ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарара Оьрсийчу дӀавеллачул тӀаьхьа вайна Нохчийчуьра вахархо, дIахьедина Кадыровн критикаша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Махкал арахьа болчу нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан авторша дӀакхайкхийна дукха хан йоццуш Мисарара Оьрсийчу дӀавелла Нохчийчуьра схьаваьлла Мусаев Юсуп вайна аьлла.

Жигархоша дийцарехь, гезгамашин-беттан 18-чохь Шереметьево аэропорте кхаьчна жима стаг, хӀетахь дуьйна цуьнах хууш хӀуммаъ а дац. Шен хьостанашна тӀе а тевжаш, 1АДАТ-о чӀагӀдо, Мусаев кадыровхоша лачкъийна, иза хӀинца Нохчийчохь ву бохуш. Кхечу ресурсашкара и хаам тӀечӀагӀбина бац.

"Мусаев вевзачарна а, йа цуьнан гергарчарна а ца хаьа Юсуп мичахь ву, цунна цхьаъ хиларна кхоьру уьш... Нагахь санна шайгахь цу гӀуллакхах лаьцна информаци йелахь, сихонца хаам бе тхуна", - аьлла, дӀахьедина жигархоша шайн агIоне йазбеллачаьрга.

  • Австрехь Оьрсийчоьно Интерполехула динчу дехарца лаьцна Нохчийчуьра вахархо Мусиханов Джабраил, хаамбира "Вайфонд" бакъонашларъяран цхьаьнакхетаралло. Цара чӀагӀдо, цӀийца цIе ца йоккху лазар хилар бахьана долуш, хIора дийнахь цуьнан хьал чIагIлуш ду, цамгар гена йолуш, бохуш.
  • Amnesty International бакъонашларъяран организацино хьалхо кхайкхам бира Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма ло аьлла, хӀунда аьлча, царна тIехь Ӏазап латтоy кхерам бу, йа Украинина дуьхьал бечу тӀаме хьийсон тарло лаамза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG