Чолхечу хьолан федералан министраллин куьйгалхочуьнца Куренков Александрца хиллачу цхьаьнакхетарехь дIайаздина видео хIоттийна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цхьа могIа тамашен хIуманаш ду оцу роликан видеоца а, аьзнашца а.
Кадыровн телеграм-каналехь чIагIдо, белхан хьокъехь иза Москва вахча хилла ду цхьаьнакхетар бохуш. Зорбане йаьккхинчу видео тIехь Кучеренковс ма-дарра дуьйцу Нохчийчуьра Шела-кIоштахь минаш дIайохуш МЧС-н белхахоша белхаш барх, цу дийнахь гезгамашин-беттан 21-ра де хилар билгалдоккхуш.
Шела кIоштахь минаш дIайахарх лаьцна дийцарца догIуш доцу къамел до Кадыровс дуьхьал. "МЧСе тхан хеттарш дац, МЧС-н белхахоша массанхьа а шайн декхарш кхочушдо, шайн болх бо, СВО ("леррина тIеман операци" – иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалша Украинерчу тIамах. – Редакцин билгалдаккхар.) йукъахь а дакъалоцу", - боху цо.
54 секундехь йолчу ролика тIехь Кадыровс ден къамел иттех секундехь а дац, министран озаца дуьстича цуьнан аз декачу хенахь цхьа совнах гIовгIа хаало. Тележурналисто Собчак Ксенияна хетарехь, Кадыровн дешнаш видеоца къастош тIедехкина ду. Ролик хеда а йеш, йинчу монтаж тIехь Кадыров кадрехь волу хан ворхI секунде а ца кхочу.
Кхеташ дац, стенгахь йина йу съемка. Гезгамашин-беттан 12-чохь Новгородан кIоштан губернаторо Никитин Андрейс шен телеграм-каналехь хаамбира Куренковца шен цхьанакхетар хиларх, цхьаьна даьккхина сурт а хIоттийнера цо, хетарехь, Куренковн кабинет чохь даьккхина долу.
Циггахь товбеца-баттахь министр цхьаьнакхийтира Оьрсийчоьно "ЛНР", "ДНР" олучу меттигашкахь хIиттийначу хьаькамашца а.
Куренковн Кадыровца вовшахкхетар хилла кхечу меттигехь. БогIуш бац кабинетам барам, цуьнан планировка, чоьнан дизайн, кораш кечдар, иштта кхин дIа а. Кадыровца йолчу видео тIехь куьйгаллица зIе тосу телефонаш корана уллорчу тумби тIехь йу, цунна тIетовжийна йу Кремлан доккхачу суьртан панорама.
Дукха хьолахь лакхарчу даржхойн телефонаш белхан стоьлаца хоьттинчу стоьла тIехь хуьлура, Никитин Андрейн сурта тIехь гуш ма-хиллара.
Кадыровца йаьккхинчу видео тIехь минералан хиш чохь шун ду – оцу кепара шишанаш дара Коьртачу дарбанан цIийнан палати чохь а. Кадыровс чIагIдарца, цуьнан цомгаш деваша ву цигахь Iуьллуш, цунна тIехIотта ваханера иза.
Гезгамашин-беттан 21-чохь суьйранна ницкъахошца йоьзна йу аьлла хетачу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало хаамбира Коьртачу дарбанан цIийнан территори тIехь хуьлучу "тамашен хIуманех". "Цхьацца йогIуш масех машенийн ковра йеара (4-5 машен). Машенаш тIехь нохчийн номерш йара, йа цу чохь Нохчийчуьра бахархой бара. Уьш берриш а терапевтан пхоьалгIачу корпусе а, реанимаци а дIаоьхура. ГIишлона го бинера даккхий догIмаш долчу Нохчийчуьра наха. ТIаьхьо дарбанан хIусаман дозана тIехь беракема охьахиира",- йаздо телеграм-канало.
Flight Radar сайтан зерашца, кху деношкахь Москвара Соьлжа-ГIала а дахна, дукха хье ца луш йухадеана Кадыровн долара кема Москвахь дуьсуш ду хIинца а.
- Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео хIоттийра, цу тIехь цомгаш волчу шен девешина тIехIутту иза. ЧIагIдарехь, видео дIайазйина гезгамашин-беттан 21-чохь Оьрсийчоьнан президентан гIуллакхашкахула йолчу урхаллин Москвара Коьртачу дарбанан цIийнехь. Ролик гучуйелира, Кадыров Рамзанехь вон хьал ду бохуш, хаамаш баьржинчу йуккъехула.
- Дахначу кIиранах зорбанан гIирсаша даржийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла цIеххьана ийгIина, Москвара ЦКБ-хь цунна лелош дарба ду аьлла. КIира йуккъе даьллачу заманчохь масех оппозицин нохчийн каналаша шайн хьасташ а ца йуьйцуш, хаамбира, Кадыров Рамзан кхетамчохь вац бохуш.
- КIирандийнахь Кадыровн телеграм-каналехь видео гучуйелира, цо ша дIайазйина. Цу тIехь Нохчийчоьнан урхалхо аллейхь воьдуш ву, цо боху "бакъдерг харцдолчух къастон ца хуурш, ара а довлий, мохех дуьйлалой, шайн корта меттабалабе" аьлла. Шен могушаллех лаьцна Кадыровс хIуммаъ а ца олу. ЧIагIдарехь, видео Соьлжа-ГIалахь дIайазйина цу, амма билггал хууш дац маца йаьккхина йу и.
- Хетарехь, Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало, шен хьасташна тIетевжина хаамбира, кIирандийнахь Iуьйранна ЦКБ-н кертахь нохчийн номерш йолу машенаш гулйеллера, машенех талламаш а ца беш, уьш чу йуьтура бохуш. Информаци тIечIагIйеш кхин тоьшаллаш хилла дац.
- Президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий кху кIиранах шозза дуьхьал хилира Кадыровн могушаллех лаьцначу хеттаршна жоп дала.