ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьршачу Ичкерига са а туьйсуш. Паьнказара жигархочо дуьйцу Гуьржийчуьра нохчех


Хангошвили Нона
Хангошвили Нона

XIX-чу бIешерашкахь Гуьржийчу дIабахна нохчий дIатарбелла Кахетин Ахметан муниципалитетан Паьнказан чIожехь. Оцу кIоштан бахархойх хIинца кистой олу. Гуьржийчоьнан Халкъан лардархочун аппаратерчу кхеташонехь кегийчу къаьмнийн гIуллакхаш луьстуш ю Хангошвили Нона (Туми) – Германехь вийначу политикан эмигрантан Хангошвили Зеламхин шича. 2008-чу шарера схьа дуьйна цо куьйгалла до ша кхоьллинчу "Паьнказана пайденна" цIе йолчу юкъараллин боламан.

Хангошвили – историк а, этнограф а ю, Паьнказан чIожан а, нохчийн къоман а историх лаьцна цхьа могIа книгаш язйина цо. Цуьнан деден дедас Дуис кхоьллина ю уггар йоккха оцу хьаьрмехь Дуиси эвла

Цул совнах, Хангошвили Нонас дакъалоцу дозанал а арахьа бехачу Ичкерин агIончийн дахарехь, "Европерчу нохчийн Ассамблейца" а, "Барт. Маршо" боламца а, "Толам" комитетца а юкъарлонаш лелош. Цаьрца цхьаьна цо дIахьош ю, Европехь а, Гуьржийчохь а йолчу диаспорийн векалш вовшахбетта политикан а, культурин а проекташ.

2010-2013-чу а шерашкахь, Нохчийчоьнан хьалхарчу президентах Дудаев Джохарах йисинчу Дудаева Аллица юкъахь гуьржийн телехьожийлехь кеп-кепарчу къаьмнех а, церан культурех а лаьцна "Кавказан портрет" цIе йолуш программа яра Хангошвилис дIахьош.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Хангошвили Нонас дийцира, Гуьржийчуьра нохчийн дахарх а, вийначу шен шичех а, Ичкерин маршонехь бинчу къийсамах а.

Паьнказара хьалхара маьждиг

– Дийцахьа шайн доьзалх лаций, дукха хан юй шу Гуьржийчохь деха?

– Пхи чкъор а хуьйцуш, тхан доьзал Дуисихь бехаш бу. Сан ворхIе дайх цхьаъ Дуи вара нохчийн Бечига эвлара. Ведана олучу юьртана гена йоццуш Тусхара ю иза. Цхьахволчу шен чIирхочунна бекхам бина хиллера цо, тIаккха леккха лаьмнашка хьалаваьлла, цул тIаьхьа Паьнказан чIоже.

Сан деден да Гебиш дуьххьара ву меттигерчу бахархойх гIаш Мекка вахна. Шина шарахь ларвинера иза, эххар а велла хила тарло а бохуш, тезет а хIоттийнера цунна. Амма иза цIа вирзира, Паьнказахь дин даржош дуккха а къахьегна а ву иза. Ткъа сан дедас Махьамгезас чIожехь хьалхара маьждиг схьадиллина, тахана а болх беш ду иза.

Сан да – меттигера къано а, историк а вара, цо цхьа могIа жайнаш арахецна Гуьржийчуьрчу нохчех лаьцна. Цунна тIаьххье кистойн историх а, этнографих а лаьцна книгаш ас а зорбане яьхна.

Паьнказа чIоже баха схьабаьхкинчу керлачу нохчашна ясакхан барам лахбийр бу аьллера, нагахь санна, цара чакхе "-швили" а йолуш, фамилеш схьаэцахь, цундела тхан массеран а гуьржйин фамилеш ю. Дуин дедах Ханг олуш хилла. Цуьнан тIаьхьено цуьнан цIарах гуьржийн фамили йина, иштта Хангошвили хилла царех

– Муьлха мотт бу шуна уггар а хьалхара?

– Нохчийн. Цу маттахь къамел дора доьзалехь. Берийн бешахь йолаелира со гуьржийн мотт Iамо, школехь оцу маттахь хуьлура хьехар. КхозлагIчу классехь юкъабаьккхира оьрсийн мотт. Суна хала ду оьрсийн маттахь къамелдан, ас цунах башха пайдаоьцуш а бац.

Суна гуттар а лаьара, бераша школехь нохчийн мотт Iамон. Масала, йозанехь нохчийн мотт ца хаьа суна, цундела стохка Гуьржийчоьнан Iедалхошца йолчу юкъараллин кхеташонехь оха кхетийра тхан берашна нохчийн урокаш юкъаяха оьшуш хиларх. Министраллехь дуьхьала бацара, тIаккха оха иштта проект кхоьллира. Дешаран министр Саникидзе Тамара бахьана долуш а, иштта къанойн Кхеташонан гIоьнца а тхан аьтто белира 2016-чу шарахь программи юкъа дахийта нохчийн меттан сахьташ, проект санна дацара и, пачхьалкхан программин дакъа санна дара.

Оха дехар дира нохчийн министралле тхайна книгаш яийтахьара аьлла, цара гIо а дира. ТIаккха тIаьхьа тидам бира оха, царна тIехь Оьрсийчоьнан пропаганда хиларан. Боккха къинхетам бу, сан йишас керла киншка хIоттийна оццу жайнийн буха тIехь, къанойн Кхеташонан рекомендацех пайда а оьцуш, Гуьржийчохь ООН-н Берийн фондан ахчанца зорба а туьйхира. Нохчийн къомо лоручу турпалхойх дийцарш юкъадахийтира оха. И жайнаш дукха хан йоццуш школашка дIасаекъна оха.

– Гуьржийн нохчашна коьрта дуй шайн къоман мотт а, культура а хаар?

Нах тешара халачу новкъабовлуш, оцу некъаца лан а лера уьш

– Да волчахь хьеший гулбелча, берашна даим а дуьйцура къоман турпалхойх дийцарш – Шейх Мансурах, Бенойн Байсангурах, Таймиев Бийболатах, Дуев Умех, Гухойн Губашех, Бенойн Салтамурдах, кхин а дуккхаъчех. Цара массара а Нохчийчоьнан маршо къийсина. Тхан доьзалехь ишта хилла ду, оха гуттар а ладийгIина оцу дийцаршка, имам Шемал вевзара, Оьрсийчоьнца болчу тIамах хаьара, тхан дай дуьхьал латтарх а хаьара. Тхуна дуьйцура, Кавказан тIом бирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьно Османан империца барт барх а, Туркойчохь Iаламат эвсара дахар хир ду шу бохуш, дIабахийта Iедалхоша агитаци ярх а. Нах тешара, халачу новкъабуьйлура, оцу некъа тIехь лара уьш. Цхьаберш бен дIа ца кхаьчнера, керлачу меттигашкахь охьахевшинера уьш. Сан цхьахйолчу йишина чIогIа интересе хеттера и дийцарш, Iарбойн мотт а Iамийна, Урдунерчу а, Шемарчу а вайнехан диаспорех лаьцна диссертаци язйина, и къобалйира цуьнан.

– Хьуна хетарехь, ткъолгIачу бIешерийн чакхенехь шун къомо маршонехьа бина хилла къийсам боьзна буй къаьсттина оцу историн иэсаца?

– 90 процент кистой Нохчийчоьнан хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран агIончаш бара. Хьалхара тIом бирзинчул тIаьхьа царех дукахберш Соьлжа-ГIала дехьабевлира. Маршонехьа къовса боккха лаам бара церан, шаьш а цу юкъагIоьртира уьш. Сан хенарчу наха а, хIинцалерачу кегийрхоша а тахана а цхьаьна лелош ю Ичкерин символика бедарш тIехь а, телефонаш тIехь а, массарна а дагахь хууш ю гимн а. Тхо чIогIа тIетайра иштта шолгIа тIом боьдуш хиллачу президентана Масхадов Асланна а

Маршонехьа къийсам

– Хьуна лаьарий Нохчийчу юхаян?

– 1992-1993-чу шерашкахь сан йижарий а, да а, кхинболу гергарнаш а бехаш бара Нохчийчохь. Сан йиша цигахь Ичкерин парламентца йоьзначу урхаллехь болх беш а яра. Туркойн университете деша хIотта яхара со Соьлжа-ГIала, - со дуьххьара кисто яра арахьарчу мехкашкахь лела паспорт эцнарг.

ХIетахь сийсаш дахар дара, адамаш маршонах даккхийдуьйш дара. Хаза кегийрхой а, мехкарий а хуьлура урамашкахула буьйлабелла лелаш. Эшарш лоькхура цара, хелхабуьйлура. Нохчийн зударий хаза бу аьлча и хенаш карлаюьйлу суна.

Туркойчу дIаваха луучу ши бIе стагах ткъе итт бен чекх ца велира конкурсехь, царлахь яра со а, кхин а кхо йоI а. Амма и конкурс вовшахтоьхначара элира соьга, зударий деша бохуьйтур бац, цундела сан ваша вахара, со Гуьржийчу юхаеара.

1988-чу шарахь со юха а Соьлжа-ГIала яхара, университетерчу дуьненан юкъаметтигийн факультете деша хIоьттира со. Ас тахана а дозалла до "Нохчийн республика Ичкерия" аьлла, тIеяздинчу сайн студентан билетах. Амма дукха ца Iаш шолгIа тIом белира, со Гуьржийчу дIаяхара.

– Хьуна хетарехь, шолгIачу тIамехь эшначул тIаьхьа нохчийн синхIоттамехь хийцамаш хиллий?

– Суна хааделира, уггар жигарнаш депресси боьлхуш. Адамийн дегайовхо яйна, динца синтем карийна царна. Нохчашлахь яьржина Iарбойн исламан кеп. Мажош а, салафитийн духар а лелон буьйлабелла кегийрхой.

2009–2010-чу шерашкахь Кадыровна дуьхьал хиллачех цхьа а ца висира Нохчийчохь. Оцу чамбаро цхьаболу нохчий Шемарчу тIамехь дакхалаца бахийтира

Суна а хаалора лазам а, басабелла кийра а. 2009-2010-чу шерийн чакхенехь Кадыровна дуьхьал хиллачех цхьа а ца висира Нохчийчохь. Оцу чамбаро цхьаболу нохчий Шемарчу тIамехь дакъалаца хьовсийра.

Оцу меттигехь царна гора, бусулбанаша шина а агIор вовшийн бойъуш, даккхий зенаш деш хилар. Эххар а Шемахь тIемаш бан луучийн могIарш лахделира. Паьнказара цига вахана 50-60 стаг. Суна хезна, царех цхьаберш юханехьа Гуьржийчу ца битира аьлла. Дукха хан йоццуш хиира суна, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан Украине бахна уьш.

– Дукха буй цигахь паьнказхой?

– Соьгарчу хаамашца, нохчийн батальонийн могIаршкахь тахана Украинехь тIемаш беш ву 20-30 Паьнказара стаг. Гуьржийн керлачу Iедалца проблемаш хилла царех цхьаберш кхин а хьалхе дIабаханера Украине, тIом а балале, цул тIаьхьа лаамхойн тобанех дIакхетта уьш.

Со борша стаг велхьара, тахана Украине со а гIур яра.

Билгалдаккхар: украинхойн агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир Адам Осмаев), ВСУ-н декъера "Акха арданг" тоба а, иштта Шейх Мансуран цIарах , ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден, лаамхойн батальон а.

Аьхка Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министран Закаев Ахьмадан омраца кхоьллира, Украинан интернационалан легионан декъехь Къаьстина батальон (ОБОН). Цуьнан командир хIоттийра полковник Зумсо Хьаьжа-Мурд.

Хьалхо Кадыровс миллион долларшкахь ахча кхайкхийра Дудаев Джохаран а, Шейх Мансуран а цIарах йолчу украинхойн батальонийн командираш (Осмаев Адам а, ЧIебарлойн Муслим) болчу меттигах шайга хаамаш кхачийначунна.

Iадаташ а, нехан цIартIе ялар а

– Муха лардора шун доьзалехь нохчийн Iадаташ?

– Тхан дас шога тIедиллинера тхуна Iадаташ лардар, амма суна цкъа а ца хааелла негатив. Со сайга мел де бохург, ас сайн лаамехь дора.

Класс йоьдуш цаьрца экскурси йохуьйтура со цо, сайн накъосташца а лоьлуьйтура. Маре яхначул тIаьхьа йолаелира со йовлакх лелон а. Цигара йоьхча, дIадаьккхира, хIинца юха а лелош ду.

– Муха нисделира хьан дахар?

– Туркойчу дIаяха аьтто ца баьллачул тIаьхьа, со Паьнказа юхайирзира. Зуда ялайе аьлла, тIедожийначу цхьана кIанта хIетахь ядийра со. Со цхьанна хазъелла аьлла, соьга хаийтина дацара, Iеха а йина, цуьнан хIусаме дIайигира со.

Сан гергарчех официалехь делегаци еача, со декхаре хилира, сайн лаамехь еана ала. Со бертаза йигина ас аьллехь, чIир юкъайола тарлора. Со лууш яцара оцу доьзалехь йиса, амма кхин некъ бацара. Суна "ядар" геч ца деш дикка хан яьхьира сан дас-нанас.

Що даьлча бен берта ца дахара тхо. Кхин а кхо шо даьлча, сан йоI хилира, тIаьхьо суна гучуделира, сан хIусамден Москвахь кхин а зуда хиллийла, цигахь йоккхура цо дукхахйолу хан. Цул тIаьхьа цунах дIакъаста сацам бира ас.

– ЙоI деца йита дийзир-кх хьан?

– ХIаъ. ЙоI оцу доьзалехь ас Iад ца йитахь, со цIа юьтур яц элира соьга. Кхин а кхаа шарахь, йоI жимма а онда яллалц цигахь хан яккха дийзира сан.

Сан йоI ган цкъа а дуьхьало ца йора суна, сан да-нана долчахь хуьлура иза сих-сиха. Иза 3-чу классехь йолчу хенахь дас дехар дира сан марда-марнана хиллачаьрга, йоI дIайигийта аьлла. ХIетахь дуьйна тхо Тбилисихь дехаш дара цхьаьна, со доьшуш яра хIетахь.

ШолгIа маре яхначохь боккха аьтто хилира сан, со елла дIаяллалц сайна уллохь хила луу накъост ву соьца хIинца.

Къайлаха сервисаш тIаьхьайийлар

– Дийцахьа хьайн шичех, Хангошвили Зелимханах.

– Цуьнан валаро боккха эшам бира суна. Тхойшиъ цхьана хьалакхиъна дара ала тарло, жимчохь дуьйна дотттагIалла а лелош. Иза Тбилисихь вара, даим уллохь хуьлура. Мичча хенахь а, муьлхха а сингаттам Iоттабелча, цуьнга орца деха йиш яра сан. Ас цкъа а са ца дуура ден-ненан а, вешин а, оцу сохьта ас Зелимхане телефон тухура. Буса делахь а, схьахьодура иза оьшучу хенахь.

Дайн ламасташ лорура цо, иштта ларам бара цуьнан салафитийн некъа тIехь болучаьрца а. Муьлхха конфликт иккхича а, юккъехь лаьттара иза, чIогIа дин лелош а вара иза

Саакашвили Михаил президент волчу хенахь Зеламхана олура, паргIат хета шена – оцу заманахь цунна тIаьхьабевлла бацара. Амма Iедал хийцаделча, цунна хиира, шена тIаьхьабевллий

Саакашвили Михаил президент волчу хенахь Зелимхана олура, паргIат хета шена – оцу заманахь цунна тIаьхьабевлла бацара. Амма Iедал хийцаделча, цунна хиира, шена тIаьхьабевллий

– Тбилисихь цунна кIелояр теллирий?

– 2015-чу шарахь Тбилисихь чевнаш йира Зелимханна, талламабаро хIуммаъ йист ца яьккхира. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн болх и хиларх дуккха а тоьшаллаш делира цо прокуратуре, факташ йелира талламхошка а, юха а кIело йийр ю шена а бехира, амма цунах гIуллакх ца хилира.

Цул тIаьхьа Германига ша Iалашве аьлла, дийхира цо. Шена кIелоярх гIуллакх теллина цахиларх гуьржийн полицига документаш ло бехира Зелимхана. Цигахь цунна тховкIело ялийтархьама оьшуш дара уьш. Амма гуьржийн агIоно кхочуш ца дира дехар. Цул тIаьхьа вийра Зеламха.

Талламан юкъа политика а ца хьекхош, цхьа наггахь бен хуьлу хIума дац хIара, немцой ца кхийрира Оьрсийчоьнца эгIарна, тIаьххьара а иза вийначун хьокъехь нийса сацам бира. Суна хаьа, Зеламхина герз тоьхна Красиков Вадим кхечу зуламхочуьнца хийца гIертий Оьрсийчоь. Нагахь санна, иза маьршавоккхий, кхин дIа а нохчий бойъуш лелар ву.

Красиковца Европо хуьйцуш верг цхьа чIогIа стаг ца хиллехь, уьш реза хир бацара хийца, со-м кхета. Делахь а, суна хетарехь, данне а дан мегар доцург ду иза, хIунда аьлча, Европерчу пачхьалкхехь нийсо, бакъо ю лелаш боху нохчийн тешам байна ца Iаш, тIаккха кхечу къаьмнийн а бовр бу.

– Iадаташца а догIуш, Красиков шун доьзалан чIирхо хуьлий?

– Цунна шена чIир йойла дац. Юьхьанца тхуна моьттура, Зеламха верна кадыровхой бехке бу, амма тIаьхьа Берлинехь бинчу талламо довзийтира бакъдерг.

Iалаташца Путинна чIир а кхайкхийна, иза вен дезаш дара тхо.

ЧIогIа хила луург

– Паьнказа богIий кадыровхой?

– Наггахь богIуш нисло. Амма цхьа леррина, дипломатихь лела уьш, хIунда аьлча, меттигерчарна цхьанна а ца веза Кадыров. Масех шо хьалха агитаторша нохчийн байракх яржийра машена тIехь, Кадыровн сурт а тоьхна, ярташкахула хехкабелира. Меттигерчарна иза гича, цара машен саца а йина, кхузахь иштта лела мегар дац аьлла хиллера. Пропагандисташна хиира, шайца забарш йийр йоцийла, иштта дIабайра уьш.

– Лаьий хьуна Соьлжа-ГIала юхаяха?

– Сан дас даим олура, вай юхагIур ду, Нохчийчоь маьрша ма хилли. Ас даггара баркалла боху гуьржашна, амма Соьлжа-гIала юха а яхана, маьршачу Нохчийчохь яха -сан лаам бу. 22 шо ду со цигахь хиланза, амма де дIа ца доьду, суна иза дага ца йогIуш. Лийр ю-те со, сай жима даймохк а ца гуш?

***

Хангошвили Зеламха вийнарг хиллера, харц кехаташ лелаш хилла Оьрсийчоьнан вахархо Красиков Вадим. Журналистийн-талламхойн хаамашца, иза воьзна ву Оьрсийчоьнан ФСБ-ца.

2021-чу шеран гIуран-беттан 15-хь Берлинан Лаккхарчу латтанийн кхело стаг верна бехке лерира Красиков, валлалц набахтехь йаккха хан а туьйхира цунна, хенал хьалха аравала аьтто а ца луш. Оьрсийчоьнан Iедална тIедиллира кхелахочо и зулам дар, хилларг "пачхьалкхан тероралла" ду а олуш.

Карарчу хенахь Красиков Берлинерчу набахтера "депортацига хьоьжу чубоьхкинарш латточу лерринчу хьукмате" дехьаваьккхина. Цо тоьшалла деш хила тарло, иза хийца кечвеш хиларан.

Кху шеран товбеца-баттахь CNN-но масех анониман хьасташна тIе а тевжаш дIахьедира, олимпикан толамхо Бритни Грайнер, хIордан гIашсалти хилла волу Уилан Пол а герз дохкарна чувоьллинчу Бут Викторца хийца аьлла Америко хьехначунна дуьхьал Москвано Красиков Вадим оцу хийцарна юкъатоха аьллера.

Берлино а, Москвано тешам болуш лелийна юкъаметтигаш эгIайо оцу зуламо аьлла, 2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дIахьединчу Германин канцлер лаьттинчу Меркель Ангелана Хангошвили Зеламха вер кризисе мIаьрго хилира.

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира 2019 шеран ГIуран-баттахь "цIий Iенийна бандит" ву Хангошвили Зеламха, "цо вовшахтоьхна Москварчу метрохь дина эккхийтар", элира. "Криминалан гIуллакх" лерира цо Хангошвили вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG