Массийтта стаг вийна Германехь неонацисташа. Ткъа уьш тIаьхьарчу иттех шарахь итт стаг ву - исс маьрша вахархой, цхьа полицхой. Дукхахберш туркой бу царех, цхьаъ грек ву. Неонацийн карах беллчарна леринчу форумехь йистхиллачу немцойн канцлера Меркель Ангелас байъинчеран гергарчаьрга официалан декъехь къинтIера довлар дийхира, неонацийн тоба сихонца лаца ка ца даьллачу пачхьалкхан а, Iедалхойн а бехкана къера а хуьлуш.
Меркель: "Шух дукхахдерш цхьаьлха диснера шайга беъначу балийца. ХIунда аьлча, цу зуламийн бахьана гучу ца долуш дукха хан эрна яйна хиларна. Иза къаьхьа бакъдерг ду. Вайн махкахь дукха кIезиг бара аьтто-экстремизман террорхой цу зуламашна куьгбехке хила йиш ю бохучух тешаш берш. Цундела мафин декъашхойн лараш лийхира Iедалхоша я наркотикаш лелочеран, ур-атталла доьзалийн гонашкахь а лийхира. Байъинчеран цхьаццаболу гергарнаш а бара Iедалхоша шеконе лоруш. Иза къаьсттина халахетаме хIума ду. Цундела ас шуьга къинтерадовлар доьху".
Берлинехь неонацийн тобанхоша байъинчарна лерина суьйре сел шуьйра дIаяхьаро гойту, меттигерчу юкъараллехь Германехь, цхьанна а ца хууш, сел дукхачу шерашкахь шайн зуламаш дан цу тобанан декъашхойн кадаларх инзаравалар мел доккха ду. Дахана шо доьрзуш гучуяьллачу цу шех „Цвикаура тоба“ олучу зуламхойн цхьанакхетараллехь кхоъ жигара декъашхо хиллера, амма царна гIо динарш, схьахетарехь, дуккха а дукха хиллачух тера ду. Зуламхойх шиъ полицин кара ца вахархьама шаьш шайна тоьхна велла, ткъа кхозлагIниг - Беате цIе йолу къона зуда - набахтехь ю.
Пачхьалкхан лакхарчу Iедало неонацисташа байъинчеран гергарчаьрга къинтIерадовлар дехаро Оьрсийчуьрчу хьолах ойла кхоллайолуьйту. ТIаьххьарчу шерашкахь хаддаза алсам дуьйлуш ду Оьрсийчохь нацистийн хьежамаш болчу кегирхоша ден зуламаш. ХIора шарахь иттанашкахь кхечу къаьмнийн векалш бойъу оьрсийн гIаланийн урамашкахь, кхин а сов чевнаш йо. Амма и зуламаш ден кегирхой оьрсийн кхелашкахь, дукхахьолахь, цхьа кIезга-мезга гIулингалла дича санна, пайдабоцу гIуда а тухий, дIахоьцу.
Шовинистийн хьежамаш оьрсийн юкъараллехь дела денна алсамбовлуш хиларх, ткъа и хьежамаш болчу наха дечу талорийн терахь мел лакха долуш хиларх а, хIинцалца схьа цхьана а Оьрсийчоьнан куьйгалхочо даре ца дина, и тайпа зуламаш дан неонацин агIончийн кадалар – иза Iедалан бехк бу, аьлла. Цу зуламхоша байъинчеран доьзалшка къинтIера довлар-м, тешна а, ца дехнера цара.
Меркель- перевод
Шух дукхахберш цхье биснера шайга беанчу балийца. ХIунда аьлча, цу зуламашна тIехьа лаьттинарг гучу ца долуш дукхаъ лаьттина хиларна. Иза къаьхьа бакъдерг ду. Вайн махкахь дукха кIезга бара, аьтто.экстремистийн террорхой цу зуламшна куьг-бехке хила йиш ю бохучух тешаш берш. Цундела мафин декъашхойн лараш лийхира Iедалхоша, я наркотикаш лелочеран, ур-атталла доьзалийн гуонашкахь а лийхира. Цхьаццаболу байинчеран гергарниш а бара Iедалхоша шеконе лоруш. Иза къаьстина халахетаме хIума ду. Цундела ас шуьга къинтера довлар доьху.