ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасерчу митинган декъашхо полицин кара кхаьчна. Диъ шарахь лехамашкахь вара иза


2019 шеран зазадоккху-беттан 26-хь Магасехь хилла митинг. Гайтаман сурт
2019 шеран зазадоккху-беттан 26-хь Магасехь хилла митинг. Гайтаман сурт

Нохчийчоьнца долчу дозан хьокъехь бинчу сацамна дуьхьал Магасехь хиллачу митинган декъашхо полицин кара кхаьчна шен лаамца. Кхело цуьнан хьокъехь сацам бийр бу. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцина цуьнан адвоката Гулиев Хьусайна.

"Iедалан белхахочунна ницкъбарна боху артиклаца гIуллакх ду цунна дуьхьал диллина. Ессентукерчу СИЗО-хь латтош ву иза 48 сахьтана", – дийцина цо.

"Ингушетия" газето йаздарехь, лаьцнарг Малгобекан вахархо ву. Диъ шарахь федералан лехамахкахь вара иза, гезгмашин-беттан 25-хь Iедалан кара кхечира иза шен лаамехь.

2018 шеран гезгмашин-баттахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедашга барт бира, республикашна йуккъера дозанаш хуьйцуш – ГIалгIайчохь протесташ гIиттийра оцу хьоло. 2019 шеран зазадоккху-беттан 26-27 деношкахь Магасехь кхин а цхьа митинг гIаттийра, ницкъахошна а, протестхошна а йуккъехь тийсадаларш хуьлуш.

Зазадоккху-беттан 27-хь хиллачу митинган гIуллакхца кхелаш йина 52 стагна, дуьйцу "ОВД-инфо" гIирсо. Бакъоларйаран "Мемориал" центро "гIалгIайн гIуллакхехула" кхел йинарш политикан тутмакхаш лаьрра.

  • Дуьненайукъарчу лехамашкахь хилла волу ГIалгIайчуьрчу протестан декъашхо, республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина волу ГIалгIайн къоман конгрессан хьалханчех цхьаъ волу Погоров Ахьмад 2021 шеран чиллан-беттан 26-хь лецира шен Несарарчу хIусамехь. Къепе йохорна а, 2019 шарахь Магасехь митинг йоьдучу йукъанна полисхошна ницкъбарна а бехке лору иза.
  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь Ессентукехь кхело бехке лаьрра ГIалгIайчуьрчу дуьхьалонан акцешна хьалхабевлла лелла жигархой ницкъаллин структурийн белхахошна ницкъбар вовшахтохарна а, эскстремистийн юкъарло кхолларна а, ткъа иштта цунна юкъахь дакъалацарна а. Хенаш тоьхна царна 7-9 шераш набахтехь даккха. Ужахов Малсагна таIзар дина Iедална дуьхьал и организаци кхолларна, Барахоев Ахьмадна – цу йукъахь дакъалацарна. Оцу таIзарна апелляцин латкъам бира махкара кхело.
  • Европан Кхеташонан парламентан ассамблейно къобалйина, политикан буха тIехь Оьрсийчохь нах лоьцуш, хьийзош хиларх рапорт, цара резолюци тIеэцна, Оьрсийчоьнан Iедалхоша политикан тутмакхаш дIахеца аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG