ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонехь дов хоттуш ду гIажаройн оппозицин телеканалана тIелата кечлуш хиллачу нохчочун


Чиллин-беттан 11-чохь гIажаройн Iедалхоша Амини Махьса лацаран дуьхьал Лондонехь хIоттийна протест//Гайтаман сурт
Чиллин-беттан 11-чохь гIажаройн Iедалхоша Амини Махьса лацаран дуьхьал Лондонехь хIоттийна протест//Гайтаман сурт

ГIажаройн телекомпанин британхойн офисна тIелатар кечдарх дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула Нохчийчуьра вахархочун Довтаев Мохьмад-Хьусейнан дов хоттуш кхел йолайелла Лондонехь. Цунах лаьцна хаамбина Agence France-Presse гIирсо. Иза бехкево теракт кечйечу хенахь оьшу йолу информаци латторна.

31 шо долу Довтаев Мохьмад-Хьусейн чиллан-баттахь лецира Лондонан малхбузехь терроризмаца къийсам латточу декъан белхахоша. Бехкбуьллучийн версица, Австрин вахархо Довтаев Венера кеманца Лондоне веана хилла, Iran International канал чохь йолчу гIишлона уллохь "мостагIчун таллам" бан. Британхойн кхело "йозуш йоцу фарсин хаамийн канал, ГIажарийчуьра рожана критика йен" аьлла, йовзийтина и.

Тоьшаллийн метта гIуллакхехь лелош йу ворхI видеоролик, цу тIехь Довтаевс дуьйцу "Чизвик" бизнес-паркан дозана тIера кхерамзаллин барамех, цигахь йу телеканало доладен Volant Media офис. Шен бехк тIе ца лоцу цо.

"Иран Интернэшнл" телеканалана тIелетарш дан долийна набахтехь латточу заманчохь кхелхинчу ГIажарийчоьнан йахархочух Амини Махьсах лаьцна материалаш бахьанехь, дIахьедина прокуроро Николас де ла Поэра.

Хьиджаб лелор тIедожорна дуьхьало йеш лаьцна, цул тIаьхьа полицихь латточу заманчохь Амини кхалхаро протестийн тулгIе гIаттийра пачхьалкхехь.

  • ГIадужу-беттан 20-чохь Страсбурган кхело дуьненан Синагогина уллохь лецира уьрсаца 15 шо долу нохчех кхиазхо. Бакъоларйаран органийн хамашца, синагогин керта тIехула урс хьаькхна, цул тIаьхьа пхуьйшах лачкъийна хиллера цо. Жимчу стеган телефон чохь карийнера Калашниковн автомат "йетта" лицейна (муьлха лицей йуьйцу - хууш дац) аьлла, йахьийтина смс, цо йаздинера, ша "уггар а гIараваьлла нохчо" хир ву.
  • Лахьан-бутт бовш немцойн федералан Браденбург лаьтта тIехь лецира 16 шо долу Нохчийчуьра вахархо. Полицин хаамашца, Керлачу шарна хIоттийначу базарахь терроран тохар дан дагахь хиллера иза.
  • ГIадужу-беттан 13-чохь 20 шо долчу ГIалгIайчуьра Могушков Мохьаммад тIелетира уьрсаца, тоххара ша дешначу Аррас гIаларчу школана. Цхьа хьехархо вийра, кхаа стагана чевнаш йира.
  • ТIелатар динчул тIаьхьа пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина бакъо йелира президенто Макрон Эмануэла, радикалан исламехь ву аьлла шеконаш йолу 60 гергга Оьрсийчоьнан вахархо араваккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG