Буобер
Байлахь дисина а, тилла а, телхина а долу бераш схьа а гулдеш, юха уьш хила хьакъдоллучу меттигашка дIа а доькъуш йолчу милицин пунктехь гинчу диъ шо кхаьчначу кIантах лаьцна. Волчара я волчо базара а валийна, иза дIакхоьсина пхоьалгIа бутт бара суна и гуш. Иза цу дийнахь интернате кхаба дIавелира.
Тимур ву боху хьо,
Тимка а олу хьох.
Нанас дIакхоьсина,
Хьо лохуш стаг а вац.
Стиглара ца воьжна,
Лаьттах а ца ваьлла-
Ша адам дацахь а,
Хьо винарг зуда ю.
Базарахь дIатесна,
Муьлхачо вити хьо?
Хьо карахь веанарг
Хьан нана яра-те,
Куьг лаьцна валийнарг
Хьан дада вара-те? –
Хьан дола ца дахь а,
Хила ма хилла уьш.
«Кхузахь саца», - аьлла,
Тешнабехк а бина,
Кхин ца лаха дагахь
Хьуна букъ берзийна,
Хьох къасттал къизалла
Ойлане йоьссина,
ТIулган дог чIагIделларг
Муьлха ду царшиннах?
Со хьоьга хьоьжуш Iа,
Дог лазар дазделла.
Къамел а сан сецна,
Ойлано вохийна.
Сибат ду хьан хаза,
Хьежарах ца Iебаш,
БIаьргаш бу хьан Iаьржа,
Хьекъале схьахьоьжуш.
Ахь «Дада» сох боху,
Хьайна да эшарна,
Лоьрах «Мама» олу,
Нана тIех езарна.
Техкиний- те нанас,
Хьо хIун ю а хууш,
Я моьттуш хилла те
Бехчалгех ша вина.
Мичара я хьена
Хьо ву ца хуъушехь
Сан хьох лоззучул
Лаза дог ца хилла,
Исс баттахь шен кийрахь
Ахь сагатдинчуьнан.
Накха- ма цо хьуна
Баина а хир бац.
Я мила теша рву
Цуьнан дог ду аьлча,
И адам ду аьлча
Адамех схьадаьлла.
Хир буй-те дуьненахь
Нанас ца ловш бала,
Шен бер цо дIакхоссал
Доьналлех и йохош.
Хьан ден сурт я сибат
Кхолла а ца лаьа,
Къонахчун сурт-сибат
Цуьнан хила хьакъ дац.
Нагахь дийна вацахь,
Цо суна гечдойла.
Ша дийна воллушехь,
И бертахь къаьстинехь,
Хьан лазам хуъушехь,
Маьрша лелаш велахь,
Доьху ас, варийлахь,
КъинтIера ма ваьллахь,
ЧIир дика яцахь а,
Цунна геч ма делахь.
И хала делахь а,
Даге ца лалахь а,
Къоламо ца яздеш
Куьг юха дийлахь а,
ГIийлачух дог лозуш
Со поэт хиларна,
Валац со тахана
Хьо винарг хьахоза.
Хьан нана ала-ма
Сан мотт а керчар бац,
Нана хьан хиллехь-ма
Хьо цуьнца хир вара.
Хьо мел хьаьстинчуьнга
ГIийла а ца хьоьжуш,
Кхин хьости-те бохуш,
ДIа-схьа а ца хьоьжуш.
Аьлла хир хьан нене
Цхьа кIилло мошано:
«КIант новкъара ваккхахь,
Юьгур ю хьо», - аьлла.
Я дашах, я дешех
Iехаелла хир и.
Хазалло, я хIонсо
Хьовзийна хир корта…
Аьллачо-м аьлла хир,
КIант шен ца хиларна,
Адамах дог лазар
Ша девзаш вацарна.
Ненан а ца хилла
Я хьовза корта а,
Уггаре ъхьомечух
Къахета дог а.
Дуьне дуьзна лела
Божарий къийбелла,
Шен кийрахь Iиллина
Хьо шена со ваьлла,
Сел къиза бина мах
И оьшуш боьрзур бу,
Кхин хьекъал доцу и
Шен кхело елхор ю.
ХIора дакъазаллехь
Ирсан цхьа дакъа ду,
Боккхачу вайн махкахь
Кхечахьа санна дац.
Виначо дIатасарх,
Хьан нана Даймохк бу,
Вайн нехан куьг кхочехь
Цхьа а байлахь хир вац.
Шек дIа ма вала хьо,
Со теша хьан ирсах.
Воккхавеш веха рву
Даймехкан кIант хилла.
Хало ца лайначух
Къонаха ца хилла,
Сайн тидамера ас
Хьо цкъа хервийр вац…