Оьрсийчоьнан Forbes зорбанан гӀирс кхоьллина Хлебников Пол верца доьзна лоьхуш волу Нохчийчуьра схьаваьлла Эдильсултанов Мохьмад 2020-гӀа шо кхаччалц Европера пачхьалкхашка вогIуш хилла, иза хиъна ФСБ-н къайлехь йолу информацера. Хаттарш кхолллало, Нохчийчоьнан куьйгаллица воьзна, стаг верна шеко йолуш хилларг маьрша муха лела йиш йара дуьненан массо а маьӀӀехь.
Эдильсултанов Мохьмад - Нохчийн-ГӀалгӀайн Автономин Советан Республикан Хьалха-Мартан кӀоштан Рошни-Чу юьртара схьаваьлла ву. Оьрсийчоьнан прокуратурано бинчу хаамца, 2000-чу шерашкахь Москвахь ахчанаш дохуш, нах бойъуш лелачу зуламан тобанан декъашхо вара иза.
Forbes журналан оьрсийн верси кхоьллина Хлебников Пол верна шеконаш йара Эдильсултановх – 2004-чу шеран товбеца-беттан 9-чохь зорбанан гӀирсан офисана уллехь герз тоьхна вийра. Пулемет-тапча йиттинера цунна, журналистан гайх, некхах а кхеттера, кхин цхьа даьндарг цуьнан кортах хьакхайеллера.
Хлебников дукха хенахь дуьйна Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарахь нохчийн зуламан хьаькамашца боьзна талламаш дӀахьош вар. Хлебниковс тидаме эцнера Нухаев Хож -Ахьмад -хьалхалера лазанхойн зуламхойн тобана хьалхаваьлла вавра иза, Ичкери йолчу хенахь политик хилера иза. Баку гIалахь йоккха интервью эца аьтто белира журналистана, I999-чу шарахь Нохчийчоьра Нухаев дIаваханчул тIаьхьа.
"Суна коьрта дара Нухаевца цхьаьнакхетар - суна хезнера, цо, дуккхаъчу нохчийн бандиташа а санна, Березовскийс карьера йолийначу йуьххьехь, цунна гӀо дина бохуш", - дийцира Хлебниковс. Шен "Варварца къамел" цӀе йолчу книги тӀехь цо ира критика йира Нухаевна, цуьнан ойланаш радикалан а, утопистийн йу аьлла. Хлебниковн даима а луьра "нохчашна дуьхьал" йолу позици йара, тӀаьхьо дагалоьцу Оьрсийчоьнан "Форбс" арахоьцуш хиллачу Бершидский Леонида. Талламхоша чӀагӀдарехь, Нухаев оьгӀазвахийтина хилла тептаран чулацамо, цо Хлебников вен омра дина хилла. Зулам динарг Дукузов Казбек ву, ткъа цу гӀуллакхехь дакъалаьцнарг Дукузовн ваша Мохьмад вара. Эдильсултанов Мохьмад йукъархойх цхьаъ ву боху, Хлебников вийначул тӀаьхьа 6 шарахь дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла иза. 20I0-чу шарахь иза ша гучувелира – цул тӀаьхьа Эдильсултановна дуьхьал мел кховдийна бехк дӀабаьккхира.
Къилбаседа Кавказан эксперташа а, регионехь болх бечу журналисташа а йукъахь гуттар а шеконе диллина дара оцу гӀуллакхан талламан верси. Нухаев вевзаш мел верг а кхеташ вара, цунна шех лаьцна негативан дийцарш хазахетар, цуьнан принципца а догӀуш дара иза: вониг мел дуьйцу, дика ду бохуш, дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцин къамелхоша.
Немцов верца доьзна
20I5-чу шарахь юха а гучуйолу Эдильсултановн цӀе – хӀинца Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис верна бехктакхаман гӀуллакхехь.
Немцов вийра 20I5-чу шарахь чиллин -беттан 27-чохь Кремлан уллехь, герз тоьхна. 20I4-чу шеран гIадужу-баттахь дуьйна, и верна бехкенаш, цунна тӀаьхьабевла лелла зазадохькху-беттан I-гӀа де тӀекхаччалц. Эдильсултанов 39I-зза телефонехула зӀене ваьлла хиллера, Немцов вен Iалашо йолу тобанца. Иза тIечагIдо "Проект" талламхошна йевзина йолу гIуллакхан материалашна йуккъера биллинг- информацица. Амма Эдильсултановн цIе йокхуш йацара цхьана а официалан талламехь.
"Проектан" талламхошна хетарехь, оцу кепара таллам бар бахьана хила тарло 20I3-чу шарахь дуьйна Ивановн кӀоштахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал хиллачу Мохьмадан вашас Эдильсултанов Ӏийсас Ӏаткъам бар. Ша Ӏийса 2020-чу шарахь дуьйна СИЗО-хь ву – бозбуунчаллаш лело гӀортарна а, зуламан тоба кхолларна а шеконаш йолуш.
Кхечу версица, Эдильсултанов политик Немцов верна бехкала валаран бахьана дара, Кадыров а, Нохчийчуьра Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а йукъагӀертар – талламан хьостано дийцарехь, Эдильсултанов цуьнан "генара гергара стаг" хуьлуш ву.
Амма хӀинца 4 шо ду Эдильсултанов Ӏиса СИЗО-хь волу, оцу хIумано шеконе дуьллу Пачхьалкхан Думан депутатца долу гегаргло, билгалдоккху Делимхановн гонерчу Кавказ.Реалии редакцин къамелхочо.
Делимхановс гӀуллакхаш сиха дӀадерзадо – дукхахьолахь шеконаш йолу нах Нохчийчу дӀа а боьлху, цигахь талламхошна "лар а йоцуш", боху хьостано.
"Шей нахана кхерамзаллин гарантеш"
Доккха дийцина, политикаца воьзна ши стаг верца гIуллакхах доьзна шеконаш йелахь а, Эдильсултанов Мохьмад дуккхаъчу шерашкахь Европе лелла хилла, ФСБ-н дозанан сервисера хаамаш дӀасабаржоран анализ йеш къастийна "Агентство" проекто. Иштта, 20I6-чу шеран товбеца-баттера 2020-чу шеран чиллин -батте кхаччалц кеманца вахана Эдильсултанов Франце а, Германе а, Итали а, Кипре а, Словене а, ткъа иштта шозза Болгари а.
Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал буьззинчу барамехь тӀом болийначул тӀаьхьа Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхашка а вахана вацара иза, амма шозза Истамбуле, цкъа Белграде кеманца вахана иза.
Шен нахана кхерамзаллин гарантии йалар - мафи хиларан норма йу
Иштта кхузза вахана иза Дубай, тӀаьххьара 2022-чу шеран мангал-баттахь. Цигахь Эдильсултановн сурт даьккхина Забил Сарай комплексана хьалха, цигахь Кадыровн арахьарчу резиденцех цхьаъ йу. Цхьана суьрта тӀехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергара накъостаца Делимханов Адамца лаьтташ ву Эдильсултанов.
Шен декъахошна кхерамзаллин гаранти латтор мафи хиларан норма йу, билгалдоккху бакъонашларъяран "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра. Амма Эдильсултанов нохчийн хилар иза бахьана дац иза цӀена нохчийн феномен и йу ала.
Дуьненан массо а маьӀӀехь лелачу заманчохь цхьанна а бала бацара, Эдильсултанов дуккхаъчу санкцийн тептарш тӀехь волчу Кадыровца уьйр йолуш ву-вац бохуш, дуьйцу Черкасовс: "Хаза аьлчи, и тайпа нах, оьздачу юкъараллехь къобал бяш боцу, паргIат дуьне ма-дду лелар, Оьрсийчоьнна норма йу. Вукху агӀор дийцича, дерриг а дуьненна иза моттаргӀанаш йу. ХӀунда йац Европано билггалбаьхна нахана кхайкхийна санкцеш лелош? Cанкцийн системан "ледара агIонаш" хиъча, царех атта чекхвала йиш йу".
Цул сов гучуделира, хӀетахь а санкцийн тептарехь хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоӀарий а 20I7-чу шарахь Европе бахана хилар. Хеди (Хутмат), Карина (Хадижат) а, Табарик а Париже хиллера, кхечу кепара фамили – "Мусаева" йазйинчу паспорташца, гучудаькхина "Агенствон" талламо.
Европа бандиташна йиллина ю, амма могӀарерчу оьрсашна къевлина йу
Оьрсийчоьнан дозанийн базехь йу 20I7-чу шарахь товбеца-беттан I2-чохь Соьлжа-гӀалара Париже дӀадаханчу Кадыров Рамзанан кеманна тӀехь хиллачу пассажирех лаьцна информаци. Кхоъ а йоӀ хӀетахь кхиазхо йара. "Агентствон" агIонехь дийцарехь, хӀинца а лелаш ду церан паспорташ. Иштта кеманна тӀехь йара Кадыров Рамзанан шолгӀа зуда лоруш йолу Хазуева Фатима а. Уьш берриш а хӀетахь Европан а, Американ а санкцийн тептар тIехь бара.
Нохчийн куьйгалхочун долчу кеманах пайдаэцар, Iедална тӀехдала йиш йацара, чӀагӀдо шен цӀе ца йовзийтар дехначу нохчийн политолого: " Биезамбоцчу церан дада Елисейн аренашкахь а, Монмартрехь а, Луврехь, кхин йолчу исбаьхьчу меттигашкахь а лела йиш йолуш ца хилча, оцу шансан пайда муха оьцур бацара Хоси-Йуьртара бахархоша? Дозаллица шайн "сийлахьчу" деден цIе лелош болчу цара. Европа зуламхошна йиллина йу, амма могӀарерчу Оьрсийчуьра бахархошна дӀакъевлина йу".
Кадыров Рамзан 20I4-чу шарахь дуьйна Европан санкцийн тептарш йуккъехь ву, иштта 20I7-чу шарахь дуьйна – Американ Пачхьалкхан департаментан санкцийн а. 2022-чу шарахь цуьнан йоӀаршна Ӏайшатна а, Каринина а дуьхьал а йехира. Оццу шарахь Вашингтоно санкцеш йукъайаьхнера Кадыровн кхаа зудчун хьокъехь – официалан зудчунна Меднин а, ткъа иштта Хазуева Фатимин а, Ахмадова Аминатан а. Цул совнах, Японин а, Евробертан а , Украинан а санкцийн тептаршкахь йу Кадырова Медни а, Хазуева Фатима а, йоьӀарий Кадырова Хадижат а, Табарик а. 2023-чу шарахь Кадыровн нана Аймани Американ санкцешна йукъа йахийтира, ткъа 2024-чу шарахь дуьйна Европан санкцешна юкъахь а йу иза.
Оьрсийчоьнан оппозицин куьйгалхойх цхьаъ Немцов Борис вийра 20I5-чу шарахь чиллан-беттан 27-чу дийнахь Москвахь, докхачу "Мокворецкий" тIай тIехь. Кхело бехкехилар тӀечӀагӀдинчу Нохчийчоьнан махкахочунна II шарера 20 шаре кхаччалц хан тоьхна, уггаре а лакхарчу кхерамзаллин колонехь такха. Кхело сацамца а догIуш, зулам дийриг I5 миллион сом делла хиллера. Цуьнца цхьаьна стаг вен омра динарш цкъачунна карийна бац, ма-дарра аьлча, царна дуьхьал цхьа а таллам беш бац.
-Немцов верна бехкевеш 20I7-чу шарахь I4 шо хан кхайкхийра Эскерханов Темирланна. 20I7-чу шарахь Европан кхело Оьрсийчоьнан Ӏедалшна тӀедожийра Эскерхановна 6000 евро барамехь компенсаци ло аьлла – латкъам бина хиллера цо, СИЗО-хь латторан хьелашна а, иштта Москвара Басманан кхело харцо лелийна аьлла.