ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нeнан капитал юкъара дIадаккха лууш бу депутаташ


Пачхьалкхо ахча дIахадийча, бераш дуьненчу дохур дуй-те Къилбаседа Кавказерчу бахархоша?

Ненан капитал сертификаташ даларан программа саца а йина, цуьнан меттан, и ахча декъа а декъна, хIора баттахь доьзале дакъошкахь дIакхачийча пайден хир ду аьлла "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин декъашхочо Вострецов Сергейс а, дайн-нанойн националан камитетан куьйгалхочо Волынец Иринас а.

Инициатива кховдийначу авторша бохург юьхьарэцча, беран 18 шо кхаччалц хIора баттахь дена-нанна гIоьнна цхьана доьзалхочунна 3 эзар сом кхачор гIолехь хир ду.

Нагахь санна, доьзалехь ши бер делахь - 8 эзар сом, ткъа кхо бер долчахь15 эзар сом.

Вострецовна а, Волынецна а хетарехь, ненан капиталан программо кхочуш ца йина ша тIелаьцна хилла Iалашонаш.

Ненан капитал "моттаргIанера гIо" ду аьлла Вострецовс, ткъа дайшна-наношна хIора баттахь дIа а кхачош, Iедало хIоттийна алапа оьшу, шайн доьзал хене баккха.

Иштта Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думехь хьоьху баккхий доьзалш болчарна, масала, 5 я цул а сов бераш делахь, мел оьшу коммуникацеш тIе а тесна, цIенош дан лаьтта тIехь дакъанаш далар.

Нагахь санна, доьзалехь шаьш дуьненчу даьккхина 7 бер делахь я хуьлийла и бераш цхьанхьара далийна, иштачу доьзалшна "Газель" машен елча, пайден хир дара боху ненан капитал юкъарадаккъар хьоьхучара.

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхоша кхийдориг "кIорггера ойла ца йина" гIулч ю

Билгалдаккха оьшу, Вострецовс, Волынеца а ненан капиталах дийцаредийриг къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министралло критике даьккхина хилар.

ХIунда аьлча, цара бахарехь, оцу керлачу юкъадалораша доккха зен до пачхьалкхна.

Карарчу-беттан 23-чу дийнахь пачхьалкхан Думехь дIаяхьа леринчу горгачу стоьлехь, шуьйрра йовзуьйтур ю, Iедалан оцу хьехамех йолу позици.

Муха хир ю дискуссин чеккхе, хIинцале а кхеташ ду ала мегар ду. ХIунда аьлча, 2015-чу шарахь президента Путин Владимира ненан капиталан программа кхи а шина шарна дIаяхъяр дийхира. Ткъа, карарчу хенахь цо тоьхна хан чекхйолуш ю.

Кхо шо хьалха Оьрсийчоьнан премьер-министро Голодец Ольгас кхайкхам бира ненан капитал далар мел лаххара а кхи а 15 шаре даккха аьлла.

Цо бахарехь, бераш дуьнечудахар алсамдаларна пайда бохьу оцу сертификато. И терахьаш лардархьама а оьшу программа дIаяхъяр аьлла бу цуьнан хьажам.

2016-гIа шо дирзинчул тIаьхьа финансийн министралло а дехарш дан долийра, ненан капитал сацор хьоьхуш...

Кху деношкахь Вострецовн инициативан хьокъехь шайна-шайна хетарг ала буьйлабелла цуьнан коллегаш а.

Сенаторо, Мизулина Еленас "кIорггера ойла а ца еш" яьккхина гIулч лору Вострецовс юкъаяккха хьоьху проект.

Социалан сферашкахь вай хIинццалц схьа баьхначу кхиамашна новкъарло ян тарло оцу кепарчу дIахьедарша боху Мизулинас.

Суна бевза дуккха а доьзалш, йоI, кIант шайн доллушехь, кхоалгIа бер дуьненчу даьккхина

Кавказ.Реалии портало дийцира шен агIонтехь, ненан капитал сертификатца бозбуанчаллаш лелийначу регионашлахь, Къилбаседа Кавказ хьалхаяьлла йоьдуш хиларх.

Куралла лелочу нахана дика аьтто баьккхина ненан капитало. Делахь а, яц дегайовхо, нагахь санна, доьзалшна цIенош дан дакъош я "Газель" машенаш дIасаекъахь, шайн кхин проблемаш кхочушъярхьама, наха уьш а юхкур яц аьлла.

Цу тIе, Къилбаседа Кавказерчу бахархойна доьзалашкахь даим хилла дукха бераш. Дац и доьзна пачхьалкхо лучу сертификатех.

Делахь а, ненан капитал лучу регионашкахь керла доьзалш кхуллуш хилар а гуш ду.

Блогерша Интерет машанашкахь дийцарца, дукхахчарна ненан капитал цхьаъ бен йоцу пайдаэцаран кеп ю шен хIусам ян йоло, ткъа кIезиг бац бахархошлахь оцу сертификатах "Priora" машен оьцурш а.

Масала, ХIинжа-ГIаларчу вахархочо Султанов ИбрехIима даредо, и ахча сацадахь, ша стенах оьцур ю машен бохуш.

Иштта, Дагестанерчу цхьана яхархочо Хизриева Марьянас шен бевзачийн масалштIехь дуьйцу, ненан капитал бахьанехь бераш дуьненчу дахар алсамдаларх.

"Суна бевза дуккха а доьзалш, йоI, кIант шайн доллушехь, кхоалгIа бер дуьненчу даьккхинарш. Иштта доьзалш хIуммаъ а кIезиг а бац".

Берашдарна тIехь а бизнес лело буьйлабелла. Къоьлла ю дебош

ДIоггара баккхийберца тIе ца оьцу ненан капиталан программа.

Масала, "Дербент" цIе йолчу, култура а, юкъаралла а кхиоран фондан куьйгалхочун гIовсна Саркаров Амилна хетарехь, Къилбаседа Кавказехь тоххара санна лаккхара дац бераш дуьненчу дийларан терахь.

"Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, терахьаш тIех дестийна дуьйцу. ХIаъ, гIо хилла оцу ахчанах, амма ца хилла ма дуьйццу-м", аьлла хета экспертна Саркаровна.

Хасу-Юьртара яхархо Арслангереева Диана дуьхьал яц ненан капитал сертификаташ юкъахдахарна.

"Iедало луш долу и масех эзар сом бахьанехь бераш дан буьйлабелла. Оцу сертификатца шаьш банкашкара даьхна декхарш дIа а токху наха, "Lada Priora" машенаш а оьцу, - бохуш, латкъамаш бо яхархочо. – Сертификат низамашца а доцуш, дIа а духкий, кара схьаоьцучу ахчанах я пайда а ца хуьлу", элира Кавказ.Реалии портале Арслангереева Дианас.

Кавказ.Реалиица къамел дина яхархо тIетов Вострецовн инициативана. Иза а ю тешна, и ненан капитал цхьана дийнахь схьа а делла, хайра а доцуш, духкуьйтучул а, эвсара хирг хиларх, хIора баттахь дакъошкахь схьа а луш, дайшка-наношка оьшу-оьшшучче йома латаяйтича.

"Оцу ахчанан барам шайга дайшка-наношка хIоттабайтича гIоле хир ду. Вуьшта аьлча, берашдарна тIехь а бизнес лело буьйлабелла. Къоьлла ю дебош" аьлла, доцца дIахадийра Арслангереевас.

XS
SM
MD
LG