ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь даздийр ду Лермонтов вина 200 шо кхачар


Нохчийчоь -- Нохчийчохь Лермонтовн цIарахчу театран хьалха хIоттийна долу тIулган сурт. 20Манг2012
Нохчийчоь -- Нохчийчохь Лермонтовн цIарахчу театран хьалха хIоттийна долу тIулган сурт. 20Манг2012

Гуьйранна, ГIадужу-баттахь, 200 шо кхочу оьрсийн сийлахь дешан говзанча Лермонтов Михаил вина. Дешаран а , Iилманан а министаралло Iорадаккхарца, цунна лерина нохчийн матте яьхна Лермотовн тоьлла байташ тIехь йолуш гулар арахоьцур ю Соьлжа-гIалахь.



Хууш ма-хиллара, гоьваллачу поэтан кхолларалла йозаелла ю Къилбаседа Кавказаца. Цундела лаа дац вайнехан яздархойн гонехь нохчийн матте гочйина цуьнан ирташ тIехь йолуш дуьххьала шакъаьстина гулар араяккха барт кхетар.

Лермонтов Михаила байташ дуьххьала йохуш яц нохчийн матте. Баккхийчу яздархоййх-поэтех аьлчи цуьнан ю боху байташ кхиамца ненан матте яьхначех ву Сулейманов Ахьмада а, Сулаев Мохьмада а.

Нохчийн маттахь Iаламат дика еша а, кхета а луш ека масала «Сагатло, сахьийза», «ГIалгIазкхийн аганан илли», «СагIадоьхург». «Хиндолчуьнга со кхераме хьоьжу» и кх. дIа а.

Мел маьIне ду нохчийн маттана а, литературана а Лермонтов байташ шакъаьстина гулар тIехь зорбьане яхар? Цу хаттар тIера доладелира сан къамел поэт-гочдархочуьнца Хатаев Хьусайнца Лермонтовн кхолларалло вайнехан дешархошна бан тарлучу синIаткъамах.

Хатаев Хьусайн: «Лермонтовн, Толстойн башхалла ю. Кхиберш ца буьйцу вай. Кхуза тхан цIахь, охьа а баьхкина, мостагIий а хилла, тIемаш бина ву масала Лермонтов а, Толстой а. Амма ишта доллушехь, нохчийн шайн мостагIий боллушехь, церан яхь еш, сийсаз ца беш яздина цара нохчех. И ю церан башхалла. И бахьнехь изза Лермонтовн а яхь ян йогIу аьлла хета суна. Цу агIор и болх-жарга вовшахтохар суна мехала хетта, цу схьайина яхьа дIаяр санна хIума ду-кх иза.»

Дукха яздархой гIиртина ирташ гочьян. Дукха байташ ю масала ишколан киншкаш тIехь а. Амма наггахь бен яц ойла хьаеш, кIорге йолуш, ориганалана герга ю ала тарлуш,царалахь дукха яц.

Хатаев Хьусайн:
«И ду-кх галдаьлларг. И хIума араяьлла а хилча, нисйина а,тайина а ца хилча, хIан и гочйина бахар суна сонта къамел хета. Валлай ду иза чIогIа жоьпалле хIума. Гочдаран маьIна ас муха кхетадо? Нагахь санна ахь гочдарш дикачу литературера ледарчу литературе деш дуй, и ледара литература цо яхье йоккхий, цо цунна кепаш йовзуьйту, керла кепаш йовзуьйту,керла ойланаш йовзуьйту.

Цо и литература денйой, самайоккхуш санна хIума до. Оццул мехала болх бу иза. Ахь и ледара бича цо цхьа яхье а ца воккху ,кIадда а ца до. Дукха хIумнаш ю-кх гочйина, цаьрга ладоьгIуш я ахь уьш йоьшуш дуьненахь хьуна аьттехьа дага ца догIу цо воьшург Лермонтов я Пушкин ву ала».

Корр: Хьусайн, хIинца хьайн аьллар хилча ахь цу гулар юкъа муьлха байташ йохуьйтур яра?

Хатаев Хьусайн: «Реза а волуш цу юкъа кхо байт йохуьйтур яра. Масала «Кавказ».

Кхолламо со шуна, тIаьхьарчу хенахь,
Къилбера хIай лаьмнаш, кхабахь а генахь,
Даима шу дагахь цкъа гинехь цхьанна,
Даймехкан и мерза мукъамаш санна,
Еза хьо суна,Кавказ!

Бераллехь висина , кхелхина нана,
Ткъа сарахь аренца Iаш хилла вас,
Хетара цо декош, генара аз,
Цундела деза ду хьан баххьаш пана.
Еза хьо суна Кавказ…!

Цхьа байт ю цуьнан байтанчех лаьцна. Хьо цу новкъа волуш велахь боху цо, хаа ду хьуна, хьенех, хьуна мА моьтту атта болх бац хьуна иза. Хьуна баркалла хир дац боху цо. IадIе, дола а мА де боху цо.

Ма теша, ма теша сатуьйсург къона,
Кхера сингIаттамах, хьо чевнах санна,
И дог ду бIарзделла, ницкъ лайна вонан,
Я готтехь ойла ю оьгIазе цхьанна.

Ахь цуьнца стиглара къайле ма леха,
И цIий ду, ницкъ а бу дег!ехь берг шортта,
Дезаршна, хьашташна ахь тоба дехьа,
Iанадай дIаьвшениг хьо ваха хIотта…»

Корр: Нохчий дешархой и Лермонтов кхето а,тIеэца а таро йолуш, охIла бу аьлла хетий хьуна?

Хатаев Хьусайн: «Дера и ала хIуттур вац со. Цхьа яхь йолу кегий нах хила а тарло илла, биллахI кхета хьожур ву со аьлла нигат дина, ша цу балхана Iамийна вацахь. Яхь йолчарна шайн ненан мотт беза а, мехала а бу. Цаьрга цхьаъ далур ду. И гочвар а, цуьнан хIумнаш араяхар а мехала хIума ду. Ахь цхьа ондда хIума нохчийн матте яьккхича цо мел чIогIа,цкъа а ца хьабиначу кепара нохчийн мотт хьабо хаьий хьуна? Цо и самабоккху, керла сурт хIоттош инзаре меттахбоккху».

Корр: Цу жарги юкъаваха лаам болчу байтанча-гочдархочунна хаа деза бах-кх ахь и мел жоьпалле гIуллакх ду?

Хатаев Хьусайн: «ЧIогIа жоьпаллу ду. Тахана ас дика тIе а оьцуш масех ву махкахь ишта жоьпалле гочдархо. Царех цхьаъ ву Абдуллаев Леча.»

Лермонтов Михаилан байташ гочьярх доьзна къамел дерзош суна яло лаьа Сулейманов Ахьмада нохчийн матте яьккхина «СагIадоьхург» байт.

Сийлахьчу зиярта хьалха,
Мацалла азвелла чIогIа,
Лаьттара ойлане, цхьалха,
ГIелвелла цхьа сагIадоьхург.

Йоьхура цхьа баьпган цуьрг цо,
БIаьргаша гойтура бала,
Амма тIулг биллира цхьаммо,
СагIийна кховдийначу кана.

Ишта ас лийхира безам,
Хьан,суна къайллаха езнарг.
Амма сан ойланаш мерза,
Ахь ишта Iехийра, хазниг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG