Иракъера "Русафа" зударийн набахтерчу зударша мацалла кхайкхийна. Царлахь Нохчийчуьра, Дагестанера, ГIалгIайчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра 30 зуда йу. Цара массара а шайн гIуллакхаш йухалиста боху. Кавказ.Реалии сайтан аьтто баьлла цаьрца а, церан гергарчаьрца а къамелаш дан. Царех дукхахберш "Русафехь" болу йалхолгIа шо ду. Церан гIуллакхаш терроризман артиклашца доьзна ду. Шайн уггаре коьрта лаам Оьрсийчу йухадерзар бу боху цара.
Карарачу хенахь "Русафа" набахтехь латтош тайп-тайпачу пачхьалкхашкара 400 зуда йу. Уьш бу Оьрсийчуьра, Йуккъерчуу Азера, Беларусера, Украинера, Францера, Туркойчуьра, Швецера, Германера. Акци дIайолайелира Оьрсийчуьра, Беларусера, Таджикистанера масех тутмакхо мацалла кхайкхайарца.
ШолгIачу дийнахь гIаттамах болу хаам йоллучу набахтехула чекхбелира. Хье ца луш царех дIакхийтира кхинболу зударий а - цкъа хьалха Советан пачхьалкхана йуккъехь хиллачу республикийн бахархой, йуха Туркойчуьрнаш, аьлла дийцира Гарвардан университетан Iилман белхалочо, "Маршонехьарчу къийсамера джихIадизмана тIекхаччалц. Пачхьалкхаца йоцчу тIеман цхьаьнакхетараллийн адамийн ресурсаш" книгин авторо, Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман политологин Iилманийн докторо Миронова Верас.
Шина кIиранчохь дIайаьхьначу мацаллин акцехь дакъалоцуш Къилбаседа Кавказера зударий хилла ца Iаш, Азербайджанан, Туркойчоьнан, Беларусин, Таджикистанан, Узбекистанан, ГIиргIазойчоьнан, Украинин махкахой бара. Телеграм-каналашкахула даржийначу дIахьедаршкахь акцин декъахоша бехк боцуш шаьш чудохкарах, шайн гIуллакхашка кхоччуш дика цахьажарах, шайна дикка говзалла йолу гочдархой а, адвокаташ цабалорах дуьйцура.
Стигалкъекъа-беттан 8-хь акцех дерг дуьйцучу цхьана телеграм-каналехь мацалла сацийна аьлла хаам бира. Каналан авторша акци цхьана ханна сацийна аьлла дIахьедира.
"Аша мацалла, саца ца йахь, аса Оьрсийчоьнан векалшна набахте бахкар доьхкур ду, элира директоро. Нагахь тхо совцахь, йеарин дийнахь йа кIиран дийнахь набахте дипломаташ бохкуьйтур бу",- аьлла йаздина ду постехь.
"Шен лаамехь йолуш ца йахна"
Багдадерчу "Русафа" набахтехь йолчу цхьаннан вашас И. Мурада (цIе кхарамзаллин дуьхьа хийцина йу - билг.ред.), шен йиша Шемахь лаамaза нисйелла, экстремизмаца цхьа а уьйр йолуш йац бохура. Цо дийцарехь, цуьнан йиша Дагестанера Туркойчу йахнера. Иза дагахь хиллера цигарчу девешина, шичошна тIекхача. Цара шен цIийндена цхьа тIеIаткъам баре сатесна. Ша доьзалхочух йолуш, ахча доцуш, гIо-накъосталла доцуш йисна аьлла. Амма туркойн - шемахойн дозанехь иза йийсаре лецира.
Сан йиша берашца цкъа хьалха йийсаре кхечира, йуха Иракъан набахте. Кхо шо хьала бераш Оьрсийчу схьадалон аьтто белира
"Оха дукха ахча делла, девешига иза цигара сехьайаккхийта. Иштта кхечира иза Шема. Йуха воккхахволу ваша кxелхира, цунна тIаьххье жимахверг а, девешина тоьпаш туьйхира. Сан йиша берашца йийсаре йахара. ТIаккха Иракъерчу набахте а",- боху къамелахочо.
Бехке леринарш ца кхетара, Иракъерчу кхело гIуллакхашка ладогIаран кепах. Кхелаш а цхьа бух боцуш кхайкхош йара , йишас аьллачун тIетевжаш, дуьйцу Мурада.
"Шаьш схьадалийча-м кхеташ хилла уьш, шаьш кхеле далийна дуйла. Ткъа муха йеш йу и кхел? Адвокаташ церан ца хилла, лартIехь гочдархой царна луш ца хилла. Хуьлуш лаьттачух уьш кхетон царна уллохь цхьа а хилла вац. Сан йишас дийцира, и хенаш бен-башха доцуш, схьакхайкхош йара шайна аьлла. Цхьанна гуттаренна чохь йалла хан тухуш сацам бинера, вукхарна 20 шераш тоьхнера, масех зуда йийра цара. Кхеташ дацара шаьш, и дерриге стенца доьзна ду",- дийцира тутмакхан вашас.
Кхелийн цхьанакепарчу ладогIарех Кавказ.Реалии корреспонденте дийцира Д. Аминас.( цIе кхерамзаллин дуьхьа хийцина йу - билг. ред.)- "Русафа" - набахтехь йолчу нохчочун нанас. Зудчо ца дийцира, шен йоI Шема кхачаран бахьанех, амма цо элира, шен йоIанна хIиттийначу бехкех ца теша ша. Аминас дийцарехь, цуьнан йоI тIамехь дакъалаьцна йац, кхел хилале, Бaгдадерчу набахте кхачале а низамца йоцчу тобанан йийсарехь йаьллина йу. (Тоба билггал муьлха йу нанна ца хаьа.)
Уьш массо а терроризмехь бехке лерира. Карахь бераш долуш хIун тIом бийр бу?!
"Уьш массо а терроризмехь бехке лерира. Карахь бераш долуш хIун тIом бийр бу?! И хенаш царна бен-башха доцуш йиттина йу. Берашца цхьана ткъех зуда чуйалош, сихха цхьа хIуманаш дIадоьшуш - дIалаца шайна 15, 20 шераш - арадовла, бохуш. Адвокат лаца бакъо йоцуш, олуьйтуш дош доцуш. Цаьрга нуьцкъала кехаташна куьйгаш йаздайтина. Берашца дIадохуьйтур ду шу аьлла, ледина. ТIаьхо бен ца хиира царна, шаьш куьйгаш шайн бехкаш тIелацарна йаздинийла",- дуьйцу чохь йоллучун нанас.
Аминин йоьIан бераш а ду кхо шо хьалха Багдадерчу набахтера цIадалийна. ХIинца бераш Нохчийчохь ду, шайн ненан ненаца. Аминас дийцарехь, нанна чIогIа сагатдеш ду. Стигалкъекъа-беттан мукъа денош дIа а довлийтина, Москва йаха дагахь йу иза. Берийн гIуллакхашка хьожучу урхаллера хьаькамна тIекхача.
"Бераш схьаделира тхуна, цунна тхо баркаллаш баьхна ца довлу. Амма уьш ненах къаьстина ду, цара шайн нанна сагатдо. Нанна йахьийта видеош йоху цара, шайна иза цкъа а цагарна кхоьруш а ду. И видеош гайта, Москва йаха дагахь йу-кх со. Тхо-м цига бIолгIа доьлхуш ду, амма неI йетта йеза, тхайна гIо дайта лаахь",- боху Аминас.
ТIеман конфликташ йолчу латтанаш тIера бераш цIадерзоран болх 2018-чу шарахь дIаболийна бу. Цу хеначохь Шемара, Иракъера цIадерзина 382 бер (Иракъера - 124, Шемара - 258), царех хIора а шайн доьзалшкахь деха, уьш массо а Оьрсийчоьнан 20 регионера ду, хаамбира Интерфакс Iедалан агенталло.
Амина а, Мурад а WhatsApp мессенджерехь цхьана тобанехь ду. Иракъехь йаккхий хенаш тухуш, чубоьхкинчу зударийн гергарчаьрца цхьаьна цхьа агIо лаха лерина болх бу цара дIахьош. Шайн ма-хуьллу царна гIо дан дагахь. Мурада дийцарехь, Къилбаседа Кавказан регионашкара Москва баьхкира тутмакхийн гергарнаш. Цигарчу "Красный Крест" комитетехь царна гIо дира Иракъан юстицин министралле таса кехаташ йаздеш. Иштта "Красный крест" комитето гIо а деш, "Русафа" набахтерчу зударшна гуманитарин гIо дахьийтира цара.
"Тхуна маршо оьшу"
Чохь бохкучу зударийн телефонехула шайн цIерачаьрца зIе латтон аьтто бу. Цара и телефон къайлах 2000 доллар делла, йукъахь эцна йу, дийцира Мурада. Кавказ.Реалии корреспонденто къамел дира "Русафа" набахтехь йолчу И. Мурадан йишица. Цу зудчун цIе хаьа реадакцехь, амма цо ша ма йовзийта элира. Цуьнан вашас цунах Зараъ олу. Шема дехьайаьлча, цо ша шена тиллина йу иза. Иракъерчу кхело Зараъна 15 шо хан тоьхна. Сацам шина артиклаца бина бу: бакъо йоцуш доза хадор, терроризм.
Дуьхьало йен зударий шайн хьелашна резабоцуш, гергарчаьрца цхьаьнакхетарш ца ло, молханаш дац, лоьрийн гIо ца кхочу, бохуш гIевттина белахь а, шайн акцин Iалашоне цара хIоттийнарг и дерриге къовсар дац, цара шаьш дIахеца, шайна цIадерза лаьа боху, дIахьедира цхьаболчу бакъонашларйархоша.
"Набахтера тхайн хьелаш лартIе даладе аьлла арадевлла дац тхо, иза оха кху йалх шарчохь баьхна ду. ХIинца оха тхаьш дIахеца боху, аьлча а, тхайн гIуллакхаш йухаталла, амнистеш йукъайаха, тхуна депорташ йе",- дуьйцу Зараа.
ДоьалгIа шо ду, суна сайн бераш ганза. Бакъдерг хьуна дезахь, кхин йаха а ца лаьа суна. Маршо йа Iожалла
Оьрсийчоьнан дипломаташ хьалха а богIура тхо долче, элира Зараа. Цо дийцарехь, векал зударшка мацалла сацайе аьлла, веанера. Амма шегара шайна цхьа а гIо дан лерина вацара.
"ДоьалгIа шо ду, суна сайн бераш ганза. Бакъдерг хьуна дезахь, кхин йаха а ца лаьа суна. Маршо йа Iожалла",-элира цо шеца къамел дечу корреспонденте.
Кхин цхьа тутмакх - Нальчикера Iайша, шен фамили цайовзийтар дехна йолу - мацалла шаьш боккъал кхайкхина хиларна, ша цу декъехь хиларна даредира цо. Иза "Русафа" набахтехь йолу а ду йалхолгIа шо, иза а йу терроризман артиклаца латтош. Iайшас шена кхайкхийна кхел нийсонца кхайкхийна йац, шен гIуллакх йухалиста деза, ша террорхойн леларийн декъахь хилла йац боху. Амма журналисташна шен дийцар довзийта цунна ца лиира. Багдадерчу набахтера арайаьлла, Оьрсийчу йухайирзича бен уьш дийца иза реза йац.
"Даймахка йухадерзар а, маьршадовлар а цхьаъ дац"
Кхелашкахь гочдархой ца хуьлу бохуш, тутмакхаша до дIахьедраш бакъ дац боху Америкин Цьаьнатоьхначу Штатийн тIеман политологин докторо Миронова Верас.
Цо дийцарехь, цо ша дина цхьайолчу кхелашкахь гочдарш. Коьрта гочдархо цигахь Иракъерчу университетан профессор, русист, дикка мотт хуушволу стаг вара.
Мироновас кхелашкахь талламхочун болх а бира, Иракъерчу кхело кхайкхийна хенаш бух боцуш a ца лору цо.
"Стенах хене довлура шу?" Жоп: "Исламан пачхьалкхо" хIора доьзалхочунна $200 пособи лора
"Со церан массеран а кхелашкахь хилла. Бакъ ду, царех хIора а пхиъ-итт минотехь чекхйолура. Цигахь кхета хала хIума ма дац. Масех хаттарна жоп даларо дерриге кхачадо. Хьалхара хаттар: "Стенах хене довлура шу?" Жоп: "Исламан пачхьалкхо" хIора доьзалхочунна $200 пособи лора. Ткъа иза террорхойн цхьаьнакхетараллера ахча схьаэцар ду - церан декъашхой хилар а. "Исламан пачхьалкхера" цара ахча схьаэцар - гуттаренна адам чохь латто Иракъехь тоьуш ду. ШолгIа хаттар: " Шаьш стенгахь Iара дуьйцур дарий аша, урамновкъахь ма ца Iиний шу?" Вукхара жоп ло: " Тхуна цIенош делира, тхоьга элира: кхузахь Iе." Кхин цхьа хаттар: "ЦIенош долчарна шаьш цигахь Iерна мах муха лора аша?". Жоп: "Оха царех ахча ца лора." Иза бакъонца доцуш нехан хIусамаш дIалацар ду. Иза а ду зулам",- кхеттош дуьйцу эксперто.
Мироновас дийцарехь, набахтерчу зударех цхьаберш хIинца а бу "Исламан пачхьалкхaца" уьйр латтош. Контрабандин телефонашкахула пропаганда яржош, набахтел арахьа тобанан декъахошлахь ахчанца дерг дIаса олуш.
"Русафехь" бахкочу зударийн арабовла лаар тергалдийр дац боху Миронова Верас.
"Уьш массо а официалехь бехкебина бу, царна массарна а хенаш тоьхна. "Тхо дIахеца" бохуш зударша хIинца дIахьедарш дар Иракъерчу кхелийн системина хIумма а доцург ду. Цу кепара бюрократи лелачу Иракъ пачхьалкхехь хила йиш йолуш хIума дац иза. Терроризмехь бехкедина адам цара иштта дIахоьцур дац. Иза иштта муха хир дара кхеташ йац со. Масала, мацалла кхайкхийна-кх Оьрсийчуьра, Таджикистанера, Узбекистанера зударша - уьш дIахеца, амма церан санна артикал йолу кхинберш совцабе. И санна дерг хир дара аьлла дага ца догIу",- боху Мироновс.
Амма "Amnesty International" тобанерчу бакъонашларйархочо Звягина Натальяс зударша экстрадици йехар вуно логикица догIуш ду элира.
"Оьрсийчуьрчу набахтийн хьелаш курортернаш санна дац. Амма уьш Иракъерчарел дуккха а гIоле ду. Иракъехь лоьрийн гIо ца кхачадо адмана. Цигахь цIано а ца лелайо, оьшучуьнца ледара ду",- дуьйцу бакъонашларйархочо.
Цуьнца цхьаьна боху цо, даймахка йухаверзар а, маьршавалар а цхьаъ дац. Масала, Amnesty International тобано шен тергонехь латтош ду Гуантанамо набахтера цIаверзийнчу, террорехь бехке леринчу тутмакхан Кудаев Расулан гIуллакх. Кудаев Расул, Оьрсийчоьнан Федерацига дIавеллачул тIаьхьа а шен хан токхуш ву. Амма Иракъехь гуттаренна чубоьхкинчу зударшна Оьрсийчохь 25 шераш тоха тарлора - хIунда аьлча, Оьрсийчохь зуда гуттаренна дIалоцуш низам дац.
"Цу кепарчу хьелашкахь къинхетам баре, дIахецаре сатийса ца оьшу. ГIуллакхаш йухатоллур ду бохург аьттехьа дац. Иракъерчу адвокатийн белхан говзалла ледарчу тIегIанна тIехь йу. Делахь а, чубоьхкина зударий шайн берашна уллохь хилийтар низамо магийна ду. Амма цу регионехь и тайпа меттигаш кIезга хиларо и хьал а ледаро хуьлуьйту", - дуьйцу Звягинас.
Цу кепарчу хьелашкахь къинхетам баре, дIахецаре сатийса ца оьшу
"Русафа" набахтера бераш Оьрсийчу дIадалар дикка хьал тадеш хIума дара боху бакъонашларйархочо. 2017-чу, 2018-чу шерашкахь берашца цхьаьна ирчачу хьелашкахь латтош бара и зударий.
"Amnesty International тоба йу тутмакхаш латторан хьелаш адамийнчарех тера хилийта къахьоьгуш. И нах вочу хьелашкахь хила ца беза, царна таIзараш дан ца догIу, уьш набахте муьлххачу бахьанца кхаьчнехь а",- тIечIагIдира цо.
ДIалийцина махкахой цIаберзорца бала кхача дезарг уггаре хьалха Оьрсийчуьра Iедал ду, тешна ву Малхбален талламхо Сулейманов Руслан.
"Суна гарехь, Иракъан Iедалан бала бац оьрсийн тутмакхашца. Нагахь Москвано уьш дIабехахь, Багдад резахир йу аьлла хета суна - и зударий Иракъна цхьа а мехалла йац. Прессехь хаамаш бара, Оьрсийчоьнан Федерацин дипломаташ шайн махкахой болчу Иракъан набахте баьхкина аьлла. Цу цхьаьнакхетаро хьал меттахдоккхуш цхьаь дан а тарло",- шена хетарг олу эксперто.
Кавказ.Реалии сайте кхаьчна юстицин министралле дуьненайукъарчу бакъонан департаментан куьйгалхочун гIоьнчин Бабекин Дмитрийн жоп. Иракъерчу тутмакхо ша Оьрсийчуьра набахте дехьайаккха аьлла дахьийтинчу кехатна делла долу. Иза дан таро хир йу боху цо, нагахь хьо Оьрсийчоьнан Федерацин махкахо а йелахь, махкахь даимна Iийна а йелахь.
2022-чу шеран лахьан-баттахь Иракъерчу набахтера Оьрсийчуьра кхо зуда арайаьккхича, Iарбойн а, бусалба пачхьалкхашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал волчу Даудов Туркос журналисташка дIахьедира, цу муьрехь Иракъерчу набахтехь 63 Оьрсийчуьра махкахо йу аьлла.
ХIинца Багдадерчу набахтехь болчу Оьрсийчоьнан махкахойн терахь билггал девзаш дац - Иракъерчу Оьрсийчоьнан векалате Кавказ.Реалии редакцино цу хьокъехь дахьийтина кехат жоьпаза дисна.
- Шемахь а, Иракъехь а чубоьхкина латтош эзарнаш Оьрсийчоьнан махкахой бу. Дукхьа хьолахь уьш "Исламан пачхьалкхе" экстремистийн тобанан декъахойн хIусамнаной бу, церан бераш ду. Дукхахболу зударий - Къилбаседа Кавказера - 2013-чу, 2015-чу шерашкахь шайн майрошна тIаьхьахIиттина, Шема дIабахнарш. Царех лаьцна дийцира Кавказ. Реалии сайто.
- "Исламан пачхьалкхе" шайх олу тоба дуккхачу пачхьалкхашкахь а, Оьрсийчохь а терроризман цхьаьнакхетаралла лерина йу.