ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЛГБТК-адамийн бакъонаш Кавказехь хьешарх 90 хаам кхаьчна шо карадеачхьана бакъонашларйархошка


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Стохка дечкен-баттера схьа дуьйна "CK SOS" Оьрсийчоьнан кризисан тобане 90 сов хаам кхаьчна Къилбаседа Кавказан регионашкахь ЛГБТК-нехан бакъонаш хьешарх лаьцна хоуьйтуш. Оцу йукъанна 2022-чу шарахь 130 дIахьедар дира бакъоаларйархошка.

Кавказ.Реалии сайте кризисан тобанан векало Мирошникова Александрас дийцарехь, "CK SOS" тобано профилан шайн организацешка, масала, волонтерийн инициативан "Марем", психологин гIо латточу "Экстренная помощь" тобанашка дIаделла латкъамийн цхьа дакъа.

"Вукху декъана консультацин гIо кхачадо, цхьадолчу кехаташца цхьа информаци тхоьга схьакхачон хьийза уьш, амма орца ца доьху", - кхетийна Мирошниковас.

Оьрсийчуьра хьал телхина хиларца дузу "CK SOS" кризисан тобанан белхахоша шайга гIо доьхучу нехан терахь алсамдалар – адамашна хала ду тIаьхь-тIаьхьа регионера арадовла, царна тIаьхьабийлар чIагIделла, бакъоларйаран органаш кхин тIе а дера хьийза шаьш хьийзочу нахаца а, бакъоларйархошца а. Цул совнах, бакъоларйархоша билгалдоккху, шайн тоба чIогIа йовза а йолайелла, цундела дукха нах буьйлу шайца зIене аьлла.

Доьдучу шеран чиллин-баттахь кризисан тобано шайн дуьххьарлера рапорт кечйира шаьш бечу балхах дуьйцуш, цара дийцира, Къилбаседа Кавказера бахархошна тIаьхьабийларца доьзна уггар а резонансе хиллачу гIуллакхех: Дагестанера Асхабов Мохьмадах а, ХизриевгIеран йижерах Хадижатах, ПатIиматах, Нохчийчуьра вежарех Магамадов Салехьах а, Исаев Исмаилах а – и шиъ бехкевина гIаттамхочунна гIо дина ву аьлла, амма билггал долу бахьана дузу бакъоларйархоша гендеран идентификаллица, Лорсанова Аминатах, Мукаев Салманах Селимханов ИбрехIимах иштта доьзалехь ницкъ бора аьлла, йеддачу Ухманова Элинех а, Гиреева Лайлаах а.

Стигалкъекъа-беттан 5-чохь кризисан "СК SOS" тоба арахьара агенташ олучу тептаре йазйина.

  • "СК SOS" кризисан тоба кхоьллина 2021-чу шарахь. 2022-чу шарера схьа дуьйна цара шайн чоьте эцна Къилбаседа Кавказехь ЛГБТК-адамийн бакъонаш хьешарх лаьцна 130 меттиг. Доккхачу декъанна Дагестанехь а, Нохчийчохь а. 2022-чу шеран жамIашца, "СК SOS" тобано гIо дина 45 шайга орца дехначу стагана пачхьалкхера арабовлуш а, политикан тховкIело йолуьйтуш а. 26 стагана гIо дина регионера арабовлуш, цигахь кхерам лаьтттара царна.
  • Хьалхо Кавказ.Реалии сайтана дийцира "СК SOS" тобанан пресс-секретаро Розанов Мирона регионехь ЛГБТ-нахана тIаьхьабовларх тIаьххьара хиллачух а, тIеман хьелашкахь бакъоларйаръойн болх муха хийцабелла а.
  • Оханан-баттахь цхьа могIа бакъоларйархоша Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацига рапорт дахьийтина Къилбаседа Кавказехь адаман бакъонаш эшоран тоьшаллаш далош. Шен-шен хенахь дечу жамIийн хоршахь чуделла ду и документ. ДIахьедаран авторшлахь бу - Оьрсийчуьра "Правовая инициатива" цхьаьнакхетаралла, СК SOS кризисан тоба а, адаман бакъонаш ларйаран "Мемориал" центр а.
  • Дуьненайукъара бакъоларйаран Amnesty International йукъаралло зорбане даьккхина "Доллу дуьненчуьра рапорт 2023" документ. Цу тIехь дуьйцу дуьненчуьра адамийн бакъонашца долчу хьолах, Оьрсийчуьра хьолах лаьцна дуьйцуш къаьсттина Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларйеш цахилар билгалдаьккхина. Бакъонашларйархоша даредо, "муьлхха а кхечу агIор ойла йолчу стеган Iа къинхетамза лакъош хилар", нах лецар, пачхьалкхера дIабахначу Кадыровн критикийн гергарчаьрца шогалла лелор, цаьрга къурд алийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG