ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоман балана боьгIна хIоллам бита беза


Махках баьхначу нохчашна ерриг республикера лехьийначу ширачу чуьртехь бина хIоллам, Соьлж-гIала, 2013
Махках баьхначу нохчашна ерриг республикера лехьийначу ширачу чуьртехь бина хIоллам, Соьлж-гIала, 2013

Дохийна Сибрех хьажийначу къомо цигахь текхна балане шераш дагалоцуш 20 шо хьалха хIоттийна хIоллам, дехьа-сехьа кхуьссуш ловзабаккхар цатовш берш кIезиг бац.

Нохчийчохь Дудаевн Iедал долуш, цхьа йоккха дуьненан къайле каро цхьамма омра дича санна, латта охкуш мор бехьира махкахь бахархоша. Дуккха а ярташ яра цу хилам-боламехь дакъалоцуш.

Схьаохкуш дерш чарташ дара. Бохийна вайнах Сибрех хьовсийча, кхойтта шарахь кхузахь доладинчу Iедало а, цуьнан хьадалчаша а шайна магийтина хиллера, нохчийн кешнаш доха а деш , цигара чарташ буха а дохкуш божалш дан а, пхьалгIанаш биста кхаччалцш кхийолу хьашт-дезарийн гIишлош йогIа а.

Цу кепара, бIеннаш чарташ схьа а аьхкина,(дийна чуртта-м карош а дацара) цхьана билггалчу метте дIагулдира бахархоша. Цул тIаьхьа, царех мелла а битамехь дерш, дийна диснарш, Соьлжа-гIала дIа а дехьна, бинера гIали юккъехь, халкъана уггар луьра, къиза еъна хан дагалоцуш шатайпа хIоллам.

Къоман лаамца боьгIна и хIоллам бу тахана, цкъа гIалин йисте, атта адам ца кхоче дехьабоккхуш, юха сехьабоккхуш, ловзабаьккхинарг. И хIоллам мехала,деза хIума а лерина, цуьнан сий-пусар цадар бIаьрзе, гал хьажам хетарш дукха бу могарерчу бахархошлахь а, кхоллараллин хьармахь къахьоьгуш болчарлахь а. Иштачех ву байтанча, гочдархо Хатаев Хьусайн. Цо къастам боллуш къамел дира соьца цу хIолламах.

Хатаев: «Нагахь санна цхьана Iедало халкъо лайна бала, цуьнга яллийна гIело гойтуш хIоллам хIоттийнехь тIедеанчу Iедало цунах политика а йина, иза дехьа-сехьа баккха йиш яц, лартIа а, я нийса а дац. Нохчашна и хан йиц ца ялийта, дегнаш дассо. и саннарг кхин ца хилийта хIоттийна хIоллам мА бара иза».

Маршо радио: - Хийла дас саца а соций, доIа дора цигахь, Сибрехахь белларш Деле боьхуш..

Хатаев: «Соьга дуккха а наха, хаза а хеташ, къамел дина-кх цу хIолламах баккхийбеш, мА дика ду-кх хIара меттиг йолуш, и хIоллам хIоттийна бохуш. Нехан сапаргIат долуш, дегнаш дассош меттиг мА яра иза. Нехан гIайгIа юьйцуш меттиг мА ю иза. Гергахь а бара иза, шен цхьа куц-барам а бара цуьнан хIоьттина. И куц а дIадели, и барам а дIабели. ТIаккха иза цаларар, цавашар мА ду. Кхузахь хIуьттаренаш лело мА ца йогIу. зама мА ю иза.»

Маршо радио: - Къоман яханчу хенехь хьадан йиш йолуш а , хьадан йиш йоцуш а хIумнаш ду. Ахь дийцарехь иза а ду-кх хьадан йиш йоцчех?

Хатаев: «Цхьа шеко а яц. Хьадан йиш ю я яц аьлла къастийна хила деза массо а хIума. Мухха делахь а генара схьадогIург дуй (маргIалехь) исторехь шен меттиг йолуш ду. И хьедар кхераме ду. И дIаяккха хIоттарх а цецваьлла вара со-м. Ша ма-барра шен суьртехь бита беза хIоллам. Заманан хатI ма ду иза. Архитекторш а,говзанчаш а цхьана барте а веъна. ДIахIиттийна мА-дара и чарташ. Дита дезаш хиллера, ловза а ца дохуш».

Соьлжа-гIаларчу хIоллам хьокъехь соьца къамел хилла яздархо Хатаев Хьусайн теш ву дийнна къомах дозаделла хIума, юкъаралле хаттар-алар а доцуш, цхьа атта тидар а, шайггара цуьнан кхоллам нисбар а нийса цахиларал сов вуно кхераме хIума ду аьлла.
XS
SM
MD
LG