ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Маса, кехаташ! Жуьгтий буй?!" ХIинжа-ГIалахь жуьгтий лоьхуш хиллачу къепедацарех


ХIинжа-ГIалара аэропортан кеманийн майдана кхаьчна Дагестанан бахархой, 2023 шо, гIадужу-беттан 29-гIа
ХIинжа-ГIалара аэропортан кеманийн майдана кхаьчна Дагестанан бахархой, 2023 шо, гIадужу-беттан 29-гIа

ХIинжа-ГIалахь жуьгташна дуьхьал хIоттийначу акцихь дакъалаьцначийн хIусамех хьийса буьйлабелла Дагестанехь – де хьалха суьйранна масех бIенашкахь наха сацийнера меттигерчу аэропортан болх, кеманийн майдана хьоьвддера уьш Израилера баьхкина нах лоьхуш. Акцин декъашхоша бохийна аэропортера гIирсаш, полисхойн машенаш чу а хьуьйсура уьш, Израилехь дарба а дина йухабогIу зударий, бераш тIехь долчу автобусна тIелеттера уьш. Узбекистанера волчу вахархочун паспорт схьадаьккхинера, иза жуьгтех тарвелла. 20 сов стаг лазийна оцу къепешкахь.

Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, оцу сарахь ХIинжа-гIалара аэропортехь бахархоша лайначух а, эксперташна хетарехь, оцу къепе йохорна бехке мила хилла а.

"Тхуна тIаьхьабевллера, автобус чу тIулгаш кхуьйсура"

Меттигера бахархой гулбала буьйлабелира суьйранна йалх сахьт долучу хенахь дуьненайукъарчу аэропортана хьалха. Уьш гулбаларан бахьана дара цхьа могIа телеграм-каналаша Тель-Авивера ХIинжа-ГIала догIуш кема ду аьлла, хаамаш баржор. Йуьхьанца, Палестинан байракхашца, антисемитан лозунгаш тIе йазйина плакаташца баьхкинчу протестхоша толлура кертара арайуьйлу машенаш, жуьгтий цу чохь буй а хьуьйсуш.

Оцу кепера дарбелла нах сайн дахарехь суна дуьххьара гуш бара. Бусалбанаш ишта хила ца беза

ХIинжа-ГIалара вахархочун Гаджиев Мохьмадан цу дийнахь Москва дIаваха аьтто ца белира протесташ бахьана долуш, цо дийцира аэропорта чувоьддучохь дарйеллачу жIугано шен машен сацорах: "Го бинера тхан машенна, маьхьарий деттара: Маса, кехаташ" Жуьгтий буй?!" Сан ваша вара машенна урхалла дийриг, царна тIе мохь хьекха волавелира иза, шу бахьанехь некъ сецна бу бохуш. Машенаш дIахIитточу меттиге схьакхечира тхо аэропортехь, оцу адамашна йуккъехула аэропорта чу кхечира тхо цхьана сахьтехь. Тхо чоьхьа девллачул тIаьхьа, жIугано штурм йолийра".

Дуьйцучо бахарехь, жуьгтий лоьхуш аэропорта чухула дIасауьдура нах, шайн новкъа мел йолу хIума йохош, отуш, кагйеш: "Оццул оьгIазе нах сайн дахарехь суна дуьххьара гинера. Бусалбанаш иштта хила ца беза. Туьканаш йохайора цара – жуьгтий кофе молучохь хила тарло аьлла хетара? Жуьгташна дуьхьал маьхьарий деттара, лозунгаш хезайора. Суна хетарехь, полисхой дукха бара, амма церан хIуммаъ а дойла йацара".

Буса исс сахьт долучу заманчохь цхьахйолчу терминалан керт йохийра, кема гIоттучу майдана кхечира уьш, Израилера деанчу кемана го бинера цара.

Оцу хенахь кема охьадусучу аси тIехь "Дубай-ХIинжа-ГIала" кема дара, цу чуьра арабовла ца кхиънера пассажираш. Кеманчуьра комнадиро кхайкхамбира нахе, шайн меттигашкахь ховжий Iе, "зударий къаной, бераш" ларде аьлла.

Дагестанера протестхой
Дагестанера протестхой

Каспийскера йахархо, Дубайра цIа вогIучу шен кIантана дуьхьал йеана йара, цо дийцира, кеманчохь пхи сахьт даьккхина хиллера цо бохуш: "Церан кхерамзалла Iалашйархьама нах ара ца бовлийтина хиллера. Цхьана мIаьргона тхо, дуьхьал даьхкинарш, полицино зал чу дитира, хIунда аьлча, аэропортан гIишло чу бийла буьйлабеллера кегийрхой. Амма и нах тхуна тIаьххье схьахьоьвдира, полисхой дIаса а лестош. Кемана тIехаа воьдучу зал чухула иттаннашкахь и кегийрхой кема гIоттучу майдана бевдира. Корах ара хьоьжучу тхуна гира, кхечу жIугано дуьхьало йеш хIоттийна хилла керт дIайоккхуш".

И сурт гинчо тIетуьйхира Тель-Авивера деанчу кемана чу бовла гIертара протестхой: Царех цхьаъ кеманан тIома буьххье ваьллера, кеманан кораш деттара. Дика дара кор ца дохийна а, цигахула чоьхьа ца бевлла а. Цу чохь хиллачу пассажираша лайначун ойла йан а ца лаьа суна".

Оршотан Iуьйранна Израилан хаамийн гIирсаша зорбане дехира Тель-Авивера ХIинжа-ГIала догIучу Red Wings авиакомпанин кеманца богIуш хиллачеран дийцарш. Ynet портало дуьйцу Иерусалимера Шмуэль цIе йолчу 26 шо долчу вахархочун дийцар, цо бахарехь, Дагестанехь йехачу шен йезарх кхета вогIуш хиллера иза. Цо бахарехь, иза воцург а, кеманчохь 15 жуьгтий хиллера, шайлахь бераш а долуш. Царех дукхахберш Москва боьлхуш бара, ХIинжа-ГIалара дIа транзитца.

Кеманийн майдана кхаьчна протестхой
Кеманийн майдана кхаьчна протестхой

Шмуэля боху кема лаьтта охьадоьсинчул тIаьхьа пассажираш кеманчуьра охьабаха аьтто хилира паспортан контролах уьш чекхбаха (ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь шолгIачу гIат тIехь йу и. Билгалдаккхар).

"Цигахь собар де элира тхоьга, хIунда аьлча, арахь къепе йохийнера цара. Паспортан контроль йечу меттигехь лаьттара тхо, тIаккха бIаьрг кхийтира, аэропортан гIишло чубевллачу бIенашкахь нахах", - бохура Израилера вахархочо.

Цуьнан дешнашца, полицино эвакуаци йолийра пассажирашна автобус чу, кеманийн майданахь дIасахоьхкура и; цунна тIаьхьа хьаьддера жIуга, тIулгаш тIе а детташ: "Автобус чуьра бераша маьхьарий деттара, куьзганан гериг кхетта йоI лазийнера. Суна ца хаьа, меттигера йара иза, йа Израилера йара а. ЧIогIа кхераме дара. ТIаьхьа уьдучу нахах къайлайала хьийзара автобус, нах тIаьхьара ца бовлура, тIулгаш а детташ. Полисхой кIезиг бара, цара деш кхин хIума а дацара. ЦIеххьана автобус сацон аьтто хилира оцу нехан. Чубевллачу цара хIоранга а хоьттура? Хьо бусалба ву, йа жуьгти ву. Аса суо бусалба ву элира, хIунда аьлча, чIогIа кхеравеллера со. Цхьа дика, сох тийшира уьш, тIаккха кхин дIа бахара".

И дерриг гинчо дийцарехь, оцу автобуса тIехь пассажираш аэропортан VIP-зале дIабигира, цигахь ха хIоттийра царна. Диъ сахьт лаьллачул тIаьхьа Оьрсийчочьнан беркакема деара цига, цу тIехь Оьрсийчоьнан тIеман базе дIавигина хиллера иза а, кхинболу жуьгтий а.

Оршотапн Iуьйранна луучарна бакъо йелира Москва дIабаха. Шмуэля иштта бахара, аэропортехь герзаш диттича лазийнера кеман тIехь болх беш хилла стюардесса, зенаш хуьлучуьра бевлира дукхахболу пассажираш, царна оьрсийн мотт хууш хиларна.

Узбекистанера лор лаьцнера эргIаде хиллачу кегийчу наха. Царна моьттинера, лор – жуьгти ву, цуьнгара паспорт схьа а даьккхина, дийца аьллера айхьа лелочух. Цул совнах, Израилехь шайн берашна дарба а лелийна, йуха цIа баьхкина зударий тIехь болчу автобусана а динера тIелатар.

Меттигерчу хенаца буса ши сахьт долучу заманчохь аэропортера дIабахара протестхой. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедира, меттигерчу полицино корматаллица шайн болх барна, ка йаьлла уьш дIабохон.

