ТIекхочийла долу линкаш

 
Мархийн бутт а, базар а. Нохчийчуьра бахархой холчахь бу йуучунна мехаш тIетохарна
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархийн бутт а, базар а. Нохчийчуьра бахархой холчахь бу йуучунна мехаш тIетохарна


Нохчийчуьра "Беркат" базарахь, архивера сурт
Нохчийчуьра "Беркат" базарахь, архивера сурт

Нохчийчохь ватсапехула вовшашка дIасакхоьхьуьйтуш бу меттигерчу цхьана йахархочо муфтиятан векалшка а, совдегаршка а бина кхайкхам. Цу тӀехь цо доьху бусулба нахана безачу Мархийн баттахь йуучунна мехаш цIеххьана тIетохар тергоне а эций, цуьнан йист йаккхахьара бохуш. Массо а йаккхий йохка-эцаран туьканаш республикера арайаьхна регионан Ӏедалша, хуьлуш йолу са йерриг а шайна чохь йисийтархьама. ХIинца царна хьалха дисина, догIуш долу хаттар: административан гIирсашца мехаш цхьана тIегIанехь дита ницкъ хIунда ца кхочу?

Кху шарахь Мархийн беттан 29-чу дийнахь хир ду тIаьххьара марха, ткъа 30-чу дийнахь бусалба динехь болчара даздийр ду Марха досту деза де (Iийд ал-Фитр). Цунна хьалххе кечам бо Нохчийчуьрчу бахархоша: шайн хӀусамашкахь а, керташкахь а цӀано йо, шайна а, берашна а деза духарш оьцу, стоьла дIайуза кеп-кепара цхьа наггахь бен кечдеш доцу даарш а хIиттош. Йуучу хӀуманна а, кхин долчу коьртачу гӀуллакхашна а йеш йолу харжаш алсамйовлуш дезде ду иза. ХӀора шарахь цунна кечам бар талхадо мехаш хьаладовларо, социалан машанашкахь бахархоша кхайкхамаш бо "эхь-бехк доцчу" совдегаршка жимма къинхетаме хила бохуш.

Мархийн баттахь мехаш хьала ца дахийта стаг вац-те вай долчахь?

Нохчийчуьрчу йахархочо латкъамаш бо шен ватсапехула, луларчу мехкашкахь и тайпа IалагIож йац бохуш, цигахь, дийцарехь, мехаш шаьш ма-хиллара латтош ду. Масална хьахийра цо ГӀалгӀайчоь а, дезачу деношкахь мехаш шайн низамехь латтош йолу Оьрсийчоьнан гӀаланашкара йаккхий супермаркеташ а.

"ГIазакхийн Марха достучу деношкахь Оьрсийчохь йаккхий акцеш хуьлу, мехаш лахдо шайн эцархошна. ГIалгIайчохь Iаш йу сан йиша, кху деношкахь йеанера иза хьошалгIа тхо долчу, пхиъ котам йеана цо цигара цхьаннах 500 сом а луш. Ткъа Соьлжа-ГIаларчу базарахь котаман мах 800 сом бу, Марха лацале хьалха 600-650 соьмах оьцуш хилла йолу. Бананийн кочарх марха лацале 180-190 доьхура, ткъа тахана 280 бу-кх церан мах. Цхьа а вац-те вай долчахь, Мархийн баттахь мехаш тIе ца деттийта?", - эргIад оьху иза.

ХIара хаам тамашен хIунда бу хьуна аьлча, социалан машанашкахь нохчийн Ӏедална муьлхха а тайпа критика йина стаг, иза милла велахь а, нахана хьалха дIа а хIоттавой, цуьнга къурд олуьйтуш Iедал ду. Дуьххьара шуьйра гIарадаьллачех тайпа гӀуллакх дара Нохчийчуьра Iелин-Йуьртара социалан белхахочух Инаева Iайшатах Iоттаделларг. Оцу тайпа хаам баржийначул тIаьхьа телехьожийлан камерашна хьалха а хIоттийна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо бехкаш дехира цуьнгара. 2025-чу шарахь ур-атталла денна нислуш йолу проблемаш мессенджершкахь йийцаре йеш а, Нохчийчуьра бахархоша мехкан куьйгалхочун цIе а ца йоккхуш, къедораш а йеш, дуьйцу.

"Беркат" базарахь
"Беркат" базарахь

Конкурентех цIинбелла?

Йаккхийчу федералан йохка-эцаран машанех "Лента" бен йацара Нохчийчохь кху тӀаьхьарчу исс шарахь болх беш. Цхьаъ бен йоцу гипермаркет Соьлжа-ГӀалин йистехь йара. Редакцин хьасташа дийцарехь, цигахь мехаш лахара хуьлура базарахьчул а. Туька йезаш тIеэцна а хиллера наха, амма стохкалера шо довш цуьнан долахоша дIахьедира, шаьш туька дӀакъовлуш йу аьлла, цу сацаман цхьа а бахьана а ца дуьйцуш.

Гипермаркет йуьхьанца дуьйна а конкуренци латтош фирма йара, ткъа иза ца тара Кадыровн администрацин а, церан уллерчу накъостийн а "кхиамечу бизнесашна, билгалдоккху тхан редакцица къамел динчу нохчийн политолого (оха цуьнан цӀе йовзуьйтуш йац цуьнан кхерамзалла Iалашъйеш).

"Iедалехь болчу нахана, церан бизнесна, йа церан гергарчийн бизнесна конкуренци латтош хиллачух тера дара цара. Кхечу агIор цунах кхетийла а дац. Муьлххачу а пачхьалкхехь, гӀалахь йа юьртахь цхьацца керла йохка-эцаран туьканаш схьайелларо гӀо до мехаш лахбан, ткъа хӀара эцархочунна дика ду. Йохка-эцаран низам, конкуренцин низам йукъара даьлла дац, оцу агIор ладоьгIча, со тешна ву, цара новкъарло йина хир йу аьлла",- бохуш, дийцира къамелхочо.

"Мехаш доцург, Кадыровс массо а хIума шен тергонехь латтош ду"

Даим а санна йуург-мерг эца Нохчийчуьра бахархой Соьлжа-ГIалара "Беркат" базара леста. Тхан цигарчу хьасташа дийцарехь, кху деношкахь, Мархийн беттан йуьххьехь хиллачуьнга хьаьжча, вуно тIедиттина мехаш.

Тзхан редакцин дехарца цигара йахархо чекхйелира "Беркатехула" а, цхьайолчу Соьлжа-ГIалара туьканашкахула а, мехаш мел хийцаделла толлуш:

Котамаш: 500 – 800

Бежан жижиг: 580 – 600

УстагIан жижиг: 750 – 850

Iежаш: 70 – I50-200

Бананаш (кочар): 200 – 250

Кемсаш: 400 – 500

Шура: 68 – 90

МК олу чай: 50 – 60

Чабан цIе йолу нехча (кила): 600 – 750

"Кху шарахь сан берашна луш долу пособи дӀахадийна, сан цIийнда Украине хьажийна ву, со декретехь йу, ахча дац, стол хIун дина кечйан йеза а ца хаьа суна", - бохуш, латкъамаш бо Соьлж-ГӀаларчу Лаурас Маршо Радион корреспондентца хиллачу къамелехь.

"Мехаш доцург, Кадыровс массо а хIума шен тергонехь латтош ду", - боху Шела кӀоштарчу Заретас. Муьлххачу а дезчу дийнахь хӀора шарахь мехаш хаъал хьаладовлуш хилар хууш йолчу цо, хьалххе эцна охьайиллина телхаш йоцу кхачанан сурсаташ, жимма ахча чохь дисаре сатуьйсуш.

Соьлжа-ГIалара Сайди шен хIусамненаца БуьритIе воьду хӀора шарахь Мархашна хIума эца, цигахь цо бахарехь, мехаш лахара хуьлу даим а: "Доллу дуьненахь, Рамаданан баттахь мехаш охьадохуш акцеш дIахьош хуьлу, амма кхузахь мехаш хьаладоху мелхо а, дукха хьолахь цхьа а бахьана а доцуш. Цхьана сахьтехь а, эха сахьтехь а некъ бича, ХIирийчу дIакхочу- эвсара хбелаш хуьлу церан туьканашкахь, механа йорах а хуьлу".

Соьлжа-ГIалара жижиг духку туька
Соьлжа-ГIалара жижиг духку туька

Ӏедалан декъашхошца а, кӀоштийн урхаллийн векалшца а шен хиллачу цхьанакхетарехь Кадыров Рамзана тӀедожийра, Мархийн баттахь бахьана доцуш мехаш хьаладаьхначу нахана тIехь терго йе аьлла. Республикан куьйгалхочо кхайкхам бина мехаш охьа ца дохучу эхь-бехк доцчу йохкархошкара "сурсаташ схьайаха", уьш нахана "сагIина дIасайекъа" аьлла.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо латкъам бира дуьненаюкъарчу экономикехь хийцамаш хилар бахьана долуш мехаш хьаладевлла аьлла. Бизнесхочунна, экономистана Георгиев Давидна хетарехь, совдегарш бу шайна са йоккхуш: "Цхьа а хIара ду аьлла, бахьана а, кхетам а бац кхузахь бийца, дуьненайукъарчу валюте хьаьжча сом дазделла, 7,5-10 процентана хьалабаьлла соьман мах. Логикан агӀор хьаьжча, чу кхоьхьучу сурсатийн мах лахбала безаш бара. Нагахь санна и ца хилахь, тӀаккха лаам хуьлу тIехсов шайна пайда баккха, шортта хьеший а оьхуш, царна шаннаш хIиттон дезачу нахана гIело а йеш".

Коьрта деза денош тӀекхачале кхачан-сурсатийн мехаш лакхабахар билггалчу регионан йа халкъан културан лелар ду, бохуш, кхетадо "Кавказерчу къаьмнийн ассамблейно", шаьш Къилбаседа Кавказехь мехаш хьалабахар теллинчул тIаьхьа динчу зерашна тIе а тевжаш. Йукъараллин куьйгалхочо Кутаев Руслана охьадагардира цуьнан коьрта бахьанаш: "Йохкархоша сурсаташ йуха йохка схьаоьцучу базехь мехаш хьаладахар ду коьрта бахьана. Ткъа цара кхетадо цунах, бинчу барташна тӀехула кхоалгӀачу агӀонан компанеш юкъаозор бахьана долуш сурсаташ оьцурш а, логистикана харжаш а алсамйовларца".

Иза тешна ву, ма-дарра йохкархой а цхьайолчу меттигашкахь мехаш хьалабахарна дуьхьал ца хиларх, цундела Ӏедалша ларъян еза шайн харжамхойн интересаш: "Базаро ловш дац лакхара юкъагӀертар, амма оццу хенахь Ӏедалша ларъян йеза харжамхойн интересаш. Делахь а иза иштта ду, нагахь санна Ӏедал шаьш цу супермаркетийн а, туьканийн а долахой бацахь".

  • "Хроника" а, "ExtremeScan" а проекташа бинчу талламца, Нохчийчохь а, Дагестанехь а бехачу 70% бахархойн хӀора доьзалан декъашхочунна хӀора баттахь 30 эзар соьмал ахча сов ца долу, ткъа бахархойн кхоалгӀа дакъа бохург - 12 эзар сом бен а ца кхоччуш ду. ХIетте а, нохчийн хьаькамаша кхиндӀа а дIахьедо, йоллу социалан а, экономикан а Iалашонаш шаьш кхиамца кхочушйо бохуш, массо а дакъошкахь "инзаре кхиамаш а бохуш.
  • Социалан-экономикан хьал теллинчул тIаьхьа 2024-чу шарахь хIоттийначу рейтингехь ГӀалгӀайчоь тептаран лахарчу могIаршкахь йу. Коьртачу йалх гайтамца пачхьалкхехь уггаре а ледарчех хилла дӀахӀоьттина регион. Иштта хьал нисделла Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХӀирийчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG