ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхета хала ду, стенна хIоттийна Кремло Мединский Владимир культуран министр


Russia -- Culture Minister Vladimir Medinsky at a meeting of newly appointed government ministers, Moscow, 21May2012
Russia -- Culture Minister Vladimir Medinsky at a meeting of newly appointed government ministers, Moscow, 21May2012

Шена керла Ιедал вовшахтухуш, президента Путин Владимира хΙиттош болчу министрийн декъа кхаьчна деношкахь Оьрсийчохь политикан жигархо а, историк а санна вевзаш волу Медынский Владимир. Иза хΙоттийна культуран министраллин коьрте. Пачхьалкхан истори а, адамийн амалш а хьехош тΙаьххьарчу шерашкахь ша арахецначу тептарийн маьΙна бахьана долуш Ιилманчашлахь авантюристан цΙе лела Медынскийн. И тайпа стаг Ιедалан олимпе кхачоро цецбаьхна дуккха а нах, шайлахь культурехь болх бийраш а болуш.


Керлачу министрах Мединский Владимирах нехан ойланаш лечкъаеш волу плагиатор, харц пропагандист, истори тΙекъелъеттархо олу нах дукха бу Ιилманчашлахь а, политикашлахь а. ХΙинца Путина а, Медведевс и культуран министран дарже охьахаоро цуьнан хьокъехь ирачу дийцаршка баьхна Москохахь Ιедалан хотΙах доглозурш. Цуьнан цо истори толлуш язбинчу белхашкахь дуккха а ю юкъархой дарбен ойланаш.

Масала, 1939 шеран Марсхьокху-баттан (августехь) 23-чу дийнахь Сталинна хьалхара Молотовссий, Гитлерна хьалхара Риббентропий, шинан пачхьалкхан хьашташна озабезам а беш, Европа вовшашлахь екъа къайлаха бина барт сийлахьа хилам лара догΙу, бохуш, чΙагΙдо Мединскийс шен цхьана тептара тΙехь.

СССР-о Прибалтика цуьнан лаам а боцуш ца тоьхнера шех дΙа Гитлерца тΙом баллале, боху цо кхечунхьа. Европехь тΙом болош, Германис Польша дΙалаьцча, цигахь Гитлеранний, Сталинанний эскарша цхьаьна 1939-чу шарахь тΙеман гайтам дΙабаьхьна хиларх тоьшалла деш даьхна суьрташ а фотомонтаж ю, бохура Мединский Владимира.

И санна долчу къамелаший, йозанаший кхоьллина Меднскийна историн Ιилманехь и авантюрист а ву, Кремлана пайдехьа аьшпаш буьттург а ву, боху цΙе.

Мединский Владимир хΙинца культуран министр хΙоттор тайна бу «Цхьаааллин Оьрсийчоь» партех болу пачхьалкхан Думера депутаташ. Царех ву, масала, оцу партин куьйгалхойх волу Исаев Андрей а. «ТΙах-аьлла стаг, дика куьйгалхо а, идеолог а» ву боху цо Медынский. Думехь культуран комитетехь болх бечу депутата Драпеко Еленас а боху иза дика «профессионал а ву, хаарш кΙоргга долуш стаг а ву».

Амма Ιедалх боцчу историн Ιилманчашлахь а, оппозицехь а кΙезиг бац Мединский министр хΙоттор харцо лору нах. Дуьненан ШолгΙачу тΙеман талламчас, историка Солонин Марка оьрсийн культурана тΙе шеташ тохар санна лору Гитлеран пропагдист хиллачу Геббельсах тарвелла волу стаг культуран министр хΙоттор.

Солонин: «Къастийнарг ву могΙара пропагандист, цу тΙе хецавелла волу Геббельсан моΙара пропагандист. Иштта волу пропагандон цхьана хенахь дуьненна Пушкин, Гоголь, Тургенев, Толстой, кхиберш белла йолчу пачхьалкхехь оьздангаллин министр хΙоттор – иза, кхеташ ду, шатайпа юьхьΙаьржо ю».

Оьрсашна, дуьнено уьш бехдархьама, тΙехьош йолу историн хиламашкара харцонаш ша юхайоху, бохуш, хΙоттийна ду Мединский Владимиран «Мифаш» цΙе йолу истори цΙанъеш яздинчу тептарийн кочар.

Иза резахиларца тΙеийцира Кремло. Цигарчу хьакамаша хастийра Мединский, цо историн хиламаш шен хьесап а деш бийцахь а, иштта бийцар Оьрсийчоьнна пайдехьа ду, аьлла. 2009-чу шарахь иза аьлларг вара, масала, Кремлан администрацин куьйгалхо Ιийна волу Сурков Вдалислав.

Амма кхин сий ду Мединскийн историкашлахь. Стохка Ιилман доктор хΙуттуш цо язйинчу диссертаци тΙехь цхьа дакъа кхечу истрикан долара лачкъийна агΙонаш ю, аьлла плагиатехь бехке вира иза Ιилманчаша. Изза тахана а элира Маршо Радиоца къамел деш вевзаш волчу оьрсийн историка Усыкин Лева.

Усыкин: « Оцу меттехь волу стаг мелла а оьздангаллин бустамашца вогΙуш хила веза. Ткъа муьлхачу оьздангаллин бустамашца вогΙу Мединский Владимир Ростиславович вайна хаьа. Вайна евза цо Ιилман доктор хΙуттуш язйина диссертаци, хаьа цуьнца йоккха плагиатан кийсак ярий. Ткъа плагиат йоцуш а, кхийолу ойланаш цхьана а кепехь Ιилман лехамашца ца йогΙийла.

Доцца аьлча, жуккараллица елла цунна Ιилман докторан цΙе. Шена оцу керла ваьллачу докторна иза шера хаьа. Дерриг дуьненна а ша бозбуанча вуйла дΙагайта а эхь ца хеташ стаг ву иза. И бохург хΙун ду кхета хир ду-кх шу...».

Оццул ирча вуьйцу Мединский Владимир пачхьалкхехь культуран министраллин коьрте хаор муха туьду Къилбаседа Кавказехь теллира Маршо Радионо. Дагестанан культуран министран когаметта ву Магомедрасулов Мохьмад-Расул. Цо иштта довзийтира шайн министраллехь хетарг.

Магомедрасулов: «Тхуна и стаг вевзаш вац. Телефон тоьхнера оха Оьрсийчоьнан культуран министралле, цигарнаш а бац самукъа долуш, цара министр Толстой Лев Николаевичан тΙаьхьенах волу Толстой Владимир хΙотторе сатуьйсура.

Нагахь санна хΙинца веъначо Молотовн-Риббентропан пакт къобалдеш делахь, дика-м дац иза. Истори юхаязъеш хьийзарг вазвойла дац. Истори массарна а цхьаъ ю, массара а и кхуллуш йолун дела. Цундела и стаг хастош ала хΙума дац»

Нохчийчоьнан министраллехь муха го Мединский Владимир шайна тΙехΙоттор хаа а гΙоьртира Маршо Радио. Оцу хьокъехь зΙе йиттича, 22-58-17 ноьмар йолчу телефонехь Ιечу жимчу зудчо тхуна къамел дойла нисдира шен цΙе ца яьккхинчу министран Музыкаев Дикалун гонерчу цхьаьнца. Зудчуьнца.

Цо нохчийн маттана дуьхьал оьрсийн маттахь жоп а луш, цецъяларца хаьттира : « И бохург хΙун ду, лаккхахь тΙехΙоттийначу хьакамах лоций дуьйцуш а муха хуьлу?! Тхуна цкъачунна я гина а вац иза, я вевзаш а вац», - аьлла.

Мединский Владимир, гарехь, тоьллачу кандидаташлара къастийна вац Кремло культуран министр вохуьйтуш. Историн Ιилманехь чекх са го цунах дуккхаъчу говзанчашна. Ткъа хΙун цΙе йоккхур ю цуьнан, муха тарлур ву и культурехь боху хаттар а дац тесна дуьтучех. Цундела саготта ду, Дагестанана министран гΙовса ма-аллара, Оьрсийчоьнан культерехь къахьогучу нехан дакъош а.
XS
SM
MD
LG