ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьраш цатоьучу итт регионашлахь йу Нохчийчоь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Пачхьалкхера итт субъектан топехь нисйелла Къилбаседа Кавказан республикашлахь цхьа Нохчийчоь 10 эзар вахархочунна уггар кIезиг лоьраш кхочуш. Оьрсийчоьнан йукъарчу барамал а лахара бу и гайтам къилбан а, Къилбаседа Кавказан а кхечу регионашкахь. И керла зераш дина Оьрсийчоьнан могушалла Iалашйаран министралло.

Марскхьокху-баттахь гучу хьолаца къаьсттина лоьраш тоьаш бац Жуьгтийн автономин а, Псковн а кIошташкара пачхьалкхан а, муниципалан а поликлиникашкахь. Цигахь 25 а, 26 а лор ву 10 эзар вахархочунна кхочуш. Рейтингехь чакхенера схьа ворхIолгIа меттиг дIалаьцна Нохчийчоьно, кхузахь 29 лор кхочу 10 эзар вахархочунна.

Оьрсийчуьра йукъарчу гайтамал а лахара ду хьал Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь, Адыгейхь, Дагестанехь (33 лор кхочу цигахь 10 эзар вахархочунна). Ростовн (34 лор), Волгоградан (35) кIошташкахь, ГIебарта Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а (38 лор). Йерриг Оьрсийчохь пачхьалкхан, йа муниципалан дарбан цIийнехь, йа поликлиникехь 10 эзар стагана 41 лор кхочу.

Ставрополан мохк бу "сихачу гӀоьнан" лоьрашца кхачо йарца доьзна уггар вон хьал долчу меттигах: хӀора 10 эзар вахархочунна 4 бен вац и тайпа белхахо – махкахь уггар лахара терахь ду иза. Цул сов, тӀаьххьарчу шерашкахь хьал телхина догIуш ду - шо хьалха 10 эзар вахархочунна пхиъ лор вара сихаллин гIо кхачочарех, ткъа 2022-чу шарахь 6 ву. Могушалла Ӏалашъйаран министраллан зерашца, йуккъерчу барамехь Оьрсийчохь хӀора 10 эзар вахархочунна 7 "орцан" медицинан белхахо кхочу.

Изза хьал ду Краснодар-махкахь а, цигахь 10 эзар вахархочунна "сихаллин гIо" кхачочу медикийн терахь 7 тIера 5 охьадаьлла. ХIара пхоьалгIа гIад дайна гайтам бу регионашлахь.

Леррина медицинан гӀо-накъосталла латточу лоьрийн уггар кӀезиг терахь хиларца хьалхарчу 10 регионна йукъайахана Адыгей а, Нохчийчоь а, аьлча а, профилан лоьраш. Адыгейхь хӀора 10 эзар вахархочунна и тайпа лор 10 кхочу (махкахь кхоалгӀа меттиг), ткъа Нохчийчохь – 11 (бархӀалгӀа меттиг). Йукъарчу хьесапехь хӀора 10 эзар Оьрсийчуьра вахархочунна 15 ву и тайпа лор.

  • Астраханан йарташкахь сихачу гӀоьнан белхахоша латкъамаш бо фельдшераш а, автомеханикаш а тIетоьаш ца хиларна - 2022-чу шарахь могушаллин министралло хаам бинера, оцу кӀоштахь кхечу меттигашкахьчул а дика кхачо йина царех аьлла. Изза хьал хааделла Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а кхечу регионашкахь а: машенашлелорхоша тӀехсов болх бо, цомгушчарна кхачам боллуш орцан гӀо ца кхачадо, билгалдоккху говзанчаша.
  • Дагестанехь а, Ставрополь-махкахь а 2022-чу шарахь фельдшерийн терахь йоллу пачхьалкхехьчул а ледара ду аьлла билгалдаьккхира. Астраханан кIоштахь статистике хьаьжча, сихаллин гIо кхачочу лоьрий терахь кхачам болуш дара.
  • Медицинан хьукматашкахь лоьрийн тоам хиларца махкахь тӀаьххьарчу меттехь йара ГӀалмакхойчоь. Зазадокху-бутт болалуш кхузахь оьшуш болчу лоьрашна йукъахь доьалгIа дакъа (26%) тоаме дац. Иштта Ставропол-махкахь а, Ростов-махкахь а Оьрсийчоьнан йуккъерчу барамал а лахара хилла лоьрашца йуьзна тӀегӀа, боху могушаллин министраллан официалан статистико.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG