ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Лорда» йиттина а ца хилча, цуьнга хIун де боху?..


Йиттина Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада ханна мехкан лакхарчу кхелахочун гIентахь Iачу Мурдалов ТIахIирна я ца йиттина? Стенна дац тоаме тергамбечарна, ца йиттина шиммо а бохуш хилча?..

Тоаме дац, гарехь, иштаниг даима а лелаш хиларна - ша дина аьлла даьржинарг говза дижо хаьа Кадыров Рамзанан гонна. Иттаннаш дагийна цIенош, лечкъа а беш, бойу нах, къайлах бовдабой, еттий, дIахоьцу, бахьана а кхуллий, набахтешка хьийсабо...

Мурдаловс шена ца йиттина боху. Оцу хьокъехь цуьнга олуьйтуш, гойтучу 28 секундах бен йоцчу видеочохь «Грозный» телеканало дIалачкъийна юьхьан аьрру агIо. Оццул йоцачу видеокийсакна тележурналисташна эшна, воьхна Мурдалов кIеззиг бен а ца гойтуш, юьстахара сурташ тIелето.

Нохчийчохь тохар, Iоттар, вер лаккхарчу гонашна дихкина доцийла ца хууш вац стагга а. Тоьшаллаш кху пхийттех шарахь вуно-вуно дукха хезна, гина бахархошна.

Даудов Мохьмад – «Лорд» аьлча иза сихо вевза бахархошна – Кадыровн гонехь куьг деза бIаьхо вуйла массарна а хаьа.

Хиина иза лурчаха бакъоларъярхочунна, Кавказан къаьмнийн ассоциацин президентна Кутаев Русланна а, ша вайнах махкахбахар хьахош конференци йича, лаьцна Соьлж-ГIала цунна тIе а вигина, шена йиттича. Кутаевс кхелъечарна дийцира мехкан полицин гIанден гIовсо Алаудинов Аптис а, Даудов Мохьмада а шена тIе куьг дахьарх лаьцна. Амма кхелана тоьира цара шаьш Кутаевна ца йиттина аьлча, тергамза битира цуьнан латкъам.

Кутаевна еттар Iорадаьлча ший а, Алаудинов а, Даудов а, ваьккхира Малхбузено хьалхо Кадыров чуязвинну шен санкцийн тептара.

Уггаре гIарадаьлла, нохчаша дижа ца туьгуьйту тоьшалла ду Даудов хьаннах а лата шена магош адам дуйла гойту Ютубера масал. 2009-чу шеран бIаьста Шелахь Даудов Мохьмадан тобано вийра ши жима стаг. Царех цхьаьннан, Асхабов Юсупан да, Деналбек, вадийна вигира юьрта юккъехь Iахкочу декъешна тIе. ХIинца а хала ду и де дагалеца тIамехь виъ воI хIаллакъхиллачу Деналбекна.

Асхабов: "2009-чу шеран Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь Шела юккъехь ,тIейиттина, аьтта охьавиллира цара сан кIант а, цуьнан накъост а. Со вадийна, цунна тIевигира. "X{ара хьайн кIант вевзий хьуна", боху соьга. Вевза, бах ас, Юсуп ву-кх. Ас боху, "оцу Везачу Дала гIазот къобалдойла хьан!"....

"Лорд" олуш цхьа бандит ву, хIинца а оцу Рамзанна уллехь хиина Iаш а ву иза, оцо бетах хIума тоьхна, со аркъалваьккхи, тIаккха маккъаш бетташ, тиларчуьра вохий..."

Оццу 2009-чу шарахь Каляпин Игоран «Iазапна духьалояран комитето» талламчашка кхачийра Даудов Мохьмада воккхачу стагна еттарх долу тоьшаллаш. Амма витира иза таIзар ца деш.

И тайпа масалш-тоьшаллаш дукха лела интернетехь, Нохчийчоьнан бахархойн багахь.

Цундела дара маьIне юхьанца, йиттина Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудовс Мурдалов ТIахIирна я ца йиттина, боху хаттар. Ца йиттина аьлла хаам баьржийна шиммо а, нехан дийцарш генадевллачул тIаьхьа.

Ткъа хIинца мелла а хийцаделла прессехь хаттар. Иза иштта хеза: стенна аьлла те Мурдалов ТIахIира шена ца йиттина?..

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG