаморашкахь хиларна а. Официалан версица, Акиевн, Гиреевн, Цуцкиевн Iалашо хиллера Кхарачой-Чергазийчуьра Лакхарчу кхелан гIишлона тIелата, "Исламан пачхьалкхан" агIончаш а хиллера уьш.
Бехкебечех кхаанна 18 шераш кхайкхийнера колонихь такха, амма церан адвокато латкъам бинера таIзарна. ТаIзар динарш СИЗО-хь латтош хиллера, церан хьокъехь бина сацам низаме берззалц.
Камневца шога бара ницкъахой. Уьш къаьсттина эргIаде бара, оьрсичо дин тIецарна
Изолятор дIалаьцначу дийнахь Нохчийчуьра зорбанан министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, "хIаллакбинчу террорхойх цхьа а нохчо вац" аьлла, зорбанан гIирсашна бехкаш дехкира цо "фейкаш" йаржорна. ТIаьхьо цо бохург тIечIагIдира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а.
Закъалтхой лоцуш йукъахь хилла кхин цхьа декъашхо, медиан хаамашца, Камнев Д.В ву. Хетарехь, вуьйцург ву Камнев Даниил. Кавказ.Реалии сайто цунах лаьцна йаздира 2021-чу шарахь, 25 шо долчу Ставрополера вахархочун доьзало дийцира ницкъахоша цунна тIехь гIело латторах, теракт кечйеш вара хьуо алий, тIелаца бохуш. Цунна бевзаш а боцчу нахана тIе бехкаш кхохка бохура цуьнга, "Ат-Такфир Валь-Хьиджра" тобанехь шеца цхьана хилла нах бу бохуш.
Камнев – славянхо ву, колонихь дин тIеэцнера цо, ларамза кхиазхо волчу хенахь стаг вийна кхаьчна вара иза набахте. Хьамза аьлла шен цIе хийцинера Даниила. Хан текхна маьршаваьллачул тIаьхьа Кисловодскехь ваха хиънера иза, цигахь исламан динехь Дербентера нускал далийра цо. Дукха ца Iаш и шиъ лецира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин гIишло эккхийта кечлуш хиллера аьлла бехкаш дехкина. Жимчу стага дIахьедира, шена тIехь ницкъ барх, оцу хеначохь цуьнан гIуллакх луьстуш вара цу заманчохь "Iазапашна дуьхьал Командин" хилла юрист Янгулбаев Абубакар.
"Даниила дийцира, ФСБ-н белхахоша лоцучу хенахь хIуьтаренаш лелайора, шен зуда хьийзор йу бохуш, кхерамаш тийсинера аьлла. Цуьнга хеттарш дечу заманчохь морзаха йукъа Iийдинера цуьнан пIелгаш, ток йеттийтинера, цунна тIе хьатI диттинера", - дийцира бакъоларйархочо редакцина. – Цуьнан денанас дехар дира, шен кIентан кIант маьршаваккха таро ца лоьхуш, цунна тIехь къизаллаш лелор йоцчу кхечу меттиге иза дехьаваккха аьтто лахахьара бохуш. Ницкъахоша цуьнца къизаллаш лелор дузура гергарчара оьрсийн кIанта бусалба дин тIеэцарца".
Янгулбаевс тIетуьйхира, оперативан белхахоша билггал хIуьтаренаш лелош хилар дин тIеэцначу славянхошца.
"Ат-Такфир Валь-Хьиджра" гаранехь дакъалацарна а, терроризмах долчу гIуллакха йукъахь хиларна а бехкевора Камнев тIаьххьарчу шерашкахь. 2023-чу шеран мархьокху-баттахь Къилбан гонашкара тIеман кхеле кхечира гIуллакх, хIинццалц схьа толлуш ду и, рогIера кхеташо кху беттан 24-чохь хила йезаш йу.
Закъалтхой лоьцуш йукъахь хилла пхоьалгIаниг – Сайпуддинов М.Ш. ву. 2019-чу шарахь ХIинжа-ГIалара Кировн кхело талораш лелорна а, ахчанаш дахарна а таIзар дина Сайпудинов Магомед Шамилович ву иза. ТIелеттачийн тобанехь хилла тIаьххьарниг ву Астраханера лоьрийн академихь доьшуш хилла 22 шо долу Гандалоев Малик. 2023-чу шеран йуьххьехь вайна, цул тIаьхьа лаьцна, терроризмана бехкевина вара иза.
Маликца цхьаьна хIетахь вайнера цуьнан ваша Рамазан а. Масех кIиранах лехнера и шиъ церан наха – шина вешин нанас видео дIайазйира, "нахана бале ма вала", цул а "цIа вагIахьара" аьлла. Вайна шиъ волу меттиг бийцинчунна ахча лур ду аьлла, кхаъ кхайкхийра церан гергарчара.
СИЗО-ра дахаран мах мел бу?
Ростов кIоштара колонишкахула чекхваьллачу журналисто Резник Сергейс бохура Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь, кIоштара оперативан урхаллин куьйгалхо закъалте эца тутмакхийн аьтто хилар "оперативан ледарло а, уьш говзалла йолуш цахилар ду" аьлла.
"Ростов гIалин йуккъера ларйеш йолу дийнна хьукмат цхьана бахархойн дIалаца аьтто хилла. Оцу йукъанна церан карахь арсаш а, шайн буйнаш а бен кхин хIуммаъ а дац. Суна хетарехь, кхул тIаьхьа шогаллица хьесапаш дан деза Ростовн кIоштара ГУФСИН-н белхан. ХIара хIума хилале кIира хьалха сюжет ара ма хецна цара "йоллу талламан изоляторшлахь уггар а тоьлла" ха долу номер 1 йолу СИЗО аьлла", - дIахьедира Резника.
Номер 1 йолчу СИЗО-хь зIенех пайдаоьцийла дара, ахча делахь мегар долу дахар дара
Цуьнан хаамашца, цхьа могIа кхачамбацарш делахь а, Ростовера централ тутмакхаша "курорт" йу олура цигара куьйгалла мел а лартIахь хиларна. ХIора баттахь белхахошна 20 эзарна тIера 150 эзарна тIе кхаччалц мах а луш, бехкебийраш а, тутмакхаш а паргIат буьтура, кест-кеста талламаш ца бора камераш чохь, мобилан зIе латтайора цаьргахь.
"Дера хIара дIагайта масале долу изолятор йац, ФСБ-н номер 4 йолу СИЗО санна, цигахь йуучунна тIера, камераш чуьра къепена тIекхаччалц дерриг а нормативашца догIуш ду. Амма номер 1 йолчу СИЗО-хь зIе хуьлура, хьан ахча делахь мегар долуш дахар дара, сатоха тоаме хьелаш а дара. Йеккъа цхьа цIена коммерцин проект йу", - дерзийра Резника.
Оцу йукъанна изоляторехь тамашен нислора суицидаш. Резника бахарехь, ницкъахойн тIедахкаршца тутмакхаш байарх иштта дIахьедора. Керлачех цхьа масал ду – стохкалера шо довш "набахтен джамаIатан" гIуллакхехула бехкевина Алибориев Айнутдин ирхоллавалар.
Ростовера СИЗО-хь карарчу хенахь латтош ву мел лахара а политикан бехкзуламан гIуллакхашца лаьцна 140 стаг, дийцира Кавказ.Реалиин редакцига Avtozak Live проект кхоьллинчу Кондратьев Максима. Дукхахберш бу царех – Украинан бахархой, тIеман йийсархой а, иштта оккупаци йинчу дозанаш тIера маьрша нах а, церан гIуллакхаш луьстуш ду Къилбан гонашкара тIеман кхело. Ишта проектан хаамашца, цигахь латтош ву Баранник Кирилл а. ФСБ-н версица, аннекси йинчу ахгIайрин куьйгалхочунна Аксенов Сергейна кIело кечйеш хиллера цо.
"Баранник а, дукха хан йоццуш СИЗО балийна кхинберш а лаьтта бухарчу камераш чохь дIатарбина бу, тIаьхь-тIаьхьа лакха хьалабохур болуш бу уьш. 10-12 стагана леринчу камери чохь 30 тутмакх вита а тарло. Ишта латкъамаш кхочура йуург ледара хиларна а, иза а, хи а кхачам боллуш цахиларна а. СИЗО-н белхахой дIалецначу радикалашкахь телефон а, интернет а хилла аьлла дешча, чIогIа цецваьллера со, политикан тутмакхашна оцу кепара маршо магийна йац",- билгалдаьккхира Кондратьевс.
Ростов-на-Дону гIалара номер 1 йолчу СИЗО-хь изоялтор чохь хила везачул а 200-400 стаг сов вара аьлла, тIечIагIдира президентехула адамийн бакъонаш Iалашйечу кхеташонан (СПЧ) декъашхочо Мельников Алексейс а. Оцу йукъанна хьукматехь тIетоьаш ца хилла белхахойн кхоалгIа дакъа. СПЧ-н кхин а цхьана декъашхочун Меркачева Евин информацица, тIехйуьзначу изолятор чохь 40 гергга кхиазхо хилла -терроризмана бехкебечаьрца цхьаьна уьш битар "Iаламат чIогIа кхераме ду" элира цо.
"Спектакль йолуш санна хIума дара и"
Къайлахчу сервисашкара йаьлла ледарло йу аьлла ца хета СИЗО-хь хилларг, церан питана долуш санна хета, бохура Gulagu.net проектан авторо Осечкин Владимира. Цо терго йира тIелеттачийн йехий мажош хиларан, цо дохош ду изоляторера низамаш – мажош магийтина хила тарло оперативникийн пурбанца. Ишта хилар гойту, Осечкина бахарехь, цаьргахь смартфонаш а, мобилан интернет а хиларо, церан гIоьнца тутмакхаша закъалтхошца дIайазйина видеош дIакхоьхьуьйтура. Билггал динарг тIелатар хиллехь, церан интернет дIайоккхур йара. ТIелеттачийн мачаш а чимчаргIашца йу, иза а могуьйтуш дац СИЗО-хь.
"ТIаьххаьра а, хьовсийша террорхойн леларе. Царех цхьаммо йаржайо ИГИЛ-н байракх, йуха хьарчайо, и цхьа реквизит йолуш санна. Закъалтхой а цаьрца уллохь хевшина бу. И дерриг а цхьа ледара хIоттийначу спектакалх тера ду, актераш кхеташ а бацара тIаьхьа шайх хиндолчух", - дIахьедира Gulagu.net проета кхоьллинчо.
Къамелдечо билгалдаьккхира, Ростовн кIоштара СИЗО а, колонеш а "калойх" тера хилар – уьш "Iаьржа" лоруш йу, и бозург ду, формалехь доцуш криминалан авторитеташа куьйгалла деш хилар. Амма чуьра "цIен" йу, хIунда аьлча "блатной" болу берриг а ФСИН-н а ФСБ-н а оперативникин контролехь бу.
"Ницкъахойн агентура йу дIахIоттийна "кхетам болу криминалан авторитеташ" бу а бохуш. Вовшахтухучу "общакан" ах дакъа дIалуш ду коррупци йаржийначу ницкъахошна. Оцу кепарчу системо бакъо ло цхьана тутмакхийн куьйгашца администрацина товш боцу кхинберш хIаллакбан",- дерзийра Осечкина.
Шо хьалха ЧВК "Вагнеро" Ростов схьайоккхуш хIума хиллачул тIаьхьа а санна, официалан комментарий зорбане йаьккхира Ростовн кIоштан губернаторо Голубев Василийс масех сахьт даьллачул тIаьхьа. Оцу йоллу хеначохь регионан куьйгалхочун поста бухахь комментареш йитира, хиллачух ма-дарра дийца боухш, амма цу кепара хаамаш дIабойура. Цул а хьалха комментарий йира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Вийна виъ –махкара бахархой бу элира цо.
"Комментарий йинчул тIаьхьа телеграм-канале схьататтабеллера Оьрсийчоьнна дуьхьал болу провокаторш, къаьмнашна йукъара хьал талхо Iалашонца. ТIаьхьо телеграм-йукъараллийн цхьана декъо кар-кара оьцуш флешмоб йира цу темех. Шун массеран а комментареш гина. Амма цкъаунна ханна дIакъевлина уьш, питане шаьш Iеха ма дайталаш",- эххар а йаздира Голубевс.
- Терроризмана ахча латтийна аьлла бехкевинчу дагестанхойн "Черновик" газетин журналисто Гаджиев Iабдулмумина Роство-на-Дону гIалара номер 1 йолчу СИЗО-хь кхо шо сов хан йаьккхира. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь цо дийцинера хьукматера хьелех: чхьаьвригаш, мукадехкий, пенаш тIера леда канализацин боьхаллаш, тIуналла – иза а дерриг а дацара.
- Дийнахь пхоьазза ламаз дан а, цуьнца доьзна цхьацца гIуллакхаш дан а аьтто цахиларх, Рамадан баттахь марха кхаба йиш цахилар – оцу кепара бусалба нехан коьртачу проблемех лаьцна дийцира "Гражданское содействие" проектан аналитикан рапортехь.
- Бусалба дин лелон Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Узбекистанера а веа таIзар динчо дIахьедира Ульяновскан кIоштара набахтен белхахоша шайна тIехь гIело латторах а, шаьш лело дин бехдарх а. Чохь бахкочара дийцарехь, нуьцкъаша мажош йаьшна церан, динан литература дIайоккху, ламаз ден кузаш а ца дуьту, шаьш бохург ца дахь, йетта шайна аьлла. Оцу кепара бусулбанашца лелар даьржина хIума ду Оьрсийчоьнан пенитенциаран хьукматашкахь, билгалдоккху бакъоларйархоша, ткъа Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарх артиклах пайдаоьцу жигархошна тIаьхьабуьйлуш.
- Gulagu.net проектан авторо Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан Iилманийн докторо Миронова Верас а дийцира Кавказ.Реалиин редакцина, Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба нах муха хьийзабо.