ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкара тIаме бахийтинчу бахархойн терахь довзийтина Нохчийчоьнан Iедалша


Нохчийчохь Iаморашкахь бу эскархой
Нохчийчохь Iаморашкахь бу эскархой

Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалоцуш 21 эзар Нохчийчуьра вахархо ву аьлла Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Хьалхо хаамбора бертаза Украинана дуьхьал тIом бан бахийта нах лечкъорах а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан политикана резабоцу нахана бекхамбечу гIирсах санна мобилизацих пайдаоьцуш хиларх лаьцна.

Кадыровн телеграм-каналехь зорбане баьхначу хаамашца а догIуш, тахана тIамтIехь ву республикера исс эзар сов эскархо. Оцу юкъанна билгалдоккхуш дац, маса ву царех - Нохчийчуьра ницкъаллин структурийн белхахо, ткъа маса ву- "лаамхой" бу бохурш.

Гуьйранна Кадыров Рамзана хьийхира, Украинерчу тIаме 300-400 эзар вахархо хьажаве аьлла – Нохчийчуьра бахархойн доьалгIа дакъа хуьлу иза. Цул тIаьхьа "Ахмат" СОБР-н эскархошца хиллачу цхьанакхетарехь цо хьахийра регионехь мобилизаци кхин дIа а йахйан тарло аьлла.

Украинерчу тIамехь Нохчийчуьра 149 стаг валарх къаьстина Кавказ.Реалии редакцина, масийттазза алсамдолу и терахь, официалехь дIакхайкхийначул а.

  • ГIуран -бутт бовш дийца даьккхира Мелитополера садаIаран база хIаллакйина аьлла, цигахь дIатарбеллера кадыровхой: Украино дIахьедо 200 стаг вийна бохуш, Оьрсийчоьно – шиъ. Делахь а, Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа бахарехь, оцу хаамаша тоьшалла до, кадыровхой тIом боьдучу меттигна юьстах хиларан, тылехь тIеIаткъамбар а къуьйсуш.
  • Хьалха-Мартанехь куп тоьхначу Росгвардин оперативан полкан 94-чу тобано Херсонан кIоштера йухабоьлхуш байъинчу салтийн декъий аренца дитина хиллера, дийцира украинхойн телеграм-каналаша, Ураинан Кхерамазаллин сервисана тIе а тевжаш. И хаамаш официалехь тIечIагIбина бац.
  • Лахьан-беттан юьххьехь ВСУ-н Коьртачу штабо дIахьедира, Лисичанскана тохар дича нохчийн "Ахмат" тIеман тобанан 30 эскархо вийна, 15 гергга лазийна ву аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо ши де даьлча комментари йина ВСУ-но динчу дIахьедаршна. Регионерчу политико уьш "туьйранаш" ду элира. "Ахмат" спецдекъан командиро Алаудинов Аптис бахарехь, "мостагIчо ма-дийццара" цигахь "оццул эскархой бац", тIаккха тIаьххьарчу деношкахь тобанна эшамаш хилла а бац.
  • Гезгамашин-беттан 21-чохь масех иттаннашкахь Соьлжа-ГIалара зударий гIоьртира мобилизацина дуьхьал митинг хIоттон, уьш берриг лийцира. Акцино оьгIазвахийтинера Кадыров. Цул тIаьхьа митингехь лецнчу зударийн воIарий а, хIусамдай а, кхинболу гергарнаш а нуьцкъаша тIамтIе бахийтира "лаамхой" санна.
  • Бакъонашларйархоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаребечарлахь заьIапхой а, кхел йина нах а бу бохуш. Кегийрхой лечкъабо регионехь, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, тIемаш бечу меттигашка дIахьийсабо, йа кIелхаьарбовлуьйту даккхийра ахчанаш делча, чIагIдора оппозицин нохчийн 1ADAT боламо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG