Тбилисера Caucasus Culture Exchange галерейхь "Маршонан билгало" цIе йолчу проектан гайтам схьабиллина. "Марем" бакъоларйаран тобано гIо динчех лаьцна анимацешкахь дийцарийн гулам бу экспозици йукъахь. Оцу проектехь дакъалаца резахилла доллу зудабераш, шаьш а, шайн бераш а доьзалехь латточу гIелонах, бертаза маре дIалучуьра а ларбархьама, шайн дахарца шайна хеттарг дан йиш цахиларна а Къилбаседа Кавказан мехкашкара иддарш ду. Кавказ.Реалиин редакцин корреспондент хилира цу гайтамехь, цо дийцаредира и хIотточаьрца экспозицина тIехь болх бар дIадахьарх.
Гайтам хIоттон меттиг Iаржйина, кораш доцу чоьнан кепехь кечйина, цIенкъайуккъехь маьнга бу, маьнгана улло хIоттийна винтажан стол а, - инсталяцино гойту йеддачу йоьIан йаьсса чоь, дийцира Кавказ.Реалиина гайтаман кураторо, суртдиллархочо Абдулхамидова Марията.
ХIусаман пенаш тIехь дIасатийсина: коч, чухула духа духар, бой йа нехчан йуьхк. Царна хIоранна а уллохь планшет йу анимацин кино тIехь. Цу чохь дуьйцу цхьана зудчун дахарх, хьахайо, доьзалера гIелонах хIора а маьршайалар билгалдоккху хIума.
Бедаршкахула маршонах лаьцна дийца дагадеана "Марем" тобанан куьйгалхочунна Анохина Светланина 2019-чу шарахь, цхьахйолчу йеддачу йоIаца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа. Доьзалехь ницкъбина хилла нах къайлабохучу шелтере схьакхаьчначул тIаьхьа, цо хаьттина хиллера, супермаркете йаха йиш йуй шен уллохь накъост воцуш аьлла.
"Со Iадийнера, неIарна уллохь лаьттара со, иза йухайаллалц. Йухайеара иза и кIолдан йуьхк йохьуш, тIаккха мохь хьаькхира аса: "Хьайна йезарг хIуъа а телефон тоьхна, схьайаийта йиш ма йара хьан. Хьо хIунда йахара цига?". Цхьа а шалхаллаш йоцуш жоп делира цо суна: "Сайн дахарехь даим а цIахь Iийна йу со, неIсагIел дехьа йала йиш йацара сан, сайна йуург харжа а ур-атталла. Суна и чIогIа коьрта ду". Суна хаьара и стенах йедда, цуьнан дахарх лаьцна а хууш дара суна дерриг а аьлча санна. Амма сан коьрте деана дацара, цIера арайалар а, шена кIолдан йуьхк эцар а, ша маьрша хетар а хIун ду", - дийцира Анохинас.
Дукха ца Iаш, 2020-чу шеран мангал-баттахь, гучуйелира кризисан "Марем" тоба. Проектан концепци кхиа йолайелира кхечу зударшца хилларг бахьана долуш. Эххар а гайтамехь йуьйцу Къилбаседа Кавказера бахархойн бархI истори.
"Кхузахь йуьйцу истореш, оцу зудаберашна шайна тхоьга дийца лиънарг ду. Цигара арабаьхначу дукхаболчу зударшна хала ду шайн дахарх лаьцна дийца. Шаьш даьхначу меттигашкара дIабаха лаьа дукхахболчарна, и дерриг а дицдан а", - дийцира Кавказ.Реалии сайте "Марем" тобанан волонтеро, гайтаман кураторо Нерозникова Екатеринас.
Болх ишта кечбира: йоьIаршкара интервью оьцура, цара дуьйцура шайн дахарх, цул тIаьхьа церан истореш тексте йерзийра.
"Зудаберашна даим а кхеташ дацара, "маршо" бохучу дашо хIун дагатосу царна дийца. Къамелаш дечу заманчохь тIекхуьура уьш цкъацкъа. Масала, "Юбка" мультфильман турпалхочуьнца пхеа сахьтехь къамелаш дира оха", - дийцира Нерозниковас.
Йоцца анимацин фильмашкахь царех лаьцна дийца лиира "Мареман" кхечу декъашхошца цхьаьна Анохина Светланина. Шайна бевза-безачарлахь лийхира мультипликаторш. Коьртаниг дара, мультфильмаш тIехь болх бан безарш зударий хилар, Къилбаседа Кавказера бахархой.
Масех шерашка дIадахделира проектан гIуллакх. 2021-чу шарахь "Марем" кризисан тобананна тIелатар дира нохчийн а, дагестанхойн а полисхоша. Бакъоларйархоша гIо дан тIелаьцна хилла Соьлжа-ГIалара Тарамова Хьалимат лачкъийра цара. Цул тIаьхьа кризисан тобанан цхьа дакъа Гуьржийчу а, кхечу пачхьалкхашка а дехьадаьккхира. Кхерамзаллехь шаьш дIатарделачул тIаьхьа, бакъоларйархоша йуха а болийра шайн болх.
Проектана ахча латторах лаьцна дуьйцуш, Анохинас элира, хьалхара ши мультфильм йоккхуш шен ахча а, тIелатар динчул тIаьхьа тешам байна петарх дала охьадиллина хилла ахча а йукъадахийтира ша. Белхан цхьа дакъа волонтераша шайна тIелецира: масала, мульфильмашкахь аьзнаш делла журналисто Мартиросова Янас. Кхечу фильмашна ахча карон аьтто белира.
"Хала хетахь а, тхайна ахчанаш деллачу фондийн цIераш йаха йиш йац сан. Сан цкъа а хилла дац, ахча а лехна, цул тIаьхьа болх болош. Хьалха болх бо аса, цул тIаьхьа ахча а карадора, алапана дала", - дийцина Анохинас.
Анохинас боху, гайтамехь дуьххьалдIа ницкъбарх лаьцна ца дица сацам бира шаьш: лач билгалонашца гойту и.
"Масала, "МIара" мультфильмехь цхьа алар ду. Марехь йолу цхьа турпалхо даим а шен хIусамдена уллохь йу, и воцуш йуьсу иза, корта а бохийна, дарбанан цIийне кхаьчначу хенахь. Оха ца олу "цо йиттина суна", хIунда аьлча, дуьйцург Iазапхочух дац, иштта а массо а маьIIехь йолу йа треш а йац йуьйцург. Оха дуьйцург адам маьршадаккхар ду", - аьлла хета "Марем" тобанан куьйгалхочунна.
Турпалхойн цIераш а проектан дайша йохуш йац. Хууш дерг ду, мультфильмех цхьаъ – "Бой" – йоьзна хилар дагестанхойн Хаджалмахи эвларчу йижаршца. Хизриева Хадижат а, ПатIимат а, Газимагомедова Аминат а, Магомедова ПатIимат а йеддера доьзалехь латточу гIелонах Москва, цигара дIа Гуьржийчу. Кегий болуш йижарий сунтбина хиллера. Газимагомедова Амината дийцира, ламаз ца дича нанас йеттара шена, катоххий маре гIо бохуш, са дуура шен аьлла. Йижаршна массарна магош ца хиллера улло ваьлла борша стаг воцуш цIера арадовла.
"Оцу эвакуацихь оха дакъа ца лаьцна (йоьIаршна гIо дира кризисан "СК SOS" тобано). Амма сан аьтту хилира оцу йоьIаршца къамел дан а, цаьргара интервью эца а. Цундела ас бакъо йийхира гайтамехь царах лаьцна а дийцийта. Цаьрца динчу къамелехь цхьана хIумано цецйаьккхинера со, йоьIарийн чуьра кораш йа коридор чу, йа вукху хIусам чу даьхна хиллера, ураме доцуш. ЦIера арабовлийла дацара церан бIаьргтоха а", - дийцина Анохинас.
Гайтам Тбилисехь хилийта реза хилира. Абдулхамидова Марията бахарехь, и доьзна ду, Гуьржийчохь Къилбаседа Кавказан комьюнити кхоллайаларца.
"Кхузахь вовшхкхета аьтто хилира тхан. Болх бечу йукъанна хааделира суна и, хIунда аьлча, сан доттагIий Къилбаседа Кавказан кеп-кепарчу регионашкара белхаш беш бара, гIо а деш. Тхуна коьрта ду, муьлхачу маттаца оха дуьйцу тхайх лаьцна кхетар. КIезиг маьIна долуш дац тхуна – иза а Кавказ хилар, кхузахь а проблема контекста йукъара йаьккхина йац", - дийцира суртдиллархочо.
Нерозникова Екатеринас а иштта билгалдоккху, гайтаме хьийса таро хилар оьрсийн, ингалсан меттанашкара экспатийн. Гуьржийн маттахь титраш йахка а дагахь бу.
"ХIара санна йолу проекташ хьажийна йу, доьзалехь гIело хьегийтарх дIадийца, цунах лаьцна кIезиг хуучарна. Къилбаседа Кавказера зударшна чIогIа дика хаьа: хIоранна а хезна ду "сий лардеш" нах байарх. Ткъа, Тбилисихь бехкаме хипстерна, цунах лаьцна ца хууш хила а тарло", - бохура Нерозниковас.
Гайтамехь хIоттийна анимацин фильмийн дакъа иштта даржийна "Марем" тобанан ютьюб-каналехь а.
Нерозниковас дийцарехь, дIадахначу шарахь махкара довдуш гIо де шайна аьлла бакъоларйархошка дехар дина 68 зудчо, царех 18-ннан аьтто белира доьзалера гIелонех бовда, карарчу хенахь кхерамзаллехь бу уьш.
"Хала хеташ делахь а, зударшна йухабаха лууш меттигаш а нисло. Царех лаьцна дийцарш оха зорбане ца доху", - бохура Нерозникова Екатеринас. Цуьнан дешнашца, билгало йу, оцу гайтамехь тахана маршонехь болчу зударех лаьцна бен дуьйцуш цахиларан.
- Доьзалехь ницкъбар –Къилбаседа Кавказехь уггар а коьртачех а, кест-кеста нислучех а проблема йу. ТIаьххьарчу шерашкахь республикашкара девддачу зудаберах лаьцна хууш ду; бертаза йуха бигинчул тIаьхьа, кхин зIене ца бовлу уьш. Ишта нисделира, масала, Нохчийчуьра Сугаипова Заирица а, Тарамова Хьалиматца а, Исмаилова Селимица а, Сулейманова Седица а.
- Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.
- Нохчийчохь зударийн интересашкахь къоман стратеги тIеэцна – оцу документа тIехь аьлла хIумма а дац доьзалехь ницкъбарна профилактика йарх. Оцу йукъанна тIаьххьарчу беттанашкахь оцу республикица доьзна ду къаьсттина нахала даьлла, шайн доьзалашкахь гIело латторах бевдда зударий лечкъор, сецор. Билггал йолчу проблемех хьулдар, волайнхой шаьш бехкебар – и кепаш дукха хан йу Iедалхоша лелон, боху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъоларйархоша.
- Къилбаседа Кавказехь хIусамехь ницкъбар шен специфика йолуш ду: меттигерчу бахархошлахь цIийндайша зударшна йеттар диллина йемалдеш дац, доьзал боьхначул тIаьхьа наношна бакъо ца ло бераш лелон, ламасташна а, кхелашна а тIетийжаш. Ткъа гIелонах бевддарш полици тIаьхьа а йоккхий, йухабуьгу. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел дира хIусамехь ницкъ бина, пачхьалкхера йада дезначу кхаа зудчуьнца. Ишта бакъоларйархочуьнца а, юристаца а къамел дира – вадар доцург, кхин хIумма а дуй царна шайн бакъонаш ларйан дуьйсуш аьлла.