"Меттигерчу наха йуург латтайлра, шаьш дайъа баьхкинчу салташна". Нохчийчохь тIом болийна 30 шо ду
ГIуран-беттан 11-чохь 30 шо кхочу оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом официалехь болабелла. Кеп-кепарчу хьесапашца, тIамехь а, Оьрсийчоьнан эскаран агIор даим тIейетташ хиларна а маьршачу бахархошлахь велла 30 эзарна тIера 40 эзаре гергга стаг. Амма билггал долу терахь тахана а хууш дац, гIишлошна динчу зенех а санна.
Хьанна оьшуш бара тIом, мича бахьанашца зударийн дог лозура, ткъа бераша сийсазбора Оьрсийчоьнан эскархой, хIокху 30 шарахь дуккхаъчу нохчашна Керла шо деза де стенна дац а, дийцира гоьваьллачу итсорико, "Хроника Кавказа" подкастан авторо, Ичкерин президентан Масхадов Асланан хиллачу пресс-секретаро Вачагаев Майрбека.
– Официалехь 1994-чу шеран гIуран-беттан 11-гIа де хIунда лору Нохчийчохь хьалхара тIом болабелла де? Цул хьалха а ма хиллера дуьхь-дуьхьал тийсадаларш.
– ХIаъ, тIом болийна де билгалдаккха хала дара, хIунда аьлча, кеманаша республикехь бомбанаш йетта йолийнера, байъина нах а бара, Ичкерин президентана Дудаев Джохарна оппозицихь лоруш берш Соьлжа-ГIала чубахка гIертара. ТIаьхьо билгалделира, цигахь цхьа а оппозици цахилар, амма Оьрсийчоьнан тIеман дакъошкахь Iамийна йолахой хиллера. Аьлча а, и маьрша мур бацара, амма тIаьххьалц наха сатийсира, эскарш чу далор дац моьттуш.
Делахь а, 1994-чу шеран гIуран-беттан 9-чу дийнера 10-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса дIакхайкхийра, Нохчийн Ичкерия Республикин дозана тIехь конституцин къепе меттахIоттон йеза аьлла. ГIуран-беттан 11-чохь Москвано буьйр дира, тIаккха массо а агIор – Кизлярера, Моздокера, Наьсарара, Хасав-Йуьртара – тIеман ницкъаш чубахкон болийра Нохчийчу. Кремльна оцу дийнах хилира официалехь тIеман йуьхь.
– Официалехь тIом болийна и хьалхара де – хьуна муха доладелира и де?
– Суна хетарехь, хIетахь республикера боллу бахархой Маршо Радион, "Американ Аз" радион тулгIенаш тIехь цхьа хаам хиларе хьоьжура. "Маяк" санначу станцех тешарш кIезиг бара. Дуьнено Оьрсийчоь сацор йу аьлла, хеташ бара массо а.
Амма, федералан арми республике чугIорта ма-йуьйлли – цунах лаьцна дIасадаьржира цхьа сахьт-ши сахьт далале, лаьмнийн эвланашкахь а цхьаьна. Тхо кхийтира, шен Iалашонашкахь Москва генна дIагIур йуйла, республика шайн контроле эцна, Дудаев Джохар Iедалера вохош. ГIалгIайчуьра ковра меттах ца йаьллера: цIеххьана гучуделира, адамашка тIеман ковра сацалур йу аьлла. Изза хилира Хасав-Йуьртан агIорхьа а. Цунах тхуна дегайовхо хилира.
– Ткъа муха хиира хьуна, тIом болабелла хиларх?
– Со Нохчийчохь вара, Москвахь аспирантурехь доьшуш волчуьра цIа веанера со ши де хьалха. Оцу дийнахь жимачу транзисторе ладоьгIуш вара со, чIогIа ледара болх бора цо, цуьнан тулгIе лаца а дацара хIуммаъ а атта. Радио Свобода корреспондентийн хааме ладуьйгIира ас, оцу Оьрсийчоьнан ковранца цхьана Нохчийчу баьхкина хиллера уьш. Доцца аьлча, онлайн-рожехь хуьлуш хIума дар-кх и.
– Хьайн реакци дагайогIий хьуна?
– Ца кхетара со хуьлучух. Дог доьжна дара, со тIе ца кхуьура, муха кхетон деза, Оьрсийчоьнан эскар со, сан доьзал, сан эвла, сан мохк хIаллакбан догIуш ду бохучух. Кхин дIа хIун дан деза а, хууш вацара со. Кхеташ дара, эскар йухадер доцийла, амма хIетте а сатийсам бара: хӀун хаьа, тIаьххьарчу мIаьргонехь Оьрсийчоьнан президентан ойла хийцайала а ма мега, бохуш.
– 1994-чу шарахь Москвахь диссертацина кечлуш вара хьо, амма Нохчийчохь саца ойла хилира хьан. ХIунда?
– Гуттаренна а со цIа веара 1994-чу шеран лахьан-беттан 26-гIачул тIаьхьа (оцу дийнахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша оппозици а йу бохуш, Соьлжа-ГIала схьайаьккхина, Дудаев Iедалера вохон гIорьтира, цунах церан аьтто ца баьллера. - Билгалдаккхар). ХIетахь виъ стаг вийра – вара царлахь сан гергара стаг а. Оцу бахьанаца со цIа веара, йуха дIаваха дагахь а вацара, хIунда аьлча, кхеташ дара, тIом бала гIертий, оха сатийсинехь а.
Диссертацина кечам бечохь дацара гIуллакх. Нохчийчохь хуьлуш долчунна йуккъехула, директоро [Оьрсийчоьнан историн Институтан РАНИ] Новосельцев Анатолийс, чIогIа гIараваьлла, Кавказан талламхо вара иза, дIахьедира сан куьйгалхочуьнга, со Iилманан болх чекхбаккха хIоттор, ша шена тохар санна хIума хир дара аьлла. Цу тIе, сайн балха тIехь аса йаздинера Кавказан тIамах лаьцна. Сан куьйгалхо хилла Диляра Ибрагимовна [Исмаил-Заде] – тамашен стаг йара. Суна цкъа а дицлур дац уче чохь цо хьаькхна мохь, и хезаш масех иттаннашкахь Iилманчаш а хиллера. Институтан директорна, шен дукха хенахь дуьйна хиллачу доттагIчунна тIе мохь хьекхнера цо: "Хьо кIилло ву! Хьо пайда боцу хIума йу! Ахьа муха бохур ду и тайпаниг? Со хьоьга кхин йистхир йац! Суна хьо вевзаш вац!". Диссертаци чекхаккха со тIе ца витарна, иттаннашкахь шен доттагI хиллачуьнца ийгIинера иза.
– Республикехь хьуо волчу хенахь, цхьана агIор хуьлуш долчунна хьайга Iаткъам балур бу аьлла хетарий хьуна?
– Ца хетара, цхьана а агIор хIуммаъ а хийцалур дацара, амма оьшуш хилахь, хьайн доьзална, гергарчарна гIо дан йиш йара. Вуьшта сан карахь хIуммаъ а дацара, со Оьрсийчоьнан историн Институтан аспирант бен вацара.
– Ахь тергам барца, муьлш бара и нах, федерацин агIор Нохчийчу тIом бан баьхкина болу? Тахана Украинана дуьхьал тIемаш бечех тера барий уьш?
– Суна хетарехь, 1994-чу шарахь Нохчийн Ичкерия Республике йеана арми, Советан заманахь хиллачу кепехь йара. 18-19 шераш долу эскаре гIуллакх дан кхайкхина нах бара уьш, царна ца хаьара, маьршачу нахана тIе герз шаьш стенна детта деза а, эскарш чудахкоран маьIнех а кхеташ бацара.
Меттигерчу бахархошна къа хетара оцу салтех, хIунда аьлча, цхьа миска хетара уьш, блокпостехула чекхбуьйлучу наха, царна цигаьркаш лора, бепиг, йа стоьмаш. Бакъдерг аьлча, сан дог этIара цара и хIума лелош. Ас гуттар а олура: "Стенна леладо аша и хIуманаш? И нах шу дайъа баьхкина бу. Цара шу дойъур а ду, шайга дина омра кхочушдеш". Соьга олура: "ДIахьажахьа, оцу стагах дог муха лозур дац, хоттанех вуьзна ву-кх иза". ХIаъ, пекъар хетара, амма цуьнан карахь герз дара, тоха кечдина. Амма хIетта а тIаьххьалц наха гIо дора царна, къаьсттина зударша.
Нохчийчуьра тIамана йоллу Оьрсийчохь критика йарца Iиттабелира и салтий, аьлла хета суна, уьш кхеташ бара, шаьш нийса цахиларх. Тахана Украинехь и тайпаниг гуш дац вайна. Таханалера эскархой, нах байъа шаьш контаркташна куьйгаш йаздеш болу нах бу,- цу кепарнаш бацара Нохчийчуьра хьалхарчу тIамехь. Контрактхой бара - бIе хила а тарлора, амма эзара вацара.
Вовшахтоьхначу армица Iиттаделира тхо, оцу заманчохь цхьа уставаш лардора цара, ЦIечу ЖIаро бохург лардора, - цаьргара цхьана агIор бехкбоккхийла а дара. Тахана и дойла йуй? Йац, аьлла хета суна.
– Муьлш бара, Нохчийчоь Iалашъйеш хилла, гIаттамхой хилла дIабахана и нах?
– Тамашен адамаш дара уьш, тахана а царех воккхавуьйш ву со. Кхин бIаьрла нах бацара уьш, цхьанхьа а шаьштгайта гIерташ а бацара, амма шайн мохк ларьан уггар а хьалха гIоьвттира уьш, хьалха бала а белира. Халахеташ делахь а, дуккхаъчийн цIераш тхуна хууш йац тахана а.
– Дукха хан йоццуш политикца, бизнесхочуьнца, тIом боьдучу хенахь Ельцинна а, Дудаевна а йукъахь къамел хилийта хьийзинчу Боровой Константинца хиллачу шун къамелехь, цо чIагIдора, къайлахчу сервисаша а, президентан гIоьнчаша а новкъарло йора дийцарш хилийта аьлла. Билггал иштта дара и?
– Суна хетарехь, цхьана заманчохь Ельцин тешна вара, эскаро йоллу Нохчийчоь дIахьокхур йу аьлла, цунна а, хетарехь, ца лууш хилла хир дара дийцарш дан. Цундела, суна хетарехь, лерринчу сервисех доьзна дацара и, шех Ельцинах доьзна дара. Къайлахчу сервисашна дерриг а тIетаттар президент кIелхьараваккха лелош хIума долуш санна хета суна.
ТIом бирзинчул тIаьхьа, тхо Тэтчер Маргаретца [Британин экс-премьер] цхьанакхетча (дуьйцург ду Ичкерин президент Масхадов Аслан 1998-чу шарахь Лондоне вахар. – Билгалдаккхар), цо дийцира, шен гIоьнче дехар динера ша, карта схьадахьа, и Нохчийчоь стенгахь йу хьожур йара ша аьлла. Цунна карош ца хиллера, хIунда аьлча, и республика шен цIарца а тарлуш йацара карти тIе. ТIаккха цуьнан гIоьнчас лупа кховдийна хиллера цуьнга, Тэтчера дIакхоьсина хиллера и, тахана дуьйна шолгIа дуьненан арми йац аьлла.
– Хьанна оьшуш бара и тIом?
– Цхьаболчу политикашна, Оьрсийчоьнан Федерацина йукъахь цхьанна ваха лууш цахила магарх лаьцна тахана а дийца кийча боцчу. Царна моьттура, йухабахка некъ цхьанна а хир бац, Оьрсийчуьра араволу некъ даимна а къевлина бу аьлла.
И политикаш тешна бара, Нохчийчуьра тIом бахьана долуш, боллу сепаратистийн боламаша, цара олуш ма-хиллара, ГIезалочохь, Башкортостанехь, шайн бакъонаш шоръйар тIедожор ду аьлла. Амма эххар а Москвана гира, регионаша дуьхьало йан турлуш хилар.
Керла шо – дуккха а нах хIаллкбеш, штурм йина де ду
– Шайн гIалаташна Iедалхошка мукIарло дайтархьама, Кремлехь хIун хийцадала дезаш ду?
– Исторехь ишта нисделла ду, Оьрсийчоьнан империхь, цул тIаьхьа Советан заманахь, тахана Оьрсийчоьнан Федерацихь халкъ къинтIера доккхуш Iедал дац. Масала, Францин хIора керла президенто, ша дарже хIоьттина хьалхара бутт баллалц къинтIера боху колониалан историна. Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелийнарг санна, кхин а сов зуламаш лелийна францхойн эскаро Алжирехь. Иштта Германино гечдар доьху Холокостехь динчунна.
ЛартIахь къамел даран культура ма йуй иза. Историхь айхьа дитинчу гIалаташна мукIарло дича, хьо сийсазвалар ма дац и, мелхо а, кхин а тIе ницкъе хуьлу-кх хьо. Хьо лара буьйлало, хьо дош хета. Ткъа Москва цунах къехка. Нагахь санна, бехк цабиллар, къинтIера довлар а дехахь, Москван сий довр ду аьлла, хета-кх цигахь.
Дуккхаъчу халкъашна гергахь шайгара гIалаташ дийларна даредарх, цхьа а сийсазалла цахиларх Кремлехь ца кхетахь, хIуммаъ а хийцалур долуш дац.
И тIелацийша, историкашка ма йаздайтийша, и халкъаш шаьш дара Оьрсийчоьнан декъахь хила лууш бохуш. Даим а Iехош, и халкъ аьшнаш ма дейша. Амма суна хетарехь, Москва дуккха а заманчохь кийча хир йац цунна.
– ГIуран-беттан 31-чохь Соьлжа-ГIалина штурм йар а дагахь доцург дарий республикана?
– Штурм дагахь доцург дара олийла дац, церан Соьлжа-ГIалина тIекхохкадалар, цара тIетаIийна ницкъ, и дара дагахь доцург. Шахьарана 39 чакхарма дехьа Iаш вара со, амма лелхийтарш луларчу кертахь деш санна схьахезара. Дина омра кхочушдан а, Оьрсийчоьнан Iедалан коьртера шина стагана: Ельцинна а, тIеман министран Грачев Павелан винчу денна томана а аьлла, чIогIа боьха дина тIелатар дара и.
Оцу боллу тIамехь, хетарехь, Соьлжа-ГIалана штурм – йар - уггар а къиза де дара, Iаламат дукха нах байъина. Беллачийн билггал долу терахь хууш дац – уьш багарбеш стаг а вацара. ТIом бирзинчул тIаьхьа, тIекIелдинчу цIенойн херцарш луьстуш тхуна керайора, лармаш чохь лечкъина хиллачу адамийн даьIахкаш. Уьш муьлш бу хаа, тхан цхьана а кепара таро йацара. Доккха цхьа каш а даьккхина, цу чохь дIабоьхкира уьш.
Дуккха а оьрсий, украинхой белира, хIунда аьлча, Соьлжа-ГIалара бевдда баха меттиг йацара церан. Нохчий шайн йарташка дIаоьхура, ткъа уьш стенга гIур бара?
ТIейетта йолийча, уьш уггар а хьалха цIеношна бухарчу лармаш чу хьовдура, цигахь балар нислора. Масала, Советан заманахь тIаьххьара динчу 16-зза тIекIелдинчу цIа бухара ларми чу. И цIа-м аркъалкхеттера. Цигахь херцарш кего аьтто бацара, дийнна цхьа каш дар-кх и. Иттанашкахь дийна боллушехь нах дIабохкабеллера цигахь.
Оцу къематдино дуккхаъ а нохчийн ойланаш гIуран-беттан 31-чу буса Керла шо даздарх лаьцна ца хьулуьйту. Iаламат дукха нах хIаллакбина, штурм йинчу дийнах лаьцна дагалецамаш латторан де ду и.
– 1994-чу шеран и суьйре дагайогIий хьуна? Муха дIайаьхьира аша и?
– ХIаъ, со сайн цIахь вара. Керлачу шеран буьйса и хиларе терра, йазйеш дIайахьа лаьара, амма суна хезаш дара Соьлжа-ГIалахь деш дерг, со кхетара, цигахь леш нах хиларх. Оцу дийнах суна бохаман де хилира, цундела Керла шо кхин даздеш вац со.
– ТIамо муха Iаткъам бира хьуна? ЖамIаш дорий ахь, цунах лаьцна ойланаш хуьлурий хьан?
– Цхьа маса хийцаделира дерриг а. Цкъа хьалха со, масала, Iадавора, чухехкалучу кеманаша жимма дехьа тоьхна, сайна ца кхетча, ларамаза сайн самукъадаьлча. Жимма дехьа бохург ду – хьан лулахошна, йа хьан гергарчу нахана кхетар. ЙогIучу танкан, йа артиллерин хIоъ-молханан гIовгIа ирча хуьлура, иккхинчул тIаьхьа бен ца довра цуьнан тата. Нагахь санна, хьуна эккхийтар хезний, тIаккха хаа дара, хIоъ-молха хьуна тIе кхетта цахилар. Оцу сатийсаро, оцу секундаша ойла йойту хьоьга, дахар йанне а йоцу хIума йу аьлла. Кхечу агIор хьоьжу хьо цуьнга, хьайна а ца хууш, воккха хуьлу-кх хьо. Со-м хIетахь а ма вацара жима, амма тIамо берех а баккхий нах бо.
Шуьйтахула Оьрсийчоьнан ковра чекхйолуш гинчу суьрто Iадийнера со – деа шарера ворхI шаре девлла бераш, некъайистера керта тIе а хевшина йуккъера пIелгаш гойтуш Iара эскархошна. Уьш эскарх ца кхоьрура, бераш кхетара, и мостагI хиларх а, и мостагI хьакъ доцуш хиларх а. ХIетахь Нохчийчохь ойла хуьлура, Оьрсийчоьнан арми къемате йац, декъаза йу аьлла. Цо психикана чIогIа Iаткъам бо: иштта ирча хьал а дац хIара-м, олий хетара. ТIом - цхьа гуттар а хила дезарг санна тIеоьцу ахьа.
– Тахана Украинехь хуьлуш дерг – хIетахь Нохчийчохь ма-хиллара ду олийла дуй?
– Дац, ас ишта ду эр дацара. Украинера тIом мел а шуьйра бу, цигахь лелош долу герз а керла ду, амма иза ша къаьстина пачхьалкх йу, церан шайн эскар ду, доллу дуьне а цаьргахьа ду. Ткъа нохчий стенах Iиттабелира?
Шайн хьаштдерг хилахьара шуна аьлла, тесна битира уьш, цхьана а пачхьалкхо гIо а ца даьккхира. Олура: "Оьрсийчоь, аша цигахь бийриг тIом бу, амма бейша и низамашца". И бохург хIун дара, адам хIаллакде, амма цхьана низамашца. Цхьаннан а бала бацара, халкъаца хуьлуш долчуьнца. ТIом бирзинчул тIаьхьа а дуккха а нах леш бара, тIеман шерашкахьчул а алсам. Гучудуьйлура дагца а, коьртаца а, нервашца а лазарш. ДIавижина стаг, йуха сама ца волура.
Нохчийчуьра тIамтIехь Оьрсийчоьнан армино кечамбира Украинехь тIом баккха. ХIетахь дуьйна цунна хууш ду, гIаланашкхаь тIемаш муха бан беза.
***
Нохчийчохь хьалхара тIом чекхбелира 1996-чу шеран марсхьокху-беттан 31-чохь, Хасав-Йуьртахь бертан дийцаршна куьйгаш йаздира тIемаш совцош. Нийса кхо шой ахшой даьлча бина хилла барт ийгIира: 1999-чу шеран гIуран-баттахь йуха а Нохчийчу даьхкира федералан эскарш.
Къилбаседа Кавказехь 30 шо хьалха хиллачу кху хиламех, кхечу хиламех алаьцна деша аьтто бу шун Кавказ.Реалии сайтан коьртачу агIона тIера "Кавказ: конфликты" спецпроектехь.