Оханан-беттан 12-чу буса бевзаш боцчу наха герзаш диттина "Кавказ" олучу боккхачу некъа тIехь йоьдучу машенна. Шина стагана чевнаш йина. Полицино хоуьйтуш дац тIелатаран бахьанаш.
Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллехь дIахьедарца, инцидент нисйелла махкарчу Сунжан кIоштахь. Mercedes машенна диттина герзаш. Лазийнарг ши ваша ву, 25 шо долу Мохьмад а, 31 шо долу Адам а, билгалдоккху Mash Gor телеграм-канало. Цхьанна аьрру агIор белшах, коьртах, чоже кхетта герз, вукхуьнан когах кхетта, йаздо "Сапа Кавказ" канало.
Хьалхо, оханан-беттан 3-чу сарахь мехкан Малгобекан кIоштахь муьлш бу цахуучу наха полицин белхахошна тIе а диттира герзаш, цхьахволчунна чевнаш йиена, бевддера уьш. ХIетахь кIоштахь контртерроран операцин раж кхайкхийра. Цул тIаьхьа, оханан-беттан 5-чу буса Малгобекан кIоштара Зязиков-Йуьртахь диттира герзаш – кхо полисхо вийра, кхин а бархIанна чевнаш йира.
- Зазадокху-беттан 27-гIа буьйса юккъе йахначу хенахь ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь бевзаш боцчу наха полицин постана тIе герзаш диттинера, цул тIаьхьа къайла а бовлуш. Шина полисхочунна чевнаш йира. Лаца кхайкхийра 6 стаг, царех цхьаъ, Эльдиев Рамазан, вийна карийра Карабулакехь, герзаш кхуьйсучу заманчохь лазийна хила тарлора иза. Коттоев Мовсаран дакъха карийра оханан-беттан 5-чохь Малгобекан кIоштара цхьана дIатеснпачу цIийнехь, хьалхо хиллачу хаамца, цуьнан четахь граната иккхинера.
- Оьрсийчоьнан талламан комитето цхьа могIа бехкзуламан гIуллакхаш долийра ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а тIелатарш динчул тIаьхьа. Хилларг Iедалан шина къепехь тидира: бакъоларйаран органийн белхахочунна тIекховдар, бакъо йоцуш герз лелор
- Оханан-беттан 6-чохь ГIалгIайчура Малгобекан кIоштахь лецира кхелхинчу Коттоев Мовсаран ваша а, ши деваша а. Цаьргахь карийра тIеман гIирс а, лоьлхуьйтурш а, бакъо йоцуш оьккхуьйтург латторна царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даьхна.