"Бандеровцаш" йа "цабезаман культура"?

Дагестанан могушалла Iалашйаран министраллин зерашца, къепе йохош протесташ дIахьочу хенахь 20 сов стага чевнаш йина. Царех 18 йайчу чевнашца ву, лоьраш хьоьвиснул тIаьхьа цIа бахийтина уьш, кхин а пхиъ дарбанан цIийнехь витина. Хье-туьта лазорна чолхечу хьолехь ву царлахь шиъ. Оцу йукъанна Iедалхоша чIагIдо, царех дукхахберш – ницкъахой бу.

Талламан комитетехь бехкзуламан гIуллакх долийна дуккха а нах арабевлла къепе йохор аьллачу артиклехь, гIуллакх Москвахь толлур долуш ду, урхаллин куьйгалхочо Бастрыкин Александра шен куьга кIел эцна и. ГIадужу-беттан Iуьйранна ницкъахоша дIахаийтира 60 стаг шаьш лаьцна аьлла, кхин 150 декъашхочун цIераш хиъна шайна аьллера полисхоша.

И акци бахьана долуш, иттаннаш рейсаш дIатеттинера – Росавиацино хаамбира, гIадужу-беттан 30-чохь делкъал тIаьхьа ХIинжа-гIаларчу аэропорто шен болх йуха болийна аьлла. "Уйташан" (аэропорт) коьрта директоро Рамазанов СаьIида дIахьедина, масех иттаннашкахь миллион соьмана зенаш дина акцин протестхоша аьлла. Дуьхьалончаша бохийна гIирс, камераш а, кевнаш а: "Тхан белхахошна дIоггара чевнаш ца йина, жимма хедийна меттигаш бу", - далийна Рамазановн дешнаш ТАСС пачхьалкхан агенталло.

Карарчу хенахь ХIинжа-ГIалара а, Дербентера а, Хасав-Йуьртара а, Буйнакскера а синагогашна ха деш ду полицино, хаамбира Дагестанера иудейн диаспорин кхеташонан куьйгалхочо Дибияев Валерийс.

Къепедацарш лелочу хенахь полисхой кхаьчна аэропорте
Къепедацарш лелочу хенахь полисхой кхаьчна аэропорте

Аэропортан гIишло дIалацарна Дагестанан куьйгалхочо Меликовс бехк биллира "бандеровцашна", и къепе йохор "махкара хьолана дестабилизаци йар" ду элира цо. Республикера муфтийс Абдулаев Ахьмада а санна, йемалдира жIугано лелийнарг. "Хьалххе цхьа план хIоттийна, кхочушдина питана ду" Дагестанера жуьгташна дуьхьал хилла акци элира арахьарчу гIуллакхийн министраллин векало Захарова Марияс а.

Шена догIучунна, Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, "Оьрсийчохь пачхьалкхан телехьожийло, эксперташа, Iедало кхечу халкъашка цабезам баржош йечу пропагандин дакъа ду" – къепедацарш аьлла. Оьрсийчуьра бахархойн дог-йлина Iаткъам бийриг Киев йац, Оьрсийчоьнан Iедалхойн ницкъбаран политика йу элира, Оьрсийчохь Израилан хиллачу векало Мильман Аркадийс а.

"Оьрсийчуьра антисемитизм дIайаьлла а йац"

ХIинжа-ГIалара къепедацарш – Израильна дуьхьал Кавказехь йина дуьххьарлера акци йац, дагадаийтира редакцица хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказехь динан талламаш бечу Центран директоро Гереев Руслана. Цунна хетарехь, дов доладалар нисделла ала тарло Хасав-Йуьртара "Фламинго" хьешан цIенна хIалха гIадужу-беттан 28-чохь митинг хIоттийна. Бахьана даьллера отелехь "Израилан бахархойх тера болу нах" дIатарбина аьлла, кхаьчна хабарш.

Гулбеллачара тIедожийра цу чохь болчу нахана корашка бовла аьлла, цара шаьш бохург ца дича, цу чу тIулгаш детта буьйлабелира. Шайн лаамехь оцу хьешан цIийнах цара таллам бинчул тIаьхьа, цу тIе кехат туьйхира, Израилан бахархой кху чохь бац, уьш чу буьтуш бац аьлла.

Антимемитан акцеш Черкесскехь а, Нальчикехь а хIиттийнашшехь, Гереев тешна ву, ХIинжа-ГIалара къепедацарш "гайтаме дацара" аьлла.

"ХIара хиламаш ситуативан амал йолуш бу, жIуга дера хьийзачу йукъанна маса царна Iаткъам бан Iаламат чолхе ду. ХIара хилларг гайтаме хIума дацара. Хала хеташ делахь а, социалан машанашкара агрессиве риторикина тIаьхьахIиттина нах бу уьш. Шайн энерги иштта вочу агIор хьажийна кхиазхойх болчу кегийрхоша", - бохура Гереевс.

Мел шога хетахь а, Iаь арахеца оьшура царна

БIостане хетарг ду Оьрсийчоьнан политологна Гусев Андрейна: "Оцу цхьана минотехь гIаьттина хьал дац и Дагестанехь хилларг, кхачам боллуш кхеташ дац, йукъараллехь гIаьттина ира хьал лахдан хIунда ца хьоьвсира республикан Iедалхой. Iаь арахеца оьшура, мел шога хIара дешнаш хетахь а. Масала, Iедалшкара пурба даьккхина митинг хIоттийна, йа Iедалхоша хIоттийна. ХIинца маьрша кеп хуьлийла дац, ницкъе сацамаш бар ду дисинарг".

Дагестанан Iедалхойн кегийрхошца болх бан ницкъ цакхачарца реза хилира республикера "Яблоко" партин декъан куьйгалхо Эседов Альберт а: "Олийла ду, аэропортехь беккъа кегийрхой бара. ГIазза секторехь дарг лазамца тIеоьцу баккхийчара а, амма мел а собаре, кхетамца".

ХIинжа-ГIалара аэропортехь хиллачун коьртачех бахьана дара – сацамаш тIеэцаран система болх беш цахилар: цхьанна а ца лаьара жоьпалла шайна тIелаца а, сацамаш тIеэца а къепедацарш совцон, йукъахдаха, боху Карловн университетера социалан Iилманийн факультетан белхахочо Дубровский Дмитрийс. Украинана дуьхьал тIом болабалале хьалха – Лаккхарчу экономикан школехь нахаца лелочу политикан кафедрин доцент вара иза. ХIинца хьал ишта гуш ду, "денацификаторш" жуьгтий леца буьйлабелла.

"Антисемитизм Оьрсийчуьра дIайаьлла а йац, Дагестан а, тоъал жигара йукъаралла йолу регион йу, шайна хетарг дIаала маса вовшахкхийтира уьш. ХIаъ, аэропортехь хиллачу къепедацарийн билггал долу бахьана къестон луур дац Кремльна. Шайн позици цара хIинцале а билгайина: массо а хIуманна бехке йу "бандерийн" телеграм-каналаш, ткъа нах шайн хьекъал ца тоарна арабевллера аьлла. Бакъдерг алар – антисемистийн дог-ойла хилар бакъдар ду, ткъа и дийр дац Путина", - тешна ву Дубровский.

Ливиев Барухь, "Иерусалиман куьг" йукъараллин куьйгалхо ву, Израилера кавказхойн диаспоран гIуллакхдархо а ву иза цунна хетарехь, 1990-чу шерашкахь радикалан исламца гучуйевлла йу Дагестанехь антисемистийн дог-ойланаш. ХIинца пайдаэцна оцу дог-ойланех.

"Суна хетарехь, оцу хьолана тIехьа лаьтташ Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш йу, Стенна? Арахьарчу гIуллакхийн министро Лавровс Кремлан гIо хир ду элира конфликт йерзош амма тхан Iедалоша Оьрсийчоь йукъагIортар ца магийра Бунтхоша Тель-Авивера бIенаш Израилан бахархой тIехь болу кема дIалаьцнехь, тхан Iедалхошца шантаж лелор йара, дийцарш доло дезар дара. ТIаккха Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхаша шайн хьелаш хIиттор дара царна. Вукху агIор аьлча, чоьхьара политикан Iалашонаш кхочушйан хьолах пайдаэца а тарло. Дагестанера бахархой бозуш бац, мобилизацина дуьхьал митинге а уьш буьйлу, хи сацийча а, ток дIайаьккхича а уьш арабуьйлу – кхечу региоаншкахь оцу тайпа хIума данне а дац. Цхьанна пайден долчух тера ду, дагестанхой сецалуш боцу "акха экстремисташ" бу, акхарой хила а тарло, Кадыров [Рамзана] санна волу жаIу оьшу. Суна хетарехь, и вариант а йийцаре йеш хила тарло Кремлехь", - аьлла хета Ливиевна.

