ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориало" зорбане даьккхина Къилбаседа Кавказерчу хьолах лаьцна тептар


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь, 2022 шеран гIуран-беттан 31 де. Гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь, 2022 шеран гIуран-беттан 31 де. Гайтаман сурт

Адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" йукъаралло зорбане даьккхина Къилбаседа Кавказерчу хьолан тептар. 2022-чу шеран товбеца-беттан йуккъера 2023-чу шеран чиллин-батте кхаччалц йолчу ханна. 44 агIонах лаьттачу документан коьрта агIонаш йукъараллин сайтехь йу.

Къилбаседа Кавказехь тIаме кхайкхар къобал цадар, масех республикехь наха цунна дуьхьаллонаш йар билгалдаьккхина бакъоларйархоша.

"Мемориал" йукъаралло йаздарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен "долахь эскар" вовшахтухуш ву, амма цуьнан эскаран меттиг а, мехалла а Украинерчу тIамехь ша ма-хиллара ледара йу.

"Нохчийчуьра хьал а хийцамза ду: меттигерчу бахархойн бакъонаш хьешар а, Кадыровн ницкъахойн олалалла а дикка гучуделира Хьалха-МартантIехь дIайаьхьначу операцехь", - дIахьедира бакъоларйархоша.

Иштта "Мемориало" гулдинера Къилбаседа Кавказера схьабевллачу Украинин агIонехьа тIом бечарех долу хаарш а, ГIебарта-Балкхаройчохь, Дагестанехь историкашна тIаьхьабовларх йолу информаци а. Цунах лаьцна хьалхо дийцира Кавказ.Реалии сайто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG