Эльдерханова Зайнап
Нохчийн маттах аьлча…
Нохчийн мотт, ненан мотт ма-эллинехь, уггар а хьалха Нана дагайогIу. Цуьнца яьккхина хаза зама а. Да-Нана, цхьа доккха ши дуьне дара, дуьнено санна шайна чу собар, гIиллакх, къинхетам, къинхьегам оьзна.
Бераллах олий дуьйцу вай.
Бералла сан хилла а яц. Цхьа а тайниг ца хила. Сайл жимах долу йиша-ваша Iалашдар – ловзар дара.
Нохчийн мотт аьлча дагайогIург Нана ю. Суьйранна чудирзича куьйга маха боккхуш пасатна йома юьллуш, кога техкош ага а, гIийла олуш назма а йолуш. Хьаьжас шен ненаца, Хедица, дина къамелах яра иза.
Жимчохь со ца кхетара иза хIунда йоьлху. Делахь а со тешара, Нана цхьана доккха, цIеначу хIуманна йоьлхуш юйла. Нанна дезнарг дезара суна.
Тхан хIусмехь даима нохчийн кхача хилла, деган уггаре а кIорге кхевда назма а хилла олуш. Гуонаха гушдерг, хезашдерг нохчийн маттахь хилла. Кхидерг, сайн доцург даго а ца хьехна.
Цундела безна сайн Даймохк.