Аэропортехь антисемиташа къепедацараш даре терра, Кавказана дуьхьал болчара а социалан машанашкахь дечу йозанаша совбоккху цабезам, гамо, ницкъбарш дуьйлало тIаккха билгалдаьккхира Оьрсийчуьра Amnesty International организацин директоро Звягина Натальяс. Регионехь нахана шайна хетарг маьршша дIаала таронаш хила йеза аьлла хета бакъоларйархочунна, амма иза ца теша, и саннарг хир ду аьлча.

"Оцу агIор дагестанхойн хьаькамаш гIуртур бац аьлла хета. Уггар а цара дендерг, аэропортана гонах кхин а цхьа карт йугIур йу цара, Малхбузено бина Iаткъам бу бохуш, бахьанаш лоьхур ду, кхечу динах болчаьрга алсамйаьллачу гамонах "дIакъевлина чейник" тергал ца йеш. Вайна хIинцале гуш ду, регионалера оппозицина Iаткъам бар муха долалуш ду, цунна тIе а теттина, дитинехь атта хир а адара", - боху Звягинас.

ГIадужу-беттан 20-чохь ницкъахоша дагестанхойн "Новое дело" газетан журналистан Юсупов Идрисан хIусамах талламбар а дуьйцу ишта къамел дечо. И нисделлера "Утро Дагестан" телеграм-каналан администраторийн хьокъехь керла бехктакхаман гIуллакх долорца. Аэропортехь жуьгташна дуьхьал къепедацарш долорна бехке лору уьш талламчаша. Бехктакхаман гIуллакхехь Юсуповн теш санна ву: цуьнгара схьайаьккхина йоллу компьютеран техника флешкаш, телефонаш. Цуьнан доьзалера а цхьаьна. Киевехь вехачу, тоххара Пачхьалкхан думин депутат хиллачу Пономарев Ильяс дIахьедира, ша каналца воьзна ву аьлла, амма гIадужу-беттан 29-чохь цо и бакъ ца дира.

  • ГIадужу-беттан 28-чохь Черкесскехь митинг дIайаьхьира, цигахь гулбеллачара тIедожийра регионера "жуьгтех болу бахархо" арабаха, Израилера мухIажарш чу а ма бита аьлла. Административан къепе йохийна аьлла, полицино 34 декъашхочух протоколаш хIиттийра – ницкъаъойн хаамашца, веррига митингехь дакхъалаьцнарг ву 80 стаг.
  • Муьлш бу цахуучу наха Нальчикехь дагийра жуьгтийн культурин центр йечохь машенийн чкъургийн батташ. Билгалдаьккхира, цIе маса йайина, цхьанна а зен-зулам хилла дац аьлла. Пена тIехь "йахьудашна Iожалла" аьлла ксенофобин йоза дитинера. Iарбойн маттахь "йахьуд" бохург "жуьгти" бохург ду.
  • ТIом болабеллачул тIаьхьа, Нохчийчохь сих-сиха нах вовшахтухий доIанаш деш, ламазаш до Украинана дуьхьал тIемаш бечу Оьрсийчоьнан армина, дийцира Кавказ.Реалиин сайто. Пачхьалкхан белхахой балхара дIабохур бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш, декхаребо "Нохчийчоьнан дог" маьждиге эха тIаьххьарчу шерашкахь, дукха адам гулдеш тахIаджуд-ламаз дойту, дукха хьолахь шен чохь ден ламаз ду и. Тоххара маьждиге лелар тIехь дара меттигерчу бюджетан белхахошна, хIинца школашкара а, берийн бошмашкара а бераш цхьаьна йукъаийзош ду.
  • Нохчийчуьра школашкахь Палестинан гIо лоцуш ламазаш дайтира дешархошка – мел лахара а республикин кхаа школехь доIанаш дира. Оцу акцешкахь дIайазйина видеош меттигерчу пабликашкахь йаржйира. Доллу кIиранчохь махкара маьждигашкахь ламазаш дора "Украинехь а, Палестинехь а тIом бечарна тIера". Дуьххьара ишта ламазаш дар долийра луларчу пачхьалкхана тIелеттачул тIаьхьа, бюджетан белхахой къаьсттина декхаре бара уьш дан.
  • ГIазза секторна тIехь Iуналла латточу палестинхойн радикалан ХЬАМАС тобано (США-хь а, Евробертан мехкашкахь а террорхойн лаьрра и) тIелатар дира Израильна гIадужу-беттан йуьххьехь. Ракеташца тохарш деш, тIемалой Израилан дозана тIе бевлира, дуккха а нах бойуш, закъалтхой а лоьцуш. Царна жоп лучу Израилан эскаро ГIазза секторан Iалашонашна тIейиттира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG