ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкара арабовлучарна тIехь "терго латториг" хиларах дIахьедина нохчийн министро


Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

Республикера арабовлучу цхьаболчу бахархойн "цхьанна тайпана жоьпалла дац", "шайна ма луъу лела мегар ду моьтту царна", дIахьедира республикин къоман политикин, зорбанан, хаамийн министраллин куьйгалхочо Дудаев Ахьмада. "И санна дерг хилийта мегар дац", Iедал а, Кадыров а реза ца хуьлу и санна долчунна, тIетуьйхира цо. Хьалхо Кадыровн вешин кIант, цуьнан хьехамча волчу Кадыров Хьамзата кхерамаш тийссарца дIахьедарш дира махкарчу бахархошка. "Нохчийн ламасташ цалоручаьрга" дина дара уьш. Оьрсийчоьнан низамехь бац цу кепара леларш магошболу бух.

"Цо (Кадыровс - билг.ред) галдаьлла адам цIадалош телехьожийлехь гайтича, йа цхьа кхиндерг дича, интернетехь [цуьнан] бакъонашна гIело [йо олий], цхьа турпалхой гучубовлу, - дIахьедира Дудаевс, "кегийрхойн йукъараллин-патриотийн "Ахмат" боламан" векалшца , "патриотийн "Путин" клубан" векалшца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

"Бакъоларйахоша, журналисташа, институташа, цхьаьнакхетараллаша цхьаъ ала тарлора бохуш, шен леларш нисдан дагахь вац" Кадыров, аьлла тIетуьйхира цо. Дагадоуьйту вай, Нохчийчоьнан куьйгалхо цхьа могIа пачхьалкхийн санкцийн тептарехь хилар. Иштта массийттуза республикехь а, цунна арахьа а адамийн бакъонашна гIело йарехь бехкелерина ву иза, цунна тIехь дисна адамаш лечкъоран а, шен йемалхой дIабахаран а бехкаш.

Нохчийн меттигерчу телехьожийлехь а, аккаунташкахь а меттигерчу хьаькамаша сих-сиха гойту бахархой бехказбийларан видеош. Масала, 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан Iедалхоша бертаза цIаверзийра Москвара бIе сов нохчо. Уьш наркотикаш мийларехь бехкебира. Соьлжа-гIала схьабалийначаьрга массарна хьалха шайна къинтIера бовлар доьхуш къамелаш дайтира. Цул тIаьхьа уьш арара гIуллакхаш дан дIахьовсийра. Цу хенахь "Кавказский узел" гIирсо хеттарш диначара дийцира "низам цалоручеран" доьзалшна тIеIаткъам барах лаьцна.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIант а, хьехамча а волчу Кадыров Хьамзата социал-машанашкарчу шен аккаунташкахь республикерчу бахархошна кхерамаш тийсарца дIахьедарш дина."Нохчийн ламасташ цаларарна" жоьпе узур буйла дIахоуьйтуш. Цу кепарчу аккаунташна Iедалхоша Iуналла дийр ду, "низамах боха леринарш" совцор бу, элира цо. Дуьйцурш хIун низамаш ду, билгал ца даьккхира. Амма цу тайпачу дIахьедарийн бух Оьрсийчоьнан низамехь бац.
  • Нохчийчохь адамийн бакъонашна гIело йар а, тобанашца нах жоьпе ийзор а гIарадаьлла дуьненайукъарчу цхьанаькхетараллийн дIахьедарш бахьана долуш. Масала, Amnesty International болх бахьанехь. Иштта цунах лаьцна дийцина Евроберто а, Европин кхеташонан Ассамблейно а, Америкин Цхьаьнатоьхначу штатийн пачхьалкхан департаменто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG