Чиллан-беттан 24-чохь Украинана тIелетира Оьрсийчоь. ТIаьххьарчу ткъе итт шерачохь Оьрсийчоьнан Федерацино иштта тIемаш латтийра Нохчийчохь (1994–1996 –чу а, 1999–2009-чу а шерашкахь), Гуьржийчохь (2008-гIа шо), Шемахь (2014-2021-ра шераш). Оцу массо а конфликташкахь оьрсийн эскарш бехкедора къестамаш ца беш тIе еттарна а, маьрша бахархой байъарна а. Делахь а, оцу тайпа тIеман кепаш дуьххьара билггал Нохчийчохь "шарйина". Кавказ.Реалиино мах хадийра махкахь а, Украинехь а хиллачу тIемийн тера хиларан.
Оьрсийчоьнан эскаран агIора Нохчийчоьнна шозза агресси йина. Дуьхьало йохон Iалашонца Москвано тохарш дора нах бехачу меттигашка – хIинца Украинехь а санна.
Нохчийчоьнна бомбанаш еттар долийра, Оьрсийчоьнан Федерацино эскаршца чугIорта официалехь сацам тIеэцале масех бутт хьалха. 1994-чу шеран ГIадужу-беттан 15-чохь, дийнахь кхо сахьт даьллачу заманчохь, Оьрсийчоьнан тIеман аэродромашкара гIевттинчу "евзаш йоцчу тIома евллачу объекташа", хIаваэра тохарш дира масех Соьлжа-ГIаларчу гIишлона. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан кеманаш уьш хилар аьттехьа а тIе ца дитира Москвахь.
КIира даьлча, ГIадужу-беттан 21-чохь, ракеташ туьйхира Соьлжа-ГIалина юккъерчу базарахь а, бераш дуьненчу дохучу дарбан цIенна а. Мел кIезиг а, 140 вахархо вийра цу дийнахь, бIеннашкахь вара чевнаш йинарг. Нохчийн тIемалоша йина провокацеш яра уьш аьлла, дIахьедира Москвахь.
Шен заманчохь тхоьгахь мел цахилларг, тахана Украинан долуш ду: адамийн таро, доза, герз, доттагIий
1994-чу шеран Лахьан-беттан 26-чохь "нохчийн оппозицина" штурм йира. Йийсаре лецначарлахь меттигерчу бахархойх цхьа а вацара, амма бара, Москванан гергахь Кантемировскан дивизехь кечбина оьрсийн контрактникаш. ШолгIачу дийнахь оьрсийн авиацино тохарш дира нах бехачу меттигашкахь, юха а шайн тIелатар бакъ ца дира тIеман куьйгалло.
Лахьан-беттан 28-чохь дуьйна тохарш денна дан йолало Оьрсийчоьнан авиаци, цабашарца санна. Нах бехачу меттигашкахула лоха хьийзара кеманаш. Тохарш дора нах гулбеллачохь, бомбанаш хоьцура тезеташкахь лаьттачу нахана тIе а.
"Оьрсийн эскаро тIом беш белахьара, мел лахара а, цхьана парашютан, десантан полко шина сахьтехь йист йоккхур яра оцу хаттаран", - дIахьедира хIетахь тIеман министр хиллачу Грачев Павела, Нохчийчохь шаьш тIемаш беш хилар бакъ стенна ца до Москвано аьлла, журналисташа деллачу хаттарна жоп луш.
1994-чу шеран ГIуран баттахь дуьйна, хIаваэхула, артиллерица, танкашца, 400 эзар стаг веха Соьлжа-ГIала хIаллакъеш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша боьдург тIом бац, "конституцин къепе дIахIоттош, йолийна операци ю" элира.
Тахана Украинехь хуьлуш дерг тIом бу алар дихкина ду Оьрсийчохь – зорбанан гIирсашна тIедожийна оьрсийн эскарийн "леррина операци" ю алар. 28 шо хьалха Нохчийчохь а санна, Москвано тIе ца дуьту, шен армино маьршачу гIаланашкахь бомбанаш а, герзаш а деттар, чIагIдо, шаьш украинхой бу шайна тIе етташ, бохуш.
Нохчийчохь тIом болчу заманчохь оьрсийн салташа дукха хьолахь лелош ерг Оьрсийчоьнан флаг ца хуьлура, Советан заманара байракхаш яра – танкаш тIе а, БМП-на тIе а ухкура цара уьш. Изза ду ала тарло тахана Херсона кIоштахь деш дерг а.
Нохчийчохь хиллачу шина тIамах дийцарца хиъна ца Iачу, Оьрсийчохь дIаяьккхинчу "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочунна Черкасов Александрна, хетарехь, Украинан дозанаш тIехь беш болу тIемаш буста йиш ю Кавказехь хиллачу конфликташца.
