Цхьана Iалашонца "мацаллин тактика" лелийна хила тарло Оьрсийчоьно Мариуполь гIалина 2022-чу шеран йуьххьехь 85 дийнахь го лоцучу хенахь, иза тIеман зулам дар санна лоруш ду. Цуна лаьцна хаамбина Маршо Радион оьрсийн сервисо The Guardian хьастана тIетевжина.
Материалан бухехь йу Украинан Iедалхошца йукъахь болх бечу Global Rights Compliance организацино Дуьненайукъара бехкзуламан кхеле (МУС) хьажийна анализ. Хаамбо, Мариупольна го бина, иза йоккхучу заманчохь 22 эзар стаг вийна аьлла. Меттигера маьрша бахархой биссинера хи а, газ а, ток а йоцуш гоне йерзочу масех дийнахь, оцу йукъанна Цельсихула температура минус 10 хиллера.
Global Rights Compliance компанин партнеро Мердок Катрионас дIахьедира, Мариуполь Оьрсийчоьнан эскаро схайаккхар беа муьрехь хилира, оцу хеначохь гIаличуьра бахархойн инфраструктурина тохарш дора, ток дIайаьккхинера, йовхо а, хи а дацара, ишта маьрша нах чуьра ара а ца бовлуьйтура аьлла.
Мердокан дешнашца, Мариупольна шен-шен этапашкахь тIелатар даро дIагойтура, бахархошка къинхетам боцуш Оьрсийчоь гIала схьайаккха лерина хилар. ТIом балале цу чохь вехаш вара 450 эзар стаг.
ГIалин го лоцучу хенахь 90 процент лоьрийн гIишлош а, хIусамаш а хIаллакйинера, йа йохийнера, ткъа йуург йоькъучу меттигашкахь а, нах арабуьйлучу некъашкахь а тохарш дора.
Рапортехь дийцарехь, Мариуполера эзарнаш маьрша нах байъарх жоьпалла Оьрсийчоьнан Iедалан лакхарчу эшелонашна тIехь ду.
Документаш МУС-е кхачон тарло кхоалгIачу агIоно, делахь а оцу документаш тIехь беш бац кхелаша сацамаш. The Guardian хьасто билгалдаккхарехь, мацалла хьегийтар, бахархойн дахарна оьшу хьелаш ца хIиттор а, тIеман зуламаш лоруш ду, амма дуьненайукъарчу бакъонан керла дакъа хилла дуьсуш ду и, хIинццалц схьа ву бохучу цхьана а зуламхочунна таIзар дина дац.
- 2022-чу шеран бIаьста Нохчийчуьра дакъоша жигара дакъалецира Мариуполь йоккхуш, оккупаци цунна йинчул тIаьхьа кадыровхоша шайн контроле ийцира иза, ткъа хIинца республикица боьзначу бизнесхойн долайохуш йу индустрин активаш. Бакъоларйархоша билгалдоккху оцу гIаланашкахь хилла бохамаш цхьатерра хилар: Соьлжа-ГIала а, Мариуполь а йерриг а лаьтта тIера дIахьаькхна ала тарлуш йара.
- Дечкен-баттахь нохчийн "Восток-Ахмат" батальонан эскархой тIелетира оккупаци йинчу Мелитополехь кехаташ хьожуш хиллачу тIеман полицин белхахочунна. И дов далар видеорегистраторо дIайаздина хиллера.
- Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь 2023-чу шеран аьхка герзаш деттар нисделлера кадыровхошна а, оккупаци йинчу оьрсийн тIеман комендатурин а белхахошна йукъахь. Цунах лаьцна дIахьедира Мариуполян мэран хьехамчас Андрющенко Петра. Мариуполь гIалина 45 чакхарма дехьа йолу и эвла а йу Оьрсийчоьно дIалаьцна. Оцу конфликта йукъахь хилла кхелхина виъ эскархо воцург а, ворхI маьрша вахархо а вийна цигахь, чIагIдора украинхойн агIоно.