Эльдерханова Зайнап
ЙОI ЙИНА...
"ЙоI йина хьуна!" Цу кхоана велавелла вац цхьа а да. ЙоI йича, ур-аттал зингатна а новкъа догIу боху. «ХIан, хIинца хIара а еа, цуьргаш охьаэга ца дуьтург», – олу боху цара.
Дукха доьзалийн кхолламашкахь хилла-лелла хIума ду, йина аьлча, воккха ца вийнехь а, амма цул тIаьхьа мел йог1учу хенахь, йоI шен кIентел а дукхаезаш, вехаш нисло да.
Ден цIахь а, арахь а децIенна чу садиллина, беркате-м хуьлу йоI.
Схьахетарехь, нохчийн да воьлхуш йогIуш ши киртиг ю: ненан барам кех ара боккхуш а, дика, муьтIахь кхиъна ийман долу йоI маре йоьдуш а.
ЙоI дуьнен чу ялар я доьзалехь а, я юкъараллехь а дош ца хетахь а, амма экамечу, гIийлачу доьзалхочун – йоьIан карах-марахула чекхдолу доьзална, халкъана тIедогIу дика-вуо.
Шена дан амал доцург даима а къомана орцах юьйлуш гина дуьне-м ду хIара.
Нохчийн зуда, цкъа къонах хуьлий новкъа йолура хьо, юха, са дуткъделча, гIелделла жима бер хуьлура хьох.
Амма цкъа а гина яц хьо доьналлах, яхьах йоьхна. Ас юьйцург боккъал а цIий-орам нохчийн кхерчара схьабаьлла нохчийн йо1 ю.
Нохчийн зударийн де герга кхачале кест-кеста ойла вайн зударийн дахарна, кхолламна тIейоьдий Iа со.
Соьлжа-ГIала юккъехула йоькъуш, доьдучу Соьлжа хина тIехула тиллинчу тIеха йолуш, юхахьажаелча ирча, буьрса догIучу хих бIаьрг кхетча, генарчу заманахь йохийна, ягийна йохийначу Дадин-Юьртара дакъазабаха дуьгучу зудаберийн сурт карладолура. Ткъа Терк Соьлжа хинал а дистина, кIорга, шуьйра ду. Хи, цIе, Iин – ирча ду церан карах валар хилахь.
Еригге а заманашкахь ма деза, цIена, сирла хилла нохчийн йоьIан сий. Шен са мерза ду хIоранна. Къанвелча а лаьа ваха, могаш воцуш висча а ца лаьа дуьненах вала. Ткъа шайн жимачу, хазачу, дахар-дуьне дезачу хенахь 46 йоI цхьа барт бина Терка чу лилхина, елла бохург дуьненан шоралла, дохалла дехачу жил-Iаламна дIакхайкхадал хIума дара.
Дукха хуучара шайлахь дуьйцуш, даккхий синош дохуш, ойла ярца дагатосура и де. Амма оьздангаллин лар цкъа а ца йов, сий, цIе ларъяран некъах мел аьлла дош, мел баьккхина ког дуьне эхарта дерззалц диц ца до наха.
ХIинца вай дехачу курачу заманахь, сий, цIе бохург дIасакхийса ваьшна магочу заманахь, хIора урамехь, юьртахь оьшу дош дош долу къонахий, сий айбина лела мехкарий...
Нохчийн зуда.
Ялсаманахь уггаре а йоккха меттиг хьуна йогIу аьлла хета. Кедан юкъ санна, жимачу, горгачу Нохчийчоьнан кхерчахь хьуна тIехIиттинарш, ахь лайнарш, ахь дIасалистинарш собаран лам оьшу гIуллакхаш дара.
Ахь айхьа хьайна долчул а тIех даздина леладора дуьне. Хьайн эгIазчу куьйгашка беза мохь эцна йогIуш ю хьо.
Хьуна атта ирсе хила а ца хии, хьо зингат ду-кх цуьрг эцна доьду, рицкъ лаха доьду, хьо – цIоькъалом ду-кх кеман, танкин, бомбин цIе яйа канахь хи эцна доьду.
Стиглара охьадогIу догIа а догIа дац, – уьш хьан гулделла бIаьрхиш ду, халахетча а, хазахетча а девлла бIаьрхиш.
Нохчийн зударийн де. Иза хIора дийнахь а ду, хIора хIусам церан оьздангалло хазйина ю, церан собаро латтош ю.
Зударий оьзда мел бу дийна ю Нохчийчоь.