"Хьалхара тералла – тIамах тIом ца боху, Луганскан а, Донецкан а кIошташкахь дIахьош йолу цхьа спецопераци ю хIара, амма йолийна цхьана хIуманна Украинан оцу регионашна геннахь. Нохчийчуьра тIеман конфликтах цкъа а ца элира тIом бу. Конституцин къепе дIахIоттор олура, бакъо йоцчу бандитийн вовшахтохараллашкара герз схьадоккхуш ду олура, 1994-1996-чу шерашкахь ма-хиллара, контртерроран операци яра – 1999 –чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц", - кхетийра Черкасовс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелхь.
"Оцу тIамехь Украино толам боккхург хиларх цхьана а кхетам чохь волчу стеган шеко яц
Цунна хетарехь, тIамах тIом ца олуьйтуш долор- оьрсийн Iедалхоша пайдаоьцу дуьненан юкъарчу гуманитаран бакъон низамаш лардан хьашто ца хилийта, шаьш лелочуьнца шайна маршо латтош.
"ШолгIа тера хилар доьзна ду, Оьрсийчоьнан ницкъийн леларца. Нохчийчохь вайна гина ду хержа а ца хоьржуш, къастийначу билгалонашна тIетаьIIина дина тохарш. Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхачийра оцу тохаршца доьзна дукхахдолу гIуллакхаш, амма бехкечарна таIзар дина дац, республикера арабуьйлучу мухIажарийн коврашна а, "кхерамзаллин зонаш" ю аьллачу, нах бехачу меттигашна тIейеттарна а", - кхин дIа дуьйцу бакъоларъярхочо.
Черкасовс билгалдоккху, Нохчийчохь а, йоллу Къилбаседа Кавказехь а шайгара дийлинчу гIалатийн а, зуламийн а зеделларг оьрсийн буьйралло тидаме эцна ца хилар, бехкечарна таIзар цадар, уставаш а, дешаран программаш а нисйина цахилар, цундела тамашен хир дара, Украинехь эскарш кхечу кепара лелар дара аьлча.
"Тахана вешан информаци яц вайгахь Украинехь тIемаш хуьлучу меттигашкара, амма хIораннан а таро ю хуьлуш дерг Нохчийчохь, Къилба ХIирийчохь, Гуьржийчохь, Украинан малхбалехь 20I14-чу шарахь дуьйна хиллачуьнца, Шемахь хиллачуьнца дуста", - боху къамел дечо.
Оьрсийчоьно тIаьххьарчу иттех шерачохь бечу тIемашна юкъара кхозлагIа тералла ю – эпсарийн корпус, 1990-2000-чу шерашкахь Кавказехь вовшахтоьхна йолу, цул тIаьхьа хиллачу конфликташкахь бух хIоттийна.
"Эпсарш оцу тIемашкахь кхиъна, цундела хала ду цаьргара кхечу агIор леларе догдаха. Украинерчу могIарерчу бахархошца а уьш кхечу агIор хиларе сатуьйсийла яц", - дерзийра къамел "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочо.
Кавказ.Реалиино иштта къамел дира Нохчийчохь хиллачу шина конфликтан а, Украинерчу тIеман а тера хиларх, украинхойн эскарехьа тIемаш бечу шейх Мансуран цIарахчу тобанан информацин сервисан хьаькамца Чеченский Богданца. Цо тидам бира, "доллу дуьнено дIатесна, ша цхьаъ дитинчу" нохчийн къомо Оьрсийчоьнца тIом бина хиларан, ткъа дуьхьало ечийн карахь еккъа автоматаш а, хӀоъмолха ца тоьъа куьйган гранатометаш бен яцара, къоьлла лаьттара яккхий тоьпийн а, ракеташ янне а яцара.
"ХIетахь вайн мел цахилларг тахана Украинан долуш ду. Нах, доза, герз, пачхьалкхан тIегIанехь цаьргахьа болу доттагIий. Оцу тIамехь Украино толам боккхург хиларх цхьана а кхетам чохь волчу стеган шеко яц", - дIахьедира къамел динчо.
Зазадокху-беттан 10-гIа де – нийса ши кIира хьалха болийра Украинехь тIом. Оцу хеначохь, Кавказ.Реалиин лараршца, тIемаш боьлхуш вийна мел лахара а 97 Къилбаседа Кавказан вахархо. Нохчийчуьра хаамаш кхочу, Илсхан-юьртахь а, Гуьмсехь а, Шелахь а, Эвтарахь а, иштта кхечу ярташкахь а эскархошна тезеташ хIитторах.