ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минскера маслаIат


Баларуси -- Минск. Германин, Францин, Украинин, Оьрсийчоьнан куьйгалхойн дагадовларш цхьамогIа сацамаш тIеэцарца дIадирзина Минскехь.
Баларуси -- Минск. Германин, Францин, Украинин, Оьрсийчоьнан куьйгалхойн дагадовларш цхьамогIа сацамаш тIеэцарца дIадирзина Минскехь.

Германин, Францин, Украинин, Оьрсийчоьнан куьйгалхойн дагадовларш цхьа могIа сацамаш тIеэцарца дIадирзина Минскехь.

Европерчу хенаца еари дийнан II сахьт долучу хенахь эххар а дIадирзира Украинера тIом сацон Iалашонца вовшахкхеттачу йеа пачхьалкхенан куьйгалхойн дагадовларш. Германин, Францин, Украинин, Оьрсийчоьнан куьйгалхой, кхаари суьйранна вовшахкхетта болу, церан юкъараллийца болх баран векалша сахиллалца бинчу юкъ-карчу хаамашца, ехачу буьйсанна хий, кофей малар бен, ур-атталла хIума кхалла а юкъара ца бовлуш, Iийра дагадовларийн шуьнехь, Донбассехь кхолладелчу хьал дерзо хIора а агIонна а товр долу некъаш лоьхуш.

Iуьйранна Европерчу хенахь 8, ткъа Москохарчуьнца I0 сахьт даьлча цкъа хаам баьржира, Меркелан, Олландан, Порошенкон, Путинан барт хилла, I4 сахьтан къийсамаш а, дийцарш а динчул тIаьхьа, аьлла. Оцу сохьта даьржира журналисташна юккъехь и цхьаьнакхетар жамIа доцуш дисна, Украина а, Оьрсийчоь а шена-шена луучунна тIера яла ца тикарна боху коста. Цуьнан тоьшаллийна дахкадора Украинин президента Порошенко Петрос Оьрсийчоьно беш болу кхайкхамаш Украино тIеэца йиш йолуш бац аьлла хиларо. „Хала хеташ делахь, цкъачунна дика керланаш дац. Амма сатийсам хIинца а болуш бу“, - аьллера цуо, Франс-пресс агенталло чIагIдарехь.

Цул тIаьхьа кхин цхьа ах сахьт даьлча дагадовларш юха а дIадуьйладелира. Амма шозлагIчу гуонехь и цхьаьнакхетар цхьана сахьтана сов бен ца дахделира. Иза дIадирхинчул тIаьхьа йеа пачхьалкхенан куьйгалхоша ишттачу хьелашкахь деш ма-хиллара, самукъане яххьаш а йина, вовшашца гулахь сурт ца даккхаро гойту, сел халчу а, дехачу цхьаьнакхетаран жамIаш башха кхиаме ца хиллийла а, цу цхьаьнакхетаран декъашхойх доттагIий хиллане а ца хиллийла. ХIетте а цхьа могIа энтузиазме дIахьедарш дира дагадовларийн декъашхоша, и дIахьедарш цара шайн-шайн пачхьалкхашкарчу журналистийн тобанашка динехь а, юкъарчу пресс-конференцехь а ца деш.

Иштта Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира элира, шаьш сатуьйсу, конфликтан хIора а агIоно гергарчу хенахь герз тохар сацадаллалца собар а, кхетам а гойтур бу бохучуьнга, аьлла. „Кхин цкъа а кхайкхам бо ас девнан шинна а агIоне ка ма-доллу сихха герз деттар сацадаре а, бакъйолчу политикан процессехула и тIом берзон хьажаре а“, - элира Путиин Владимира.

Украинин президента Порошенко Петрос шен агIор билгалдаьккхира, йеа пачхьалкхан куьйгалхоша Донбассехь долчух бинчу бартал сов, иштта цу дагадовларшкахь Оьрсийчоьнан набахетхь йаллош йолчу украинхойн пилотана Савченко Надеждин гIуллакх а дийцаре дина хилар. И зуда гергарчу хенахь маьрша йоккхур ю аьлла хаам бина шега элира цуо.

Минскера дагадовларш дIадахьар юккъедаьккхинчех цхьаъ волчу Францин президента Олланд Франсуас журналисташка дIахьедар дира, шайн хилла барт бахьана долуш хIинца Европано доккха са даккха йиш ю, ткъа Украинин и барт керла сатийсамаш луш бу, аьлла. Цуо билгалдаьккхира, шайн глобала барт хилла, Украини Малхбалехь тIом сацорна тIехь а, цигара кризис политикан некъашца ерзорехь а аьлла.

Амма цу цхьаьнакхетаран йеалгIа, уггаре а мехала декъашхо йолу Германин канцлер Меркел Ангела иштта Олланд санна башха догтешна яц шаьш I6 сохьтехь къамелаш дина, бина болу барт – иза Украинехь тIом сацоран гаранти ю бохучух. Цуо бахарехь, Минскехь цу деаммо бина барт – иза Украинехь цIий Iанор соцур дара-кх бохучуьнга сатийсамийн цинцаш бен дац. Шен цу хьокъехь башха яккхий иллюзеш ца хилар а довзийтира цуо, хIунда аьлча цу новкъахь вуно яккхий новкъарлонаш а, питанаш а хирг хиларх шек ша ца хиларна.

Изза дара еари дийнахь шен Фейсбук агIонна тIехь Меркелан урхаллин арахьарчу гIллакхан министр волчу Штайнмайер Франк-Вальтера яздинарг а. „Минскерчу дагадовларшкахь бина барт – иза дукха боккха кхиам бац, амма иза тIеман эскалацера машаре йолу хьалхара гIулч хила йиш ю“, - аьлла яздинера цуо.

„Вуно еха буьйса яра сийсарлерниг. Инзаре хала дагадовларш дара уьш. ХIоранна а хууш дара, хуьлуш лаьттачун мах мел лакхара бу. ХIоранна а кхеташ дара, нагахь санна вай тховса цхьа жамIа а доцуш дIасадовлахь, цуьнан тIаьхьалонаш муха хир ю“, - аьлла яздинера сахиллалца цу цхьаьнакхетаран декъа хиллачу немцойн министро.

Бакъду, цуьнан агIонна тIехь ешархоша йина йолу дукхахйолу комментареш Минскера барт кхардамца емалбеш яра, цигахь Европано Оьрсийчоьнна тоъалла тIеIаткъам ца бина, бохуш. „Путинс шедерг тIедаьккхина. Ткъа демократи эшна. Кхин а алсамох нах лийр бу цигахь. ХIунда аьлча цигара Оьрсийчоьнехь болу сепаратисташа – уьш киллерший, зуламхой бу“ - аьлла яздинера цхьаммо. Ткъа вукхо: „Шаьш оцу хьераваьллачу КГБ-ан цIоьмалгига бег дахийтина аш“, - аьлла яздинера.

Ткъа Минскехь хиллачу бартах лаьцна аьлча, уггаре а коьртаниг пункт цу бартехь чиллан беттан I5-чохь тIом бечу агIонаша герз деттар сацор ю. Иштта тIеман агIонаш вовшашна мел кIезга 50 километар гена а йохуш, кхерамазаллин зона кхолла а сацам хилла йеа пачхьалкхан куьйгалхойн.

Цул совнаха, Украинин конституцина реформа яр а тIедожийна цу пачхьалкхан Iедалшна, Донецкан, Луганскан кIошташна алсамох автономи а, бакъонаш а луш.

XS
SM
MD
LG