Америкахойн Tesla, SpaseX компанеш йехкинчу Маск Илона дIахьедина, нохчийн Iедалхошна Cybertruck электрмобил ша йелла йац совгIатна аьлла. Хьалхо оцу "совгIатах" лаьцна дийцира шен телеграм-каналехь Кадыров Рамзана – цо дош делира машен Украине хьажон.
И бакъ цахилар хаийтина Маска Х (Твиттер хилла) социалан машанехь. Цо сийсаза комментарий йина Нохчийчохь йолчу Cybertruck машенах лаьцна The New York Times хьостан журналистан Сет Абрамсона видеох лаьцна.
"Хьо оццул хьекъал доцуш ву, Оьрсийчоьнан инарлина совгIатна ас Cybertruck йелла бохучух тешшал? Кхин а цхьа масала ду хIара, мел аьшпаш буьтту хаамийн гIирсаша хаа", - дIахьедина Маска.
Хьалхо Кадыров Рамзана Маскана "совгӀат дарна" баркалла аьлла ца Ӏаш, Американ миллиардер Соьлжа-ГӀала кхайкхира, "уггаре а веза хьаша санна" ша иза тӀеоьцур ву аьлла, дош а луш.
Авто.Ру сайта тӀехь йаздарехь, SOTA телеграм-канало билгалдоккху, Оьрсийчохь Cybertruck-ан мах бу 13-35 миллионе кхаччалц. Тесла компанино официалехь шен электромашинаш ца ло махка.
Авто.Ру сайта тӀехь болчу хаамца, билгалдоккху SOTA телеграм-канало, Оьрсийчохь Cybertruck-ан мах бу 13-35 миллионе кхаччалц. Тесла компанино официалехь шен электромашинаш ца кхачайо пачхьалкхе.
- Дуьненан зорбанан гIирсаша тидаме оьцуш, хIара массарна а гуш-хезаш дуьххьара "хилла къамел" дац Кадыровна а, Маскна а йукъахь. 2022-чу шеран бIаьста Нохчийчоьнан куьйгалхочо жоп делира америкахойн миллиардерна, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире цо тIом хьебинчул тIаьхьа.
- Оьрсийчоьнан тӀеман министралла дуьхьало йан гIоьртира модификаци йинчу гIагI диллинчу машенна "Ахмат-Мобил" цӀе тилларна, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пачхьалкхан "Россия 1" каналана йеллачу интервьюхь. Керла модель кечъйечу заманчохь ша дакъалаьцна бохуш чӀагӀдо политико.