ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигера вахархо вийна аьлла виъ батIалхьажо лаьцна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчоь, Наьсара
ГIалгIайчоь, Наьсара

Террорхойн гаранех долчу гIуллакухехула теш хилла меттигера вахархо вийна аьлла шеконашца лаьцна ГIалгIайчохь ницкъахоша виъ стаг. Цунах лаьцна хаамбина "РЕН ТВ Новости" гIирсо ницкъаллин структурашкарачу хьасташна тIетевжина. Буьйцурш батIалхьажой бу, билгалдаьккхина редакцица хиллачу къамелехь оцу вежараллин цхьахволчу декъашхочо Белхароев Iабдуллас.

"Тхуна хууш дацара, и теш хиларх. Хууш дац хьан вийна иза, амма йаржийна верси – иза теш хилла бохуш йу, вуьшта и стаг хьаван бахьана дацара. БатIалхьажойн гIуллакх дIакъовла герга дахана, милла велахь а цхьаъ ву и дан ца лууш, - аьлла цо. – Цундела къайлахчу сервисаша Iалашо хIоттийнера БелхароевгIарах цхьаъ вен, вирдера арабевллачара цу йукъахь цхьа дакъа лаьцча санна".

Кавказ.Реалии сайто хьалхо хаамбира, гIуран-беттан 15-чохь суьйранна ворхI сахьт долучу заманчохь вевзаш воцчу шина стага герзаш диттинера "Тойота Камри" машенна Сурхахи эвлана уллохь. И тIелатар динчул тIаьхьа оцу меттигера маса къайлаваьллера и шиъ.

Билгалдоккху, лазийнарг масех шо хьалха батIалхьажойн йукъараллехь хилла ву, цу йукъара араваьллера иза - Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, вежараллин шина декъахочун сацам хиллера Адам цIе йолчу шайн вирдехь хиллачунна бекхам бан, тIаккха герзаш тоьхнера цара.

БатIалхьажошна тIаьхьабевллера полисхо Эльджаркиев ИбрахIим вийначул тIаьхьа. Цунна а, лоьран болх беш хиллачу цуьнан жимахволчу вешина герзаш туьйхира 2019-чу шеран лахьан-баттахь Москвахь. Цул а хьалха вийра батIалхьажойн тобанера Белхороев ИбрахIим, БатIал-ХIаьжин кIентан кIентан кIант. Цуьнан машенна герз тоьхнера ГIалгIайчохь 2018-чу шеран гIуран-беттан 31-чу Iуьйранна. БатIалхьажошна хийтира, иза верна ГIалгIайчуьра "Э" Центран хьаькам ву. Цунна тIелатар динера бекхам беш. ТIаьхьо вежараллера цхьана декъашхочо Картоев Къурейша мукIарло дира, ЭльджаркиевгIар чIир йоькъуш байина аьлла.

Кху шеран чиллин-баттахь кхелан сацамца къайлахчу сервисаша террорхойн организацийн тептаре йазйина "БатIалхьажойн тIеман тIам" юкъаралла. ХIинца оцу тобанехь дакъа мел лоцурш а, царна гIо дийраш а бехкзуламан жоьпалле хIиттор болуш бу. Шайна динан вежараллин декъашхошна хетарехь, БатIал-Хьаьжин некъаца боьлхучарна таIзар дар аттачу доккхуш бина сацам бу и, цара дIахьедо Оьрсийчохь бусалбанашна Iаткъам бо аьлла.

  • Эльджаркиев верах бахьана делира дош лелаш болчу батIалхьажойн цIийнах хьийсар, уьш лецар доло, царлахь бара баккхий бизнесхой, ГIалгIайчуьра чоьтан палатин куьйгалхо, Халкъан гуламан депутаташ, иштта батIалхьажойн хьалханча Белхороев Якъуб а.
  • 2019-чу шаре кхаччалц батIалхьажоша Iаткъам бора – тоххара мехкан урхалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекана герга а бу, регионан социалан-политикан структуре хIитта кийча а бу бохура уьш. Оцу йукъанна вежараллин декъашхойх шеконаш йара, даккхийчу зуламашна бехке бу аьлла, масала, журналисташ а, бакъоларйархой а тIехь болчу автобусана 2016-чу шарахь динчу тIелатарна. Бакъоларйаран "Машр" организацин рапортехь Russiangate хьастана тIетевжина чIагIдора, и тIелатар дайтинарг Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам ву бохуш. Ткъа и зулам кхочушдинарг – Белхороев ИбрахIиман нах бара. ХIетахь микроавтобус йагийра, цу чохь мел хиллачарна, йиттира.
  • Украинаца болийначу тIамехь дакъалоцуш бу батIалхьажой кадыровхойн "Ахмат" спецназан декъехь. Церан БОБР тоба – сихо йен батIалхьажойн отряд- 3I стагах лаьтташ ю. Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" базехь кечбина бу уьш берриш а, цул тIаьхьа тIамтIе бахана. Иштта гIалгIайн "Э" Центран хьаькам вийначул тIаьхьа ницкъахошца Iоттайеллачу конфликтах бовда гIерта батIалхьажойн декъашхой, аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташна.
  • Нохчийчуьра гIо латтадора батIалхьажошна. БатIал-Хьаьжин вирдан декъашхочо, 2014-чу шарахь дуьйна США-хь вехачу Белхороев Iабдуллас дийцарехь, и доттагIалла доладелла 1990-чу шерашкахь. Оцу йукъанна батIалхьажо хиллачу Картоев Ислама билгалдаьккхира, хIинца Нохчийчоьнан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанна а, батIалхьажошна а йукъахь доттагIалла дац, йукъара интересаш йу аьлла.
  • БатIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. XIX–XX бIешерашкахь